bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 26
Genesis 26
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 25
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 27 →
1
ИбрахӀим дийна волчу хенахь хилларг санна, мацалла хӀоьттира цу махкахь. Исхьакх ГӀарар-гӀала пӀелаштамхойн паччахьна Абу-Маликана тӀе вахара.
2
Везачу Эло элира Исхьакхе: «Мисар-махка ма гӀо, Ас хьайга Ӏе аьллачу лаьтта тӀехь Ӏе.
3
Цу лаьтта тӀехь Ӏе, Со хьоьца хир ву, Ас хьо декъалвийр ву. Хьуна а, хьан тӀаьхьенна а дӀалур ду Ас дерриге а хӀара латтанаш. Хьан дена ИбрахӀимна Айса йина чӀагӀо кхочуш а йийр ю.
4
Хьан тӀаьхье дебор ю Ас, стигалара седарчий санна. Хьуна а, хьан тӀаьхьенна а дӀалур ду Ас дерриге а хӀара латтанаш. Хьан тӀаьхьенехула дуьнен чуьра массо а халкъаш декъала хир ду.
5
Ас иза дийр ду хьан ден ИбрахӀиман дуьхьа, хӀунда аьлча иза вара Ас аьлларг деш а, Сан хьехамаш а, весеташ а, омранаш а кхочушдеш а».
6
Исхьакх ГӀарар-гӀалахь ваха хиира.
7
Цуьнан зуда Ребикха хаза яра. Цигара божарий цунах лаьцна Исхьакхе хетта буьйлабелча, цо элира: «Иза сан йиша ю». Ребикха шайна йитархьама цара ша верна кхоьрура Исхьакх.
8
Дуккха а хан яьллера Исхьакх цигахь Ӏаш волу. Цкъа корехула чухьаьжначу Абу-Маликана гира Исхьакха шен зуда Ребикха хьоьстуш.
9
Исхьакх тӀе а кхайкхина, Абу-Малика элира: «Иза хьан зуда ю, тхоьга йиша ю хӀунда аьлла ахь?» Исхьакха жоп делира: «Со кхоьрура цуьнан дуьхьа ахь со верна».
10
«И хӀун ду ахь тхуна динарг? — хаьттира Абу-Малика. — Масала, тхох цхьаъ хьан зудчух кхеттехь, тхо бехке хуьлуьйтур ма дара ахь».
11
Абу-Малика шен халкъе омра дира: «ХӀокху стагах а, кхуьнан зудчух а куьг Ӏоьттинарг къинхетам боцуш вуьйр ву», — аьлла.
12
Исхьакха, цу лаьтта тӀехь къа а хьегна, дӀадийначул бӀозза сов ялта гулдира цу шарахь, хӀунда аьлча Везачу Эло декъалвина вара иза.
13
Цуьнан дуккха а хьал вовшахкхийтира. Бахам тӀаьхь-тӀаьхьа алсамболуш, иза чӀогӀа вехаш стаг хилира.
14
Цуьнан дуккха а даьхни а, ялхой а бара, цундела пӀелаштамхой хьоьгура цунах.
15
Хьалха ИбрахӀима шен ялхошца яьхна ерриг а гӀунаш, тӀе латта а хьоькхуш, дӀаюкъура цара.
16
Абу-Малика элира Исхьакхе: «Тхо долчуьра дӀагӀо, хӀунда аьлча тхол дуккха а нуьцкъала хилла дӀахӀоьттина хьо».
17
Цигара дӀа а вахана, ГӀарар-гӀала лаьттачу тогӀи чохь шен четарш а хӀиттийна, ваха хиира Исхьакх.
18
Дуккха а шераш хьалха ИбрахӀима алссам гӀунаш яьхнера, амма иза веллачул тӀаьхьа пӀелаштамхоша дӀаюькънера уьш, тӀе латта а тесна. Исхьакха, уьш схьа а яьстина, шен дас хьалха яьхна цӀераш техкира царна.
19
Исхьакхан ялхоша тогӀи чохь а яьккхира гӀу, цу чуьра арадолуш жима татол дара.
20
Амма ГӀарар-арахь даьхни дажочу Ӏуша Исхьакхан ялхошца къевсира: «ХӀара хи тхан ду», — аьлла. Цундела Исхьакха Ӏейсекх (иза «къовсар» бохург ду) аьлла, цӀе тиллира цу гӀунах, хӀунда аьлча цара къийсинера цу меттехь.
21
Цул тӀаьхьа Исхьакхан ялхоша кхин цхьа гӀу яьккхира, амма оццу Ӏуша цунна тӀехула а къовсам баьккхира. ТӀаккха Исхьакха цу гӀунан цӀе Ситна (иза «мостагӀалла» бохург ду) тиллира.
22
Цигара дӀа а вахана, кхин цхьа гӀу яьккхира Исхьакха. Иза къуьйсуш цхьа а вацара, цундела Рехьабат (иза «паргӀат» бохург ду) аьлла, цӀе тиллира цунна Исхьакха. Цо элира: «Эххар а Везачу Эло вайна меттиган паргӀато елла, цундела вай цу лаьтта тӀехь дебар ду».
23
ТӀаккха цигара а Беар-ШабаӀе дӀавахара Исхьакх.
24
Цу буссехь дуьхьал хӀоьттинчу Везачу Эло цуьнга элира: «Со хьан ден ИбрахӀиман Дела ву. Цхьана а хӀуманах ма кхера, хӀунда аьлча Со хьоьца ву. Ас хьо декъалвийр ву, хьо дебош, хьан тӀаьхье дукха хуьлуьйтур ю. Сайн ялхочун ИбрахӀиман дуьхьа дийр ду Ас иза».
25
Цигахь сагӀа доккху меттиг а кечйина, Везачу Эле кхайкхира Исхьакх. Шен четарш хӀиттийра цо цигахь, ткъа цуьнан ялхоша гӀу яьккхира.
26
ТӀаккха Исхьакх волчу ГӀарар-гӀалара Абу-Малик веара, шеца шен хьехамча Ахьузат а, тӀеман хьаькам Пихал а валош.
27
«Шу хӀунда даьхкина? — аьлла, хаьттира Исхьакха. — Хьалха-м мостагӀалла ма дара шун соьца, со шайн махкара ара ма ваьккхира аша?»
28
«ХӀинца тхуна билггала го Веза Эла хьоьца хилар, — элира цара. — Тхуна хьоьца бартбан лаьа. Ахь тхуна дуй баа беза,
29
тхуна вон болх бийр бац аьлла, хӀунда аьлча оха хьуна а ца дира цхьа а вониг. Оха хьо маьрша дӀахийцира. ХӀинца тхуна го Везачу Эло хьо декъалвина хилар».
30
Исхьакха той а хӀоттийна, массара а яа а йиира, мала а мелира.
31
Ткъа Ӏуьйранна хьалххе цара вовшашна дуй биира, цул тӀаьхьа Исхьакха хьеший новкъа бехира. Уьш и волчуьра маьрша дӀабахара.
32
Цу дийнахь схьабаьхкинчу ялхоша Исхьакхе элира, шаьш яьккхинчу гӀуна чохь хи карийна шайна аьлла.
33
Исхьакха цу гӀунан цӀе ШабаӀ (иза «дуй» бохург ду) тиллира, ткъа гӀалех хӀинца а олу Беар-ШабаӀ.
34
Шен шовзткъа шо кхаьчча, Ӏесава хьетахойн ши зуда ялийра: Беарин йоӀ ЯхӀудит а, Эйлонан йоӀ Басамат а.
35
Цу захалонаша Исхьакхан а, Ребикхин а дегнаш тӀехь сингаттам латтабора.
← Chapter 25
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 27 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50