bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 27
Genesis 27
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 26
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 28 →
1
Исхьакх къанвеллера, цуьнан бӀаьрса дикка телхинера. Цкъа шен воккхаха волу кӀант Ӏесав схьа а кхайкхина, цо элира: «КӀант!» «ХӀун боху ахь?» — жоп делира Ӏесава.
2
Исхьакха элира: «Со къена ву, кестта вала мега.
3
Хьайн секхаӀад а, пхерчий а схьа а эций, ара а валий, суна экхан жижиг да.
4
Суна дукхаеза яа хӀума а кечъяй, соьга яийта, тӀаккха ас декъалвийр ву хьо, со валале».
5
Ребикхина хезира Исхьакха шен кӀанте Ӏесаве дина къамел. Ӏесав талла вахара.
6
Ребикхас элира шен кӀанте Якъубе: «Суна хезира, хьан дас Ӏесаве къамел деш.
7
Цо элира цуьнга: „Экхан жижиг а дай, суна яа хӀума кечъе, иза йиинчул тӀаьхьа Везачу Элана хьалха ас декъалвийр ву хьо, со валале“.
8
ХӀинца, сан кӀант, ла а догӀий, ас бохург де:
9
вай гезарий лелочу метте а гӀой, ши буьхьиг я суна. Ас хьан дена хазахеташ йолу яа хӀума кечйийр ю.
10
Ахь иза хьайн дена дӀахьур ю, тӀаккха цо хьо декъалвийр ву, ша валале».
11
Амма Якъуба элира Ребикхе: «Сан ваша Ӏесав дегӀа тӀехь чо болуш ву, ткъа со вац.
12
Нагахь дас сох куьг Ӏоттахь, цунна хуур ду со Ӏесав воций, тӀаккха декъалваран меттана аса сайна неӀалт кхайкхадойтур ду иза леван гӀортарна».
13
Ребикхас цуьнга элира: «Нагахь иштта хилахь, ас неӀалт сайна тӀеоьцур ду. Ас хьайга ма-бохху де, вало, схьая буьхьигаш».
14
Якъуба, вахана, ши буьхьиг еара шен нанна, ткъа Ребикхас, Исхьакхана езаш ма-хиллара, яа хӀума кечйира.
15
Шен воккхаха волчу кӀанта Ӏесава лелош долу, цӀа чохь долчух тоьлла долу духар, схьа а эцна, жимаха волчу Якъубе тӀедохийтира нанас.
16
Юха буьхьигийн кхекхий Якъубан куьйгех а, логах а дӀахьарчийра цо.
17
Цул тӀаьхьа ша кечйина яа хӀума а, бепиг а Якъубе дӀаделира цо.
18
Да волчу а вахана, Якъуба элира: «Дада». Дас хаьттира: «Хьо Ӏесав вуй?»
19
«Ву со Ӏесав, хьан дуьххьарлераниг, — жоп делира Якъуба. — Ахь ма-аллара, дерриг а кхочушди ас. Хьала а гӀаттий, хьайна ас дийначу экхан жижиг даахьа, цул тӀаьхьа со декъал а вехьа».
20
Амма Исхьакха хаьттира кӀанте: «Акхаро ма сиха карий хьуна?» Якъуба жоп делира: «Везачу Эло, хьан Дала, гӀо дира суна иза каро».
21
ТӀаккха Исхьакха элира Якъубе: «Схьавола суна тӀе, ас куьг Ӏуттур ду хьох, сан кӀант, хьо Ӏесав вуй хьажа».
22
Якъуб цунна тӀевахара, вукхо, цунах куьйгаш а хьаькхна, элира: «Якъубан санна, аз ду хьан, амма куьйгаш тӀехь, Ӏесаван санна, чоьш ду».
23
Исхьакхана Якъуб ца вевзира, хӀунда аьлча цуьнан куьйгаш, Ӏесаван санна, тӀехь чоьш долуш дара. Цо Якъуб декъалвира.
24
Юха цо хаьттира: «Сан кӀант Ӏесав вуй хьо?» «Ву», — аьлла, жоп делира Якъуба.
25
ТӀаккха Исхьакха элира: «Суна экхан жижиг да, иза диинчул тӀаьхьа ас декъалвийр ву хьо». Якъуба цунна яа хӀума а, чагӀар а делира. Исхьакха хӀума а йиира, чагӀар а мелира.
26
Исхьакха элира Якъубе: «КӀант, схьа тӀе а волий, барт баккха суна».
27
Якъуба, тӀе а веана, барт баьккхира дена. Ӏесаван бедарийн хьожа а кхетта, Исхьакха декъалвира иза: «Везачу Эло декъалйинчу аренийн хьожа санна ю сан кӀантах йогӀу хьожа.
28
Везачу Эло кхачам боллуш догӀанаш дохкуьйтийла хьан латта токхе хилийта, хьуна алссам ялта а, керла чагӀар а хилийта.
29
Хьуна гӀуллакх деш къаьмнаш хуьлийла, хьуна муьтӀахь халкъаш хуьлийла! Хьо хьайн вежаршна тӀехь олалла деш хир ву, уьш хьуна хьалха охьатаьӀна хир бу. Хьуна неӀалт кхайкхош верг неӀалт хилла хир ву, хьо декъалвеш верг декъала хир ву».
30
Исхьакха декъал а вина, Якъуб дӀавахана дукха хан ялале талла ваханчуьра цӀа веара Ӏесав.
31
Шен дена дукхаезаш йолу яа хӀума а кечйина, схьавеанчу Ӏесава элира: «Дада, хӀара со ву, хьан кӀант. Хьала а гӀаттий, айса хьайна дийначу экхан жижиг даа, цул тӀаьхьа со декъалвийр ву ахь».
32
Амма Исхьакха хаьттира: «Хьо мила ву?» «Со хьан дуьххьарлера кӀант, Ӏесав ву», — аьлла, жоп делира Ӏесава.
33
Синтем байначу Исхьакха хаьттира: «Ткъа мила вара, хьо вале, яа хӀума а кечйина, иза яхьаш веанарг? Ас, хӀума а йиъна, декъалвира иза, хӀинца иза декъалвина ву».
34
Ден дешнаш хезна, оьгӀаз а вахана, гӀаддайначу Ӏесаван мохь белира: «ТӀаккха со а вехьа декъал, дада!»
35
«Хьан вашас леви со, ван а веана, хьуна догӀу декъалвар дӀа а эцна!» — элира Исхьакха.
36
«Лаа ма ца олу цунах Якъуб (и ду „левеш верг“ бохучух тера)! — элира Ӏесава. — Цо шозза леви со: цкъа соьгара дуьххьара дуьнен чу ваьллачун бакъо дӀаийци, ткъа хӀинца декъалвар а дӀадаьккхи». Юха дега хаьттира Ӏесава: «Суна цхьа а тайпа декъалвар дитиний ахь?»
37
«Дукха тӀаьхьа ду, — жоп делира Исхьакха. — Ас Якъубана хьуна тӀехь олалла дӀаделла. Ас аьлла цуьнга, массо а цуьнан вежарий цуьнан ялхой хир бу. Ас декъалдира цуьнан ялта а, чагӀар а. Сан кӀант, хьуна дала хӀумма а дац сан!»
38
Амма, велха а воьлхуш, дега дехарш дора Ӏесава: «Дада, цхьаъ бен дац хьан декъалвар? Со а вехьа декъал, дада!»
39
ТӀаккха элира цуьнга Исхьакха: «Токхе лаьтта тӀехь вехар вац хьо, тоъал догӀанаш а хир дац хьуна,
40
хьайн дахарехьа тур а буйнахь къийса дезар ду хьан. Хьайн вешин ялхо хир ву хьо, амма цунна дуьхьал а гӀаьттина, цуьнан олаллин кӀелхьара вер ву хьо».
41
Ӏесавана ца вийзира Якъуб, шен метта иза дас декъалвина хиларна. Цо сацам бира: «Сан да кестта лийр ву, тхо доьлхуш а, холчохь а хир ду, ткъа цул тӀаьхьа ас сайн ваша Якъуб вуьйр ву».
42
Якъуб вер Ӏесавана дагадеана хилар Ребикхе хаийтира. Цо, Якъубе схьа а кхайкхина, элира: «Хьан ваша Ӏесав ву хьо вен дагадеана.
43
Сан кӀант, ахь ас ма-бохху дан деза: сан ваша Лабан ву ХӀаран-гӀалахь Ӏаш, сиха иза волчу дӀагӀо.
44
Цигахь Ӏе цкъачунна, хьайн ваша оьгӀазваханчуьра ваставаллалц.
45
Хьан вешина ахь цунна динарг дицделча, ас хьуна тӀаьхьа ялхо воуьйтур ву. Со хӀунда йолуш ю цхьана дийнахь шу шиннех а?»
46
Ребикхас элира Исхьакхе: «Дуьне ца го суна и хьетахойн зударий бахьана долуш, нагахь Якъуба а кху махкара хьетахойх зуда ялаяхь, сан ялан бен ца деза!»
← Chapter 26
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 28 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50