bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 50
Genesis 50
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 49
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
1
Дена тӀе а кхетта, цунна барташ а дохуш, вилхира Юсуп.
2
Шен ялхошка-лоьрашка ден дакъа талха ца талхийта, молханаш а тохий, кечде аьлла, омра дира цо. Лоьраша иза кечдира.
3
Цу кечамна шовзткъа де дӀаделира, хӀунда аьлча цу балхана лерина йолу хан яра иза. Мисархоша кхузткъе итт дийнахь белхарш дира Якъуб велча.
4
Белхаран денош чекхдевлча, Юсупа элира пирӀунна уллорчу нахе: «Шу суна реза делахь, доьху шуьга, пирӀуне дӀаала:
5
„Сан дас, соьга чӀагӀо а яйтина, элира: ‘Со леш ву, ас КанаӀан-махкахь яьккхинчу къубба чохь дӀаволлалахь со’. Пурба ло суна, вахана, сайн да дӀаволла, цул тӀаьхьа со юхавогӀур ву“».
6
ПирӀуно элира: «Ваха а гӀой, айхьа чӀагӀо ма-ярра, хьайн да дӀаволла».
7
Юсуп шен да дӀаволла воьдуш, цуьнца пирӀунна уллора нах а, пирӀунан цӀийнера а, берриг Мисар-махкара а элий бахара.
8
Юсупан доьзалера берш а, вежарий а, цуьнан ден цӀийнах болу нах а бахара. ГӀашанехь бераш а, даьхни а бен ца дисира.
9
Царна тӀаьхьахӀиттина йогӀуш гӀудалкхаш а яра, дошлой а бара. Дукха адам дара дӀадогӀуш.
10
Йордан-хина малхбалехьа йолчу Атад олучу хьаьтта кхаьчча, чӀогӀа белха хӀиттира уьш. ВорхӀ дийнахь цигахь белхар дира Юсупа.
11
Атада уллохь долу и белхар а гина, цу меттехь Ӏаш болчу канаӀанхоша элира: «Мисархойн доккха белхар ду». Цундела Йорданна малхбалехьа йолчу цу меттигах Абал МицӀраим олу (иза «мисархойн белхар» бохург ду).
12
Иштта Якъубан кӀенташа цуьнан весет кхочушдира.
13
КанаӀан-махка дӀа а ваьхьна, Мамари цӀе йолчу меттигна уллохь йолчу Махпела олучу арахь лаьттачу хьеха чохь дӀавоьллира цара иза. И хьех цу аренца цхьаьна ИбрахӀима хьетахочуьнгара Ӏепронера эцнера, шен белла нах цу чохь дӀабохкархьама.
14
Да дӀа а воьллина, шен вежаршца а, цига баьхкинчу нахаца а Мисар-махка вухавеара Юсуп.
15
Шайн да велча, Юсупан вежарша ойла йира: «ХӀун хаьа, Юсуп вайна оьгӀазвахана Ӏаш хила мега, шена вай динчу вонна дуьхьал хӀинца бекхам бан дагахь?»
16
Цара Юсупна тӀе нах бахийтира цуьнга ала: «Ша валале хьан дас тхуна весет дина:
17
„Шайн веше Юсупе дӀаала: ‘Ас доьху хьоьга вежаршна цара латийначу къинна гечдар’. Оха а доьху хьоьга, Юсуп, хьайна бинчу вочу балхана гечдехьа хьайн ден Делан лешна“». Шега даийтинчу хабаре ладугӀуш волу Юсуп вилхира.
18
ТӀебаьхкина, гора а эгна, цуьнан вежарша элира: «Тхо хьан леш ду».
19
Юсупа жоп делира: «Кхера ма кхера. Со Дела ма вац.
20
Шуна дагадеара суна зулам дан, амма Дала цунах дика болх хилийтира, хӀинца тахана долуш дерг кхочушхилийта: дукха адамаш лечуьра кӀелхьардахар.
21
Цундела ма кхера: ас шу а, шун бераш а кхобур ду». Уьш тебеш, цаьрца эсала къамел дира цо.
22
Шен ден доьзалца Мисар-махкахь Ӏийра Юсуп. Цуьнан бӀе итт шо кхаьчнера.
23
Иза дийна а волуш, Эпрайман бераш а, берийн бераш а хилира. Маннашан кӀантана Макирна дина бераш а, шен долуш санна, тӀеийцира цо.
24
Юсупа элира вежаршка: «Со леш ву, амма Дала шуна гӀо дийр ду. Кху лаьтта тӀера Ша ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а чӀагӀонца деллачу лаьтта тӀе шу дӀадуьгур ду Цо».
25
Исраилан кӀенташка чӀагӀо а яйтина, Юсупа элира: «Дала шуна билггал гӀо дийр ду, тӀаккха аша сан даьӀахкаш кхузара дӀаяхьа еза».
26
Иштта бӀе итт шо долуш Юсуп кхелхира. Ца талхийта молханаш а тоьхна, кеч а дина, Мисар-махкахь тӀорказ чу диллира цуьнан дакъа.
← Chapter 49
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50