bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 49
Genesis 49
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 48
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 50 →
1
Шен кӀентий схьа а кхайкхина, Якъуба элира: «Суна уллохь гул а лой, ладогӀа, тӀейогӀучу хенахь шуьца хиндерг дуьйцур ду ас.
2
Гул а лой, ладогӀа, Якъубан кӀентий, ладогӀа шайн дега Исраиле.
3
Раабан, хьо сан дуьххьарлераниг ву, сан ницкъ, сан боьршаллин дуьххьарлера стом, уггар сийлахьверг а, ницкъберг а.
4
Амма, кхехкаш тӀехъоьху хи санна, сиха волу хьо кхин хир вац хьалхарниг, хӀунда аьлча, дӀа а вахана, хьайн да дӀавуьжу мотт сийсазбина ахь. Сан метта дӀавижна хьо.
5
ШимӀа а, Леви а вежарий бу. Шайн таррашца нахана ницкъ бо цара.
6
Церан кхеташонна юкъа а гӀур вац со, церан гуламе а гӀур вац, хӀунда аьлча оьгӀазаллица нах байина цара, хазахетархьама стерчийн когийн пхенаш хедийна.
7
НеӀалт хилла ю церан оьгӀазалла, хӀунда аьлча иза буьрса йолу дела, неӀалт хилла ду церан дералла, хӀунда аьлча иза къиза долу дела. Якъубан тӀаьхье йолчохь царна латта хир дац, ас дӀасакхуьссур бу уьш берриг а Исраилан махкахула.
8
ЯхӀуд, хьан вежарша хастор ву хьо, хьан куьг мостагӀийн яьӀнаш тӀехь хир ду. Хьан вежарий хьуна хьалха охьатаьӀар бу.
9
Хьо къона лом ду, ЯхӀуд. Талла ваханчуьра вогӀу хьо, сан кӀант. СадаӀа лаьтта дижина лом санна ву хьо, мила ваьхьар ву хьуна новкъарло ян?
10
Паччахьан дарж ЯхӀудах дер дац, цуьнан тӀаьхьенан карахь гуттар а хир ю олалла гойтуш йолу гӀаж, иза Шилун-гӀала дӀакхаччалц а, халкъаш цунна муьтӀахь хиллалц а.
11
Цо шен вир кемсийн таьллангах дӀатосур ю, ткъа виран кӀорни — тоьллачу гаьннах. Тоьллачу чагӀар чохь шен бедар яшор ю цо. ЧагӀаран мутта чохь шен духар дуьттур ду цо.
12
Цуьнан бӀаьргаш чагӀарал Ӏаьржа хир ду, ткъа цергаш шурел кӀайн хир ю.
13
Забул хӀордан йистехь вехар ву. Цуьнан берд хӀордкеманашна кхераме хир бац, цуьнан латта ЦӀадан-гӀалина тӀекхаччалц хир ду.
14
Шина а агӀор беза мохь а болуш, садоӀуш Ӏуьллучу вирах тера хир ву Иссархан, ша онда велахь а.
15
Шен садоӀу меттиг дика хилар а, шен латта хаза хилар а гина, халачу балхана къарвелла лай санна, бахьа ца лучу мохьана кӀел хӀуттур ву иза.
16
Дан Исраилан халкъана кхелахо хир ву, иза Исраилан цхьа тукхам санна хир ву.
17
Новкъа йистехь Ӏуьллучу лаьхьанах тера хир ву иза. ТӀехйолучу говран ког лоцу, некъан тачи тӀехь Ӏуьллу лаьхьа бу иза. Говр лазийча, цунна тӀера бере охьавужу.
18
Веза Эла! Ахь кӀелхьарваккхаре сатесна ву со.
19
Гадина тӀе талорхой летар бу, амма цо уьш лохкур бу.
20
Ашаран кхача токхе хир бу, паччахьан даарш хир ду цуьнан.
21
Наптал маьрша баьккхинчу сенах тера ву, исбаьхьа кӀорнеш луш йолчу сенах тера ву иза.
22
Юсуп хьостана уллохь йоллучу, дуккха а стом лучу кемсийн таьллангах тера ву. Цу таьлланган генаш пенна тӀехула хьаладоьлхуш ду.
23
Дерачу оьгӀазаллица пхерчий а кхуьссуш, мостагӀий летара цунах.
24
Амма цуьнан Ӏад чӀогӀа ду, цуьнан куьйгаш онда а, говза а ду. Цунна ницкъ белла Якъубан Нуьцкъалчо, Исраилан Ӏуьно а, Тархо а,
25
хьуна гӀо деш волчу хьан ден Дала, хьо декъалвеш волчу Нуьцкъалчо. Лакхарчу Шен стигалшца а, лахарчу латтанашца а, кӀайн кхача лучу накхошца а, ховхачу кийранашца а декъалвойла хьо Нуьцкъалчу Дала.
26
Ширачу лаьмнийн деза хиларал а, даим лаьттачу гунийн хаза хиларал а лекха ду хьан дас хьо декъалвар. Шен вежаршна юкъахь эла волчу Юсупца хуьлийла и декъалвар.
27
Бен-Яман дера борз ю. Ӏуьйранна шен ижу юу цо, сарахь талорца карадеанарг доькъу».
28
Иштта ду Исраилан шийтта тукхам. Иза элира цаьрга, уьш декъалбеш, церан дас. ХӀора а шена доггӀучу кепара декъалвира цо.
29
Юха иштта весет дира цо шен кӀенташка: «Со сайн дай болчу дӀагӀур ву кестта. Хьетахочун Ӏепронан лаьтта тӀехь, сан дай болчу хьеха чохь дӀаволлалаш со.
30
КанаӀан-махкарчу Мамари олучу меттера Махпела цӀе йолчу арахь ю и хьех. Хьетахочуьнгара Ӏепронера нах дӀабохка эцначу лаьттаца цхьаьна эцна ю и хьех ИбрахӀима.
31
Цигахь дӀабоьхкина бу ИбрахӀим а, цуьнан зуда Сарат а, Исхьакх а, цуьнан зуда Ребикха а, цигахь дӀайоьллина ас Леа а.
32
Аре а, цу тӀера хьех а хьетахошкара эцна ю».
33
Шен кӀенташна хьехам бина а ваьлла, ши ког метта хьала а баьккхина, дӀавижна волу Якъуб, кхалха а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира.
← Chapter 48
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 50 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50