bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 42
Genesis 42
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 41
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 43 →
1
Мисарахь кӀа дуйла шена хиъча, Якъуба элира шен кӀенташка: «Шу вовшашка хьоьжуш хӀунда Ӏа?
2
Суна хезна, Мисар-махкахь кӀа ду бохуш. Даха а гӀой, цигара иза эца, вай мацалла ца далийта».
3
Юсупан итт ваша Мисара вахара кӀа эца.
4
Якъуба Юсупан нанас вина ваша Бен-Яман цӀахь витира. Цунна цхьа вон болх хиларна кхоьрура иза.
5
Иштта Исраилан кӀентий дуккха а кхечу нахана юкъахь кӀа эца баьхкира, хӀунда аьлча КанаӀан-махкахь мацалла яра.
6
Мисар-махкахь куьйгалхо Юсуп вара. Махкахь дерриг а халкъана кӀа духкуш вара иза. ДӀакхаьчна вежарий, лаьтта охьакхаччалц Юсупна хьалха охьатаьӀира.
7
Вежарий ма-гинна, уьш бевзира Юсупна, амма шена уьш ца бевзашха цаьрца буьрсо къамел дира цо. «Шу мичара даьхкина?» — хаьттира цо. «КанаӀан-махкара даьхкина тхо ялта эца», — аьлла, жоп делира цара.
8
Юсупна шен вежарий бевзинехь а, царна иза ца вевзира.
9
Царах долу шен гӀенаш дага а даьхкина, Юсупа элира: «Шу ямартхой ду! Тхан пачхьалкхан ледара агӀонаш хаа а, долчун терго ян а даьхкина шу!»
10
«ХӀан-хӀан, эла, — жоп делира вежарша. — Хьан ялхой долу тхо ялта эца даьхкина.
11
Тхо дерриш а цхьана ден кӀентий ду. Хьан ялхой цӀена нах бу, ямартхой бац».
12
Юсупа юха а элира: «ХӀан-хӀан, шу тхан махкахь ледара хӀума хӀун ду хьажа даьхкина».
13
Амма цара жоп делира: «ХӀан-хӀан, тхан доьзалехь шийтта ваша вара, КанаӀан-махкахь Ӏаш волчу цхьана дех схьаваьлла. Жимаха верг хӀинца деца ву, ткъа цхьаъ кхелхина».
14
Юсупа элира цаьрга: «Ас аьллий, шу ямартхой ду!
15
Шу бакъ ду я дац иштта къастор ду ас: дийна волчу пирӀунах дуй буу ас, шу кхузара дӀагӀур ма дац, шун жимаха волу ваша кхуза схьаваллалц.
16
Цхьаъ вешина тӀаьхьа вахийта, вуьш набахти чохь Ӏийр бу. ТӀаккха хуур ду суна, аш дуьйцург бакъ ду я дац. Нагахь даций, дийна волчу пирӀунах дуй буу ас, шу ямартхой ду аьлла!»
17
Вежарий кхаа денна чубохкийтира цо.
18
КхозлагӀчу дийнахь Юсупа элира цаьрга: «Ас бохург дахь, дийна дуьсур ду шу, хӀунда аьлча со Делах кхоьру.
19
Нагахь шу цӀена нах делахь, шух цхьаъ набахти чохь саца веза, ткъа вуьш мацалла ловш болчу шайн доьзалшна кӀа дӀаэцна баха беза.
20
Амма шайн жимаха волу ваша схьавало веза аш, шаьш дуьйцург бакъ дуй хаийтархьама а, дийна дисархьама а». Иштта дан а дира цара.
21
Вежарша элира вовшашка: «Дала билггал до вайна таӀзар вешина дуьхьал латийна къа бахьанехь. Вайна гора Юсуп холчохь хилар цо вайга дехар дечу хенахь, амма вай цуьнга ла ца дуьйгӀира. ХӀинца вайна бохам хилла».
22
Раабана элира: «Ас баьхнера шуьга — кӀант бахьана долуш шайх къа ма латаде, амма аш ла ца дуьйгӀира! ХӀинца цунна тӀехула вайна бекхам хуьлуш бу».
23
Царна дагахь а дацара Юсуп шайх кхеташ хилар, хӀунда аьлча цо цаьрца къамел гочдархочуьнгахула дора.
24
Иза, дӀа а вирзина, вилхира, юха, схьа а вирзина, цаьрца къамел дан хӀоьттира. Царах ШимӀа, схьа а къастийна, церан бӀаьргашна хьалха дӀавихкира цо.
25
Церан тӀоьрмигаш чу кӀа а дилла, хӀораннан ахча а цигга чудилла, некъана оьшург а ло аьлла, омра дира Юсупа. Дерриг а цо ма-аллара кхочушдира.
26
КӀа варраш тӀе а диллина, новкъа бевлира уьш.
27
Буьйса яккха севцича, вежарех цхьаммо галин бертиг яьстира вирана хӀоъ бала дагахь. Цунна гали чохь шен детин ахча карийра.
28
«Сан дети юхадеана! — элира цо вежаршка. — ХӀара ду и, сан гали чохь». Кхерабелла, дегнаш схьалелха а дохкуш, бегош вовшашка а хьоьжуш, бохура цара: «ХӀара хӀун ду Дала вайна динарг?»
29
Шайн да Якъуб волчу КанаӀане юха а баьхкина, шайца хилларг дерриг а дийцира цара:
30
«Цигарчу махкахь куьйгалхо волчу стага, буьрса къамел а дина, тхоьга элира: „Ямартло ян даьхкина шу!“
31
Амма оха жоп делира цуьнга: „Тхо цӀена нах ду, ямартлонна даьхкина дац.
32
Тхо шийтта ваша вара, цхьана ден кӀентий. Цхьаъ воцуш ву, жимаха верг деца КанаӀан-махкахь ву хӀинца“.
33
ТӀаккха цу мехкан куьйгалхочо элира тхоьга: „Шу цӀена нах ду я дац иштта хуур ду суна: шайн цхьа ваша кхузахь а витий, мацалла ловш болчу доьзалшна ялта схьа а эций, шайн новкъа дӀагӀо.
34
Со волчу шайн жимаха волу ваша валаве, тӀаккха хуур суна шу цӀена нах дуйла. Цул тӀаьхьа ас шун ваша дӀа а лур ву, кху махкахь мах а лелабойтур бу“».
35
Галеш дӀасадохуш, хӀоранна а дети чохь долу шен бохча карийра. Дети а гина, церан да а, уьш а кхерабелира.
36
Якъуба элира цаьрга: «Аш сайн берех ваьккхи со, Юсуп а вац, ШимӀа а вац, ткъа хӀинца Бен-Яман а схьаэца гӀерта шу. Дерриг а суна дуьхьал даьлла!»
37
Раабана элира дега: «Нагахь ас Бен-Яман хьуна юха ца валавахь, сан ши кӀант вен мегар ду хьуна. Соьга жоп далийтахь цунах, ас иза юхавалор ву хьуна».
38
Амма Якъуба элира: «Сан кӀант хьоьца цига гӀур вац, цуьнан ваша велла, иза ша висна. Нагахь новкъахь цунна цхьаъ хилахь, соьга иза лан лур дац, сингаттамехь болу сан къоьжа корта эхарте кхочуьйтур бу аша».
← Chapter 41
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 43 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50