bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 35
Genesis 35
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 34
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 36 →
1
Дала элира Якъубе: «Бетал цӀе йолчу меттиге хьала а валий, хьайн вешех Ӏесавах хьо ведда вогӀучу хенахь хьуна Ша гайтина волчу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечъе цигахь».
2
Шен доьзале а, шеца болчаьрга а Якъуба элира: «ДӀакхийса шайгахь болу хийра цӀуш, цӀан а лой, тӀера бедар а хийца.
3
Цул тӀаьхьа новкъа довла кечло, вай Бетала гӀур ду. Халачу дийнахь сан доӀина жоп а делла, со миччанхьа а вахача, соьца хилла волчу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечйийр ю ас цигахь».
4
Шайгахь болу хийра цӀуш а, лергара чӀагарш а Якъубе дӀаелира цара. Цо уьш Шехем-гӀали уллохь ножан дитта кӀел лаьттах дӀайоьхкира.
5
Юха уьш новкъа бевлира. Дала кхерам тесира царна гонах йолчу гӀаланашкарчу нахана тӀе, цундела зуламна Якъубан берашна тӀаьхьа цхьа а ца велира.
6
Якъуб а, цуьнца берш а КанаӀан-махкахь йолчу Луз цӀе йолчу меттиге (хӀинца Бетал) баьхкира.
7
Цигахь цо Беталахь волчу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечйира, хӀунда аьлча кхузахь Дала Ша вовзийтира цунна, хӀара шен вешех ведда воьдучу хенахь.
8
Ребикха кхаьбна йолу Дебира елча, иза Бетална лахо лаьттачу ножана кӀел дӀайоьллира. Цундела тиллина цу меттиган цӀе Ӏалун Бахут (иза «делхаран наж» бохург ду).
9
Якъуб Падан-Арамера юхавеача, Дала, кхин цкъа а Ша гайтина, декъалвира иза.
10
Дала элира цуьнга: «Хьан цӀе Якъуб ю, амма хӀинца дуьйна хьох кхин Якъуб эр дац: хьан цӀе Исраил хир ю». Иштта Дала цуьнан цӀе Исраил тиллира.
11
Дала элира: «Со Нуьцкъала Дела ву. Алссам доьзалхой а хуьлуш, деба. Халкъ а, халкъийн доьзал а, паччахьаш а схьабевр бу хьох.
12
ИбрахӀимна а, Исхьакхана а делла латта хьуна дӀало Ас, хьан тӀаьхьенна а дӀалур ду Ас иза».
13
ТӀаккха цуьнца къамел дечу меттера дӀавахара Дела.
14
Якъуба Дала шеца къамел динчу метте боккха тӀулг хӀоттийра. Цу тӀе Далла лерина чагӀар а, даьтта а доьттира цо.
15
Дала шеца къамел динчу меттиган цӀе юха а Бетал тиллира Якъуба.
16
Беталара дӀа а бахана, Эпрати-гӀалина уьш гена боцучу хенахь Рахьал беро хьовзийра.
17
ЧӀогӀа холчохь йолуш, бала хьоьгура цо. Бер схьаоьцуш йолчу зудчо элира: «Кхера ма кхера, хьан кхин цхьа кӀант хир ву».
18
Шен са дӀадалале Рахьала кӀентан цӀе Бен-Они тиллира (иза «сан баланийн кӀант» бохург ду), амма дас Бен-Яман элира цунах (иза «сан аьтто куьйган кӀант» бохург ду).
19
Рахьал кхелхира. Эпрати-гӀала (я Байтлахам) боьдучу новкъахь дӀайоьллира иза.
20
Цуьнан коша тӀехь чуртана тӀулг хӀоттийра Якъуба. И тӀулг хӀинца а Рахьалан коша тӀехь лаьтташ бу.
21
Шен некъ кхидӀа а бина, Мигдал Ӏедар олучу меттехь четар хӀоттийра Исраила.
22
Исраил цу меттехь Ӏаш волуш, Раабан шен ден ялхочуьнца Балхьатца дӀавижира. Исраилна хиира иза. Якъубан шийтта кӀант вара.
23
Леас бина кӀентий: Якъубан дуьххьарлераниг — Раабан, юха ШимӀа, Леви, ЯхӀуд, Иссархан, Забул.
24
Рахьала бина кӀентий: Юсуп а, Бен-Яман а.
25
Рахьалан ялхочо Балхьата бина кӀентий: Дан а, Наптал а.
26
Леин ялхочо Залпаа бина кӀентий: Гада а, Ашар а. Уьш Якъубана Падан-Арамехь бина кӀентий бара.
27
Кхиръят-АрбаӀ (хӀинца Хьеврон) уллохь йолу Мамари цӀе йолчу меттехь Ӏачу шен дена Исхьакхана тӀевахара Якъуб. Цигахь цхьана хенахь тӀевеана Ӏийнера ИбрахӀим а, Исхьакх а.
28
Исхьакхан бӀе дезткъа шо дара.
29
Дуьнен чохь дуккха а хан яьккхина, кхелхича, шен дайх дӀакхийтира Исхьакх. Цуьнан кӀенташа Ӏесава а, Якъуба а дӀавоьллира иза.
← Chapter 34
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 36 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50