bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 47
Genesis 47
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 46
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 48 →
1
ПирӀунна тӀе а вахана, Юсупа элира: «Сан да а, вежарий а шайн даьхница а, бахамца а, КанаӀан-махкара схьа а баьхкина, ГӀашанехь бу хӀинца».
2
Вежарех, хаьржина, пхи стаг валийнера цо пирӀунна тӀе.
3
ПирӀуно хаьттира цаьрга: «Шун хӀун корматалла ю?» Вежарша жоп делира: «Тхайн дай санна, Ӏуй ду тхо».
4
Кхин а элира цара: «Кхуза даха даьхкина тхо, хӀунда аьлча КанаӀан-махкахь луьра мацалла ю, даьхни дажо меттиг яц тхан. Доьху хьоьга ГӀашанехь тхуна даха охьаховша бакъо ялар».
5
ПирӀуно элира Юсупе: «Хьо волчу да а, вежарий а баьхкина.
6
Мисар-махкара латта хьуна хьалха ду. Оцу лаьттан тоьллачу меттехь охьаховшабе хьайн гергара нах. Шайна лаахь, ГӀашанехь Ӏан а мегар ду царна. Къаьсттина говзанаш царна юкъахь белахь, сан даьхни Ӏалашдан дӀахӀиттабе уьш».
7
Шен да Якъуб, вала а вина, пирӀунна хьалха хӀоттийра Юсупа. Якъуба пирӀун декъалвира.
8
ПирӀуно хаьттира цуьнга: «Хьан маса шо ду?»
9
Якъуба жоп делира: «Со дуьнен чохь лела бӀе ткъе итт шо ду. КӀезиг а, къаьхьа а хилла сан дахаран шераш, сан дай дуьнен чохь леллачу хене дӀа ца нисвелла со».
10
ПирӀун декъал а вина, дӀавахара Якъуб.
11
Да а, вежарий а Мисарахь баха ховшийра Юсупа, царна РаӀамсас олучу гӀалина уллохь тоьлла латта а делла, пирӀуно шена тӀе-ма-диллара.
12
Шен ден а, вежарийн а хӀусамашкара берашка хьаьжжина, массарна а юучуьнца кхачо йира Юсупа.
13
Цул тӀаьхьа чӀогӀа мацалла хӀоьттира. Мисар а, КанаӀан-мохк а мацалло гӀелбина бара.
14
Шегара кӀа оьцуш гулделла Мисарахь а, КанаӀан-махкахь а мел долу ахча вовшахтуьйхира Юсупа. ПирӀунан цӀахь латтадора цо иза.
15
Мисарахь а, КанаӀан-махкахь а ахча кхачийча, берриг а Мисар-махкарчу наха, Юсупна тӀе а баьхкина, элира: «Тхуна бепиг лохьа, ма далийтахь тхо хьайн бӀаьргашна хьалха. Тхан ахча кхачийна».
16
Юсупа элира: «Шайн ахча кхачийнехь, даьхни схьадаладе, ас цунна дуьхьал ялта лур ду шуна».
17
Цара Юсуп волчу даьхни схьадалийра. Говрашна а, уьстагӀашна а, гезаршна а, стерчашна а, хьелашна а, варрашна а дуьхьал цо цу нахана ялта делира. Цу шарахь царна ялта латтийра Юсупа дерриг а церан даьхнина дуьхьал.
18
Шо чекхдаьлча, цунна тӀе а баьхкина, элира цара: «Оха лечкъор дац тхайн элах: тхан ахча а кхачийна, тхан даьхни а хьан дола даьлла, тхайн догӀмашший, латтий бен хӀумма а ца дисна тхоьгахь.
19
Хьан бӀаьргашна хьалха тхо а, тхан латта а хӀаллак хӀунда хуьлу? Ялтина дуьхьал дӀаэцахьа тхо. Тхайн лаьттаца пирӀунан лоллехь хила реза ду тхо. Латта даьсса ца хилийта а, тхо хенара довлийта а дӀаден хӀу лохьа тхуна».
20
Иштта Мисарахь долу дерриг а латта ийцира Юсупа пирӀунна. ХӀора мисархочо шен латта доьхкира, хӀунда аьлча мацаллина дан хӀума дацара церан. Латта пирӀунан дола делира.
21
Ткъа нахах Мисаран цхьана маьӀӀера вукху маьӀӀе кхаччалц Юсупа леш бира.
22
Динан дайшкара латта ца ийцира цо, хӀунда аьлча массо а хенахь пирӀуно дакъа а кхочуьйтуш, Ӏаш бара уьш. Цундела цара шайн латта ца доьхкира.
23
Юсупа элира нахе: «ХӀинца ас шу а, шун латта а пирӀунна эцна. ХӀара хӀу ду шуна латта дӀаден.
24
Шайн ялта кхиъча, цунах пхоьалгӀа дакъа пирӀунна дӀалур ду аша, ткъа диснарг дӀаден а, шуна а, шун берашна а, шун цӀахь болчарна а даа хир ду».
25
Наха элира: «Ахьа тхо кӀелхьардехи. ПирӀунан леш хир ду тхо, хьо тхайна резаван лаьара тхуна».
26
Иштта лаьттах долу Ӏедал хӀоттийра Юсупа. Иза тахана а Мисарахь дӀалелаш ду: лаьттах схьадаьллачух дерригенах а пхоьалгӀа дакъа пирӀунна дӀалуш, динан дайн долахь доцург, важа латта пирӀунан долахь а долуш.
27
Исраилхой ГӀашан олучу меттехь Ӏаш бара. Церан дола дуккха а хӀума а делира, уьш тӀеттӀа дебаш а бара.
28
Якъуб Мисарахь вуьрхӀитта шарахь Ӏийра, цуьнан бӀе шовзткъе ворхӀ шо дара.
29
Ша лечу хенахь, шен кӀанте Юсупе схьа а кхайкхина, цо элира: «Хьо суна реза велахь, сан кога кӀел куьг а диллий, дош ло суна, хьо соьца дика а, суна тешаме а хир ву алий. Со Мисар-махкахь дӀа ма воллалахь.
30
Со сайн дайх дӀакхетча, Мисарара дӀа а хьой, уьш боьхккинчу дӀаволлалахь». Юсупа элира: «Ахь ма-бохху дийр ду ас».
31
«Дуй баал», — элира дас. Юсупа дуй биира. Маьнги йистехь волу Исраил Далла хьалха охьатаьӀира.
← Chapter 46
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 48 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50