bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 25
Genesis 25
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 24
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 26 →
1
ИбрахӀима шолгӀа а зуда ялийра. Цу зудчун цӀе Къитурат яра.
2
Къитурата винера Зимран а, Якхешан а, Медан а, Мадани а, Ишбакх а, Шуахь а.
3
Якхешан Шебин а, Дадданан а да вара. Дадданах схьабевллера ашурхой а, летушхой а, леумхой а.
4
Ӏейпа, Ӏайпар, Хьанах, АвидаӀ, ЭлдаӀа цӀераш а йолуш, кӀентий бара Маданин. И берриге а кӀентий ИбрахӀимах а, Къитуратах а схьабевлла бара.
5
Шен долахь дерг дерриге а ИбрахӀима Исхьакхана дитира.
6
Ткъа шен гӀарбашаша бинчу кӀенташна совгӀаташ а делла, Исхьакхах уьш дӀа а къастийна, малхбалехьа дӀахьовсийра ИбрахӀима.
7
ИбрахӀим бӀе кхузткъе пхийтта шарахь вехира.
8
Эххар а иза кхелхира. Дуьнен чохь дуккха а хан яьккхина, дика а ваьхна, кхелхинчул тӀаьхьа шен дайх дӀакхийтира иза.
9
КӀенташа Исхьакха а, ИсмаьӀала а Мамари олучу меттигна уллохь, Махпела цӀе йолчу хьеха чохь, ЦӀохьаран кӀентан, хьетахо волчу Ӏепронан, лаьтта тӀехь дӀавоьллира иза.
10
ИбрахӀима хьетахошкара эцна латта а, хьех а яра иза. Шен зудчунна Саратна уллохь дӀавоьллира ИбрахӀим.
11
ИбрахӀим кхелхинчул тӀаьхьа Дала Исхьакх декъалвира. Беар-лахьай-рои цӀе йолчу меттехь Ӏаш вара Исхьакх.
12
Саратан ялхочо, мисархочо ХӀажара ИбрахӀимна винчу кӀентан ИсмаьӀалан тӀаьхье хӀара ю.
13
Иштта ю церан цӀераш: дуьххьара винарг Набуяти, цул тӀаьхьа Къедар, Адбаал, Мибасам,
14
МишмаӀ, Дума, Маси,
15
Хьадид, Тейма, Етар, Напуши, Къедима.
16
Уьш ИсмаьӀалан кӀентийн цӀераш ю. Шийтта тайпанан баьччанийн а, уьш баьхначу меттигийн а цӀераш а ю уьш.
17
Цхьа бӀе ткъе вуьрхӀитта шарахь а ваьхна, кхелхина ИсмаьӀал шен дайх дӀакхийтира.
18
Цуьнан тӀаьхьенаш Хьавил-лаьтта тӀера Шур-гӀалина тӀекхаччалц ехаш яра. Мисар-мехкан дозанца йолу Шур-гӀала Ашур-махка боьдучу новкъахь лаьттара. Шайн вежаршца бертахь а боцуш, бехаш бара уьш.
19
ХӀара ду Исхьакхан тӀаьхьенах хилларг. ИбрахӀиман кӀант вара Исхьакх.
20
Исхьакхан шовзткъа шо кхаьчча, цо Падан-Арама цӀе йолчу меттера Ребикха ялийра. Иза арамхо волчу Бетаалан йоӀ а, арамхочун Лабанан йиша а яра.
21
Исхьакхан зуда бер ца хуьлуш яра. Амма Исхьакха Везачу Эле шен зудчух лаьцна дехча, Везачу Эло цуьнан доӀина жоп а делла, Ребикха доьзалхочух хилира.
22
Цуьнан кийрара бераш кест-кеста тохалора. Везачу Эле, доӀа а дина, хаьттира Ребикхас: «ХӀара хӀун ду соьца хуьлуш дерг?» — аьлла.
23
Везачу Эло жоп делира цунна: «Ши тукхам ду хьан кийрахь, ши халкъ схьадер ду хьох, амма и шиъ декъалур ду. Цхьаъ вукхул онда хир ду, воккхаха верг жимаха волчунна гӀуллакх деш хир ву».
24
Хан тӀекхаьчча, Ребикхас шала ши кӀант вира.
25
Дуьххьарлераниг цӀиэн вара, дерриг а дегӀа тӀехь чоьш а долуш. Цуьнан цӀе Ӏесав тиллира (иза «чоьшдерг» бохучух тера ду).
26
ШолгӀаниг дуьнен чу волуш, Ӏесаван кӀажа а лаьцна схьавелира. Цундела цуьнан цӀе Якъуб тиллира (и ду «КӀажалоцург» бохург). И шиъ винчу хенахь Исхьакхан кхузткъа шо дара.
27
КӀентий баккхий хилира. Говза таллархо волчу Ӏесаван аренашкахь хан йоккхуш самукъадолура. Якъуб тийна, таьӀна стаг вара, дукхаха йолу хан шен четара кӀелахь йоккхура цо.
28
Исхьакхана Ӏесав дукха везара, хӀунда аьлча Ӏесава дахьаш долу экханан жижиг тайнера цунна. Ткъа Ребикхина Якъуб дукхавезара.
29
Цкъа кӀадвелла, мацалла гӀора а доцуш, талла ваханчуьра цӀа веара Ӏесав. Якъуб цу хенахь кхоьш кхехкош вара.
30
Ӏесава элира Якъубе: «Со мацалла гӀелвелла ву, и цӀен кхоьш лохьа суна». (Цундела аьлла Ӏесавах «Эдом», ткъа иза «цӀениг» бохург ду.)
31
Амма Якъуба элира: «Делахь, суна дуьххьара дуьнен чу ваьллачун бакъо схьало».
32
«Со мацалла леш ву, нагахь со лахь, ас хӀун до сайн хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъонах?», — элира Ӏесава.
33
Якъуба элира: «Цкъа хьалха дуй баа». Якъубана дуй а биъна, шен хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъо йоьхкира Ӏесава.
34
ТӀаккха Якъуба Ӏесавана кхоьх йина яа хӀума а, бепиг а делира. Ӏесав, яа а йиъна, мала а мелла, дӀавахара. Иштта атта шен хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъо дӀаелира цо.
← Chapter 24
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 26 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50