bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 5
Genesis 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 6 →
1
ХӀара ду Адаман тӀаьхьенах хиллачун тептар. Дала адам Шен вастехь кхоьллинера.
2
Стаггий, зудий кхоьллинера Цо. Уьш декъал а бина, Ша уьш кхоьллинчу дийнахь царех «адамаш» элира Дала.
3
Адаман цхьа бӀе ткъе итт шо кхаьчнера, цуьнан кхин а цхьа кӀант хилча. Иза веккъа цуьнан аматехь а, вастехь а вара. Шен кӀантана ШатӀа аьлла цӀе тиллира Адама.
4
ШатӀа хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе шарахь вехира Адам. Оцу заман чохь цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира.
5
Адам, исс бӀе ткъе итт шарахь ваьхна, дӀакхелхира.
6
ШатӀа цхьа бӀе пхеа шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Энош.
7
Энош хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе ворхӀ шарахь вехира ШатӀа. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.
8
ШатӀа, исс бӀе шийтта шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.
9
Энош дезткъе итт шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Къаим.
10
Къаим хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе пхийтта шарахь вехира Энош. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.
11
Энош, исс бӀе пхеа шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.
12
Къаим кхузткъе итт шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Махьаллал.
13
Махьаллал хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе шовзткъа шарахь вехира Къаим. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.
14
Къаим, исс бӀе итт шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.
15
Махьаллал кхузткъе пхеа шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Ярад.
16
Ярад хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе ткъе итт шарахь вехира Махьаллал. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.
17
Махьаллал, бархӀ бӀе дезткъе пхийтта шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.
18
Ярад цхьа бӀе кхузткъе шина шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант ХӀанох.
19
ХӀанох хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе шарахь вехира Ярад. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.
20
Ярад, исс бӀе кхузткъе шина шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.
21
ХӀанох кхузткъе пхеа шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Матушалахь.
22
Матушалахь хиллачул тӀаьхьа кхин кхаа бӀе шарахь, Дела даг чохь а волуш, вехира ХӀанох. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.
23
ХӀанох кхаа бӀе кхузткъе пхеа шарахь вехира.
24
ХӀанох, Дела даг чохь а волуш, лелаш вара. Цхьана дийнахь иза къайлавелира, Дала иза дӀавигна дела.
25
Матушалахь цхьа бӀе дезткъе ворхӀ шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант ЛемакӀ.
26
ЛемакӀ хиллачул тӀаьхьа кхин ворхӀ бӀе дезткъе шина шарахь вехира Матушалахь. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.
27
Матушалахь, исс бӀе кхузткъе исс шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.
28
ЛемакӀ цхьа бӀе дезткъе шина шарахь ваьхча, цуьнан кӀант хилира.
29
ЛемакӀа шен кӀантана Нохьа аьлла цӀе тиллира (иза ду Ӏебархойн маттахь «синтем» бохург). ЛемакӀа элира: «Вай дукха къахьоьгуш ду, Везачу Эло неӀалт кхайкхийначу лаьтта тӀехь. Ткъа Нохьас синтем бохьур бу вайна».
30
Нохьа хиллачул тӀаьхьа кхин пхи бӀе дезткъе пхийтта шарахь вехира ЛемакӀ. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.
31
ЛемакӀ, ворхӀ бӀе кхузткъе вуьрхӀитта шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.
32
Нохьа пхеа бӀе шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀентий Шима, Хьама, Япат.
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 6 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50