bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 20
Genesis 20
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 21 →
1
НегӀаб цӀе йолчу яьссачу аренгахьа дӀа а вахана, Кхадеш-гӀалина а, Шур-гӀалина а юккъехь ваха хиира ИбрахӀим. Цул тӀаьхьа ГӀарар-гӀалахь Ӏийра иза.
2
Цигарчу нахе Сарат шен йиша ю элира цо. ГӀарар-гӀаларчу паччахьо Абу-Малика иза шена хезча, ялхой бахийтира Сарат шена схьаяло.
3
Цкъа буьйсанна Абу-Маликана гӀенах веанчу Дала элира: «Хьо валарна кхерам бу, хӀунда аьлча ахь схьаялаяйтина зуда марехь ю».
4
Амма Абу-Малик Саратах кхетаза вара, цундела цо элира: «Хьалдолу Эла, со бехке вац. Бехк боцу со а, сан халкъ а хӀаллакдийр ду Ахь ткъа?
5
ИбрахӀима ша элира соьга: „И зуда сан йиша ю“, — аьлла. Ткъа зудчо а элира: „И стаг сан ваша ву“, — аьлла. Дог а цӀена ду сан, куьйгашца хьарамло а ца йина ас».
6
ТӀаккха Дала оццу гӀенах элира Абу-Малике: «ХӀаъ, Суна хаьа, ахь деш дерг цӀенчу дагца хиллий. Цундела цу зудчух куьг а тоьхна, Сайна дуьхьал хьоьга къа ца даладайта Ас саций хьо.
7
ИбрахӀимна цуьнан зуда дӀало, хӀунда аьлча иза пайхамар ву, цо хьох лаьцна доӀа дича, хьо дийна вуьсур ву. Нагахь ахь Сарат ИбрахӀимна юха ца лахь, хьо а, берриг а хьан доьзал а лийр бу».
8
ШолгӀачу дийнахь Ӏуьйранна, хьалххе хьала а гӀаьттина, массо а шен ялхо схьакхайкхира Абу-Малика. Цо хилларг дерриг а дийцира царна — ялхой чӀогӀа кхерабелира.
9
Юха, ИбрахӀиме схьа а кхайкхина, элира Абу-Малика: «И хӀун ду ахь тхуна динарг? Ас хӀун вон динера хьуна? Сан пачхьалкх бехке хуьлуьйтур-кх ахь. Соьца ахь динарг деш ма ца хуьлу».
10
Абу-Малика хаьттира ИбрахӀиме: «ХӀун дара хьан дагахь ахь иза дечу хенахь?»
11
ТӀаккха ИбрахӀима элира: «Суна моьттура, кхузахь цхьа а Делах ца кхоьру, Сарат шена йитархьама цхьаммо со вуьйр ву.
12
Иза билггала сан йиша ю, тхан дена кхечу нанас йина йолу, амма ас ялийна сан зуда а ю.
13
Ден цӀера дӀавигна, дуьнен чухула лела Дала со дӀахьажийча, ас элира Сарате: „Цхьа диканиг дехьа сан дуьхьа: вай миччанхьа кхаьчча а, хьо сан йиша ю алахь“».
14
ТӀаккха Абу-Малика Сарат юхаелира ИбрахӀимна, цул сов цо цунна уьстагӀий а, бежанаш а, леш а белира.
15
«Хьажал гонах, хӀара дерриг а сан латта ду, хьайна луъучохь Ӏе», — элира цо ИбрахӀиме.
16
Юха Сарате элира: «Ас хьан вешина ИбрахӀимна цхьа эзар дато шекхал цӀе йолу ахча делла, вайна хилла дегабаам дӀабаккхархьама. Хьо массарна а хьалха бехказа ю».
17
ИбрахӀима Деле доӀа дира, Абу-Маликана а, цуьнан зудчунна а, гӀарбашашна а дарба де аьлла. Массарна а дарба а хилла, церан доьзалхой хилира.
18
ХӀунда аьлча Сарат бахьана долуш хьалха Абу-Маликан цӀийнах болу массо а зударий доьзалхо ца хуьлуьйтуш бинера Везачу Эло.
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 21 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50