bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 44
Genesis 44
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 43
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 45 →
1
Юсупа элира шен цӀийнан куьйгалхочуьнга: «Цу нехан галеш чу яхьа мел ло яа хӀума а йилла, церан дети юха галеш чу а дилла.
2
Сан дато кад жимаха волчун гали чу билла цо кӀенах дала деанчу ахчанца цхьаьна». Цо ма-бохху гӀуллакх кхочушдира ялхочо.
3
Са ма-хилла, вежарий шайн варрашца новкъа бехира.
4
Уьш гӀалина гена ца бевллера, Юсупа шен цӀийнан куьйгалхочуьнга аьлча: «Сихха оцу нахана тӀаьхьа а гӀой, тӀекхаьчча, ала цаьрга: „Шайна динчу диканна дуьхьал вон хӀунда дина аш?
5
Сан элан дато кад хӀунда лачкъийна аш? Цо чуьра молуш а, пал тосуш лелош а кад ма бу иза! Аш динарг вон хӀума ду!“»
6
ТӀаьхьа а кхиъна, ялхочо элира цаьрга и дешнаш.
7
Вежарша жоп делира: «Иштта хӀунда боху ахь? И санна долу хӀума оха цкъа а дийр дацара.
8
КанаӀан-махкара дуьйна тхайн галеш чохь карийна дети юхадеана оха. Хьан элан цӀа чуьра дети я деши оха хӀунда лачкъор ду?
9
Нагахь и кад цхьаннан гали чохь хьуна карабахь, и стаг лийр ву, ткъа тхо хьан леш хир ду».
10
Ялхочо элира: «Дика ду, аш ма-бохху дийр ду вай: цхьаьнгахь кад карабахь, иза сан лай хир ву, ткъа биснарш маьрша хир бу».
11
Вежарша шайн галеш, лаьтта охьа а дехкина, схьадаьстира.
12
Воккхачунна тӀера жимачунна тӀекхаччалц кад лаха волавелира Юсупан цӀийнан куьйгалхо. Кад Бен-Яманан гали чохь карийра.
13
Холчу хӀиттина, шайна тӀера хӀуманаш этӀийра вежарша. Юха, шайн варраш тӀе маххьаш а дехкина, гӀала юхабаьхкира уьш.
14
Юсупан цӀа чу схьабаьхкира ЯхӀуд а, цуьнан вежарий а. Иза дӀавахаза цӀахь вара. Цунна хьалха гораийгира уьш.
15
Юсупа элира цаьрга: «И хӀун ду аш динарг? Со санна волчу стагана муьлхха а хӀума, пал тесча, хуур дуй ца хаьа шуна?»
16
ЯхӀуда жоп делира: «Тхан ала хӀума дац хьоьга, эла. Тхайн бехк ца хилар муха хоуьйтур ду оха? Далла хиъна, шен ялхойн бехк буйла. ХӀинца тхо а, кад шегахь карийнарг а хьан леш ду-кх, эла».
17
Юсупа элира: «И саннарг дийр дац ас! Шегахь сан кад карийнарг хир ву сан лай, ткъа шу шайн да волчу маьрша дӀагӀо».
18
ТӀаккха ЯхӀуда, тӀе а вахана, элира цуьнга: «Сан эла, доьху хьоьга цхьа дош алийтар. Хьо пирӀуне кхоччуш велахь а, хьайн ялхочунна оьгӀаз ма гӀолахь.
19
Тхо хьалха кхузахь долуш ахьа хаьттира тхоьга: „Шун да а, ваша а вуй?“ — аьлла.
20
Оха жоп делира: „Къена да а ву, иза воккха волчу хенахь хилла жима ваша а ву“, — аьлла. Тхан дена къаьсттана дукхавеза и жимаха волу кӀант. Цу кӀентан нанас вина ваша вала а велла, ша цхьаъ висна иза.
21
ТӀаккха ахьа элира тхоьга: „Схьавалаве иза кхуза, со цуьнга хьажийта“.
22
Оха хьуна жоп делира: „Да а витина вогӀийла дац цу кӀентан. Нагахь иза вагӀахь, да лийр ву“.
23
Амма ахьа тхоьга элира: „Шун ваша шуьца кхуза схьаваллалц, шуна сан юьхь гур яц“.
24
Тхайн да волчу а дахана, ахьа аьлларг дӀадийцира оха.
25
Дас элира тхоьга: „Юха а гӀой, жимма ялта эца“, — аьлла.
26
Амма оха жоп делира: „Жимаха волу ваша а эцна бен гӀойла дац тхан цига. Цу стеган юьхь гойла хир дац, тхоьца жимаха волу ваша ца хилахь“.
27
ТӀаккха дас тхоьга элира: „Шуна хаьа сан зудчо суна ши кӀант винийла.
28
Цу шиннах цхьаъ цӀера ваьлча, ас элира: ‘Иза акхароша цистина хир ву’, — цул тӀаьхьа суна иза ган а ца гира.
29
ХӀинца аша важа а дӀа а вигна, цунна вон болх хилахь, соьга иза лалур дац. Баланехь болу сан къоьжа корта эхарте кхочуьйтур бу аша“.
30
И кӀант къаьсттина дукхавезаш, цунна чу са диллина ву тхан да. Цундела иза а воцуш тхо цӀа гӀахь,
31
тхан дена иза тхоьца воцийла хаахь, иза лийр ву. Хьан лейн бехкенна баланехь волчу тхан ден къоьжа корта эхарте кхочур бу.
32
Ас дош деллера цунна, кӀант ларвийр ву аьлла. „Нагахь ас хьуна иза схьа ца валавахь, велла дӀаваллалц хьуна хьалха бехке хир ву со, дада“, — аьлла ас.
33
Цундела ас доьху хьоьга, эла, кӀант вежаршца дӀа а вахийтий, цуьнан метта кхузахь хьайн лай со витахь.
34
Со муха гӀур ву дена хьалха, сайца кӀант а воцуш? Сайн дена хиндолчу вочунна теш хила ца лаьа суна».
← Chapter 43
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 45 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50