bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 39
Genesis 39
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 38
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 40 →
1
ИсмаьӀалан тӀаьхьенах болчу совдегарша Мисар-махка валийра Юсуп. ПирӀунан гӀаролан хьаькам а волуш, цунна уллорчех цхьаъ волчу мисархочо Патипара ийцира иза цаьргара.
2
Веза Эла вара Юсупца, цуьнан дика аьтто хилира. Хьолахо волчу мисархочун хӀусамехь вехаш вара иза.
3
Цуьнан хӀусаман дена гора Веза Эла Юсупца хилар а, цо дечу гӀуллакхаш тӀехь гӀо деш Иза хилар а.
4
Патипар реза вара Юсупна. Цунах хьалхара ялхо вира цо, цӀа а, берриг бахам а Юсупе лело дӀа а белла.
5
ХӀусамдас Юсуп куьйгалла дан хӀоттийчхьана дуьйна, Везачу Эло декъалйира мисархочун хӀусам Юсупан дуьхьа. Везачу Элан беркат доьссира Патипаран долахь долчунна дерригенна а тӀе: цӀенна а, аренна а.
6
Цундела цо Юсупах тешна дитинера доллу хӀума а. Юсуп бахьана долуш цхьана а хӀуманна гӀайгӀа яцара цунна, ша юучун бен. Юсуп куц долуш а, хаза а вара.
7
Дукха хан ялале хӀусамден зуда кхуьнга хьежа елира. Цо элира Юсупе, шеца дӀавижа аьлла.
8
Амма Юсуп реза ца хилира, цо бохура: «Со волчохь сан эло цхьана а цӀа чохь йолчу хӀуманна гӀайгӀа бан ца оьшу, шен долахь дерг дерриг а сох тешна дитина цо.
9
Кху цӀа чохь со коьртаниг ву. Сан эло оьшург дерриг а луш ду суна, цхьа хьо йоцург, хӀунда аьлча хьо цуьнан зуда ю. Ас муха бийр бу вон болх, Далла хьалха къа муха латор ду?»
10
ХӀора дийнахь цу зудчо доьххушехь, цуьнца дӀавижа а, хила а реза ца хуьлура иза.
11
Цкъа цӀеранаш чохь боцучу хенахь, цхьа гӀуллакх а хилла, чувеара Юсуп.
12
Цуьнан бедар схьа а лаьцна, зудчо элира: «ДӀавижа соьца!» Амма тӀехулара бедар зудчун карахь а юьсуш, ведда араиккхира Юсуп.
13
Шегахь бедар а йитина, иза дӀаведдийла а гина,
14
зудчо, ялхой схьа а кхайкхина, элира: «Хьовсийша, хӀара Ӏебархо вайн цӀа чу валийна, ткъа хӀара вай сийсаздеш ву! Кху чу а веана, соьца дӀавижа гӀерташ вара иза, амма со мохь хьекха хӀоьттича,
15
шен бедар соьгахь а йитина, веди иза».
16
Юсупан тӀеюху хӀума шегахь йитира зудчо, хӀусамда цӀа валлалц.
17
Цунна а изза дийцира цо: «Ахь валийна Ӏебархойн лай со йолчу а веана, со хьийзо гӀерташ вара,
18
амма ас мохь хьаькхча, шен бедар соьгахь а йитина, ведира иза».
19
«Хьан лай сан сий дайа гӀоьрти!» — бохура зудчо. Цо дуьйцучуьнга ла а доьгӀна, чӀогӀа оьгӀазвахара Патипар.
20
Схьа а лаьцна, паччахьан тутмакхаш болчу набахти чу воьллира цо Юсуп. Иштта набахти чу кхечира иза.
21
Амма цигахь а Веза Эла вара цуьнца. Гуттар а кхуьнан дола деш Ша хиларна, набахтин коьртачу хьаькамана хӀара дикачу агӀор гайтира Везачу Эло.
22
Набахтин коьртачу хьаькамо массо а тутмакхашна тӀехь куьйгалла дан а, набахтехь долчу хьолах жоп дала а хӀоттийра Юсуп.
23
Цунна ша тӀедиллинчу гӀуллакхна сагатдан ца оьшура набахтин коьртачу хьаькамо, хӀунда аьлча, Юсупан массо а хӀуманна тӀехь аьтто беш, Веза Эла вара цуьнца.
← Chapter 38
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 40 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50