bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 48
Genesis 48
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 47
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 49 →
1
Дукха хан ялале Юсупе элира, цуьнан да чӀогӀа цомгуш ву аьлла. Шен ши кӀант, Маннаш а, Эпрам а, эцна, цунна тӀе вахара иза.
2
Якъубе хаам бира: «Хьо волчу хьан кӀант Юсуп веана», — аьлла. Шен берриг а ницкъ гулбина, метта охьахиира Исраил.
3
Якъуба элира Юсупе: «КанаӀан-махкарчу Луз олучу меттехь Ша гайтинчу Нуьцкъалчу Дала декъалвира со.
4
Цо элира соьга: „Ас дебор бу хьан доьзал, хьан дуккха а бераш хуьлуьйтур ду, хьох халкъийн доьзал схьабер бу. ХӀара латта хьан тӀаьхьенна гуттаренна а дӀалур ду Ас“.
5
Со Мисара вале кхузахь хьуна вина волу ши кӀант хӀинца дуьйна сан хир ву. Эпрам а, Маннаш а сан хир ву, Раабан а, ШимӀа а санна.
6
Кхарал тӀаьхьа хьуна дина бераш хьан хир ду. Церан дола даьллачу лаьтта тӀехь шайн вежарийн кӀентий болуш санна Ӏийр бу уьш.
7
Со Падан-Арамера схьавогӀуш, КанаӀан-махкахь Эпрати цӀе йолчу гӀалина тӀекхачале, новкъахь, хьан нана Рахьал елира. Цигахь Эпрате (Байтлахаме) боьдучу новкъа йистехь дӀайоьллира ас иза».
8
ТӀаккха, Юсупан кӀентий а гина, Исраила хаьттира: «Уьш муьлш бу?»
9
Юсупа дена жоп делира: «Уьш Дала суна кхузахь белла кӀентий бу». ТӀаккха Исраила элира: «Суна тӀе валаве и шиъ соьга декъалвайта».
10
Иза дукха къена волуш цуьнан бӀаьргашна са дика ца гора. Юсупа ши кӀант цунна тӀе валийра. Цо, мара а бухкуш, барташ дехира царна.
11
Исраила элира Юсупе: «Суна ца моьттура сайна хьо юха гур ву, ткъа Дала хьан бераш ган а аьтто би сан».
12
Ши кӀант Исраилан голашна уллора дӀа а хилийна, цунна хьалха лохха охьатаьӀира Юсуп.
13
Цул тӀаьхьа, дена улло ши кӀант схьа а валийна, Эпрам шена аьтту агӀор Исраилна аьрру агӀор хӀоттийра цо, ткъа Маннаш шена аьрру агӀор Исраилна аьтту агӀор хӀоттийра.
14
Амма Исраила шен аьтту куьг Эпраман коьрта тӀе диллира, иза жима велахь а, ткъа аьрру куьг, аьттучунна тӀехула а даьккхина, Маннашан коьрта тӀе диллира. Цхьа Ӏалашо йолуш дира цо иштта, Маннаш дуьххьарниг воллушехь.
15
Юха, цаьргахула Юсуп декъал а веш, цо элира: «Шена кӀелахь сан дай ИбрахӀим а, Исхьакх а лелла Дела, таханлера де кхаччалц дерриг а сан дахарехь со Шена тӀаьхьа хӀоттийна лелла волу Дела,
16
муьлххачу а вочух со ларвина Малик, декъалдехьа хӀара бераш. Кхаьргахь дӀахьойла сан а, сан дайн ИбрахӀиман а, Исхьакхан а цӀераш. Деба а дебна, даккхий халкъаш схьадовлийла кхарах дуьнен чохь».
17
Шен дас аьтту куьг Эпраман коьрта тӀе диллина гича, Юсупна халахийтира. Цо ден куьг схьалецира, Эпраман коьрта тӀера Маннашан коьрта тӀе дилла дагахь.
18
Юсупа элира цуьнга: «ХӀан-хӀан, дада, хьалхарниг хӀара ву, аьтту куьг цуьнан коьрта тӀе дилла».
19
Амма да реза ца хилира: «Суна хаьа, сан кӀант, суна хаьа. Кхунах а халкъ схьадер ду, и халкъ а доккха, сийлахь хир ду. Амма жимаха волу ваша цул лакхара хир ву, цуьнан тӀаьхьенах дукха халкъаш схьадевр ду».
20
Цу дийнахь, уьш декъал а беш, цо элира: «Шун цӀерашца Исраилан халкъо вовшийн декъалбийр бу: „Эпрам а, Маннаш а санна войла хьо Дала“, — бохуш». Иштта Эпрам Маннашал лакхара хӀоттийра цо.
21
Юха Исраила элира Юсупе: «Со леш ву, амма Дела шуьца хир ву. Цо шайн дайн лаьтта тӀе юхадуьгур ду шу.
22
Хьайн вежарел хьо лакхара хиларна, айса эмархошкара туьраца а, Ӏодаца а баьккхина Шехем-мохк дӀало ас хьуна».
← Chapter 47
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 49 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50