bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 9
Genesis 9
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 10 →
1
ТӀаккха Нохьа а, цуьнан кӀентий а декъалбеш, Дала элира цаьрга: «ТӀаьхье стам а луш, деба а дебаш, латта дузийла аш.
2
Шух кхера а кхоьруш, шуна хьалха ега а еш, хуьлийла лаьтта тӀехь мел йолу акхарой а, стигалахь мел долу олхазарш а, кху лаьттахь лелаш мел йолу текхаргаш а, хӀорда чохь мел долу чӀерий а. Шун кара дӀаделла Ас и дерриге а.
3
Массо а ораматаш еллера Ас шуна, ткъа хӀинца дерриге а дийнаташ хир ду шуна юучунна. Лаьттара са мел долу хӀума а дӀало Ас шуна юучунна.
4
Амма цхьа хӀума тӀедуьллу ас шуна: шена чохь са долу, шех цӀий дӀадалаза долу жижиг ма даалаш.
5
Адаман цӀий Ӏанорна Соьга жоп дала деза, цу цӀийна чохь са долу дела. ХӀора стага а жоп дала деза ша адаман Ӏанийначу цӀийнах, муьлххачу акхароша а жоп дала деза, шаьш адаман цӀий Ӏанийча.
6
Цхьана стага адаман цӀий Ӏанийнехь, цуьнан цӀий а Ӏанор ду, цу стага Делан вастехь кхоьллинчуьнан цӀий Ӏанийна дела.
7
Ткъа шу деба а деба, шайн тӀаьхье стам а е, дӀаса а даржа лаьтта тӀехь, алссам а довла цу тӀехь».
8
Дала элира Нохье а, цуьнан кӀенташка а:
9
«Ткъа Ас барт бо шуьца а, ерриге а шул тӀаьхьа хир йолчу шун тӀаьхьенца а,
10
массо олхазаршца а, мел долчу дийнаташца а, массо а акхарошца, шуьца хинкеман чуьра араяьллачу, лаьттара са мел долчу хӀуманца а.
11
Иштта барт бо Ас шуьца: лаьттара йисина дийна мел йолу хӀума хица хӀаллакйина яра, амма ишттаниг кхин цкъа а юха хир дац аьлла. Кхин цкъа а латта хи тӀедаларца хӀаллакдийр дац».
12
ТӀаккха Дала элира: «Шуьца бинчу бертан тоьшалла дуьту Ас. Оцу тоьшалло чӀагӀдийр ду Ас шуьца а, дийна мел йолчу хӀуманца а, тӀейогӀучу массо а ханна, барт бар. ХӀара ду и тоьшалла:
13
стелаӀад хӀоттадо Ас стигалан мархашкахь. И ду тоьшаллина Суна а, Лаьттана а юкъахь бинчу бертан.
14
Ас лаьттана тӀехула гулйина мархашна юкъахь стелаӀад гучудаьлча,
15
Суна дагабогӀур бу Ас шуьца а, лаьттахь дийна мел йолчу хӀуманца а бина барт, кхин цкъа а массо а дийна хӀума хи тӀедаларца хӀаллакйийр яц аьлла.
16
Стигалан мархашка а хьаьжна, стелаӀад гича, дагабогӀур бу Суна Сайна а, лаьттара дийна мел йолчу хӀуманна а юкъара цкъа а хедар боцу барт».
17
Иштта элира Дала Нохье: «И стелаӀад лаьттахь дийна мел йолчу хӀуманна а, Сайна а юкъахь бинчу бертан тоьшаллина хир ду».
18
Хин кеман чуьра арабевллачу Нохьин кӀентийн цӀераш иштта яра: Шима, Хьама, Япат. Ткъа Хьама КанаӀанан да вара.
19
И кхоъ Нохьин кӀант вара, ткъа царех хилла лаьттара адамийн тӀаьхье.
20
Нохьас латта лело а долийра, кемсийн аре а дӀайийра.
21
Кемсийн чагӀар а мелла, ваха а вехна, верзина а ваьлла, шен четар чохь, тӀе хӀума а тасаза, вижина Ӏуьллуш вара Нохьа.
22
КанаӀанан дена Хьамина гира шен ден верзина ваьлла хилар, тӀаккха цо ара а ваьлла, цунах лаьцна шен шина веше дийцира.
23
Ткъа Шима а, Япат а, шайн ден бедар схьа а эцна, шаьшшиннан белшаш тӀе а йиллина, тӀехьа а вирзина, кӀегара шайн дена тӀе вахара. И бедар цунна тӀе а тесна, Нохьин верзина хилар дӀакъевлира цара. Уьш тӀехьа бирзина болу дела, царна шайн ден верзина хилар ца гира.
24
Ша меллачу чагӀарх васта а велла, самаваьлча, Нохьина хиира, шена тӀехь жимаха волчу кӀанта Хьамас динарг.
25
ТӀаккха Нохьас элира: «НеӀалт хуьлда КанаӀанна. Шен вежарийн лешна хьалха а лай хир ву иза», — аьлла.
26
Кхин а элира цо: «Декъала ву Веза Эла, Шимин Дела, ткъа КанаӀан Шимин лай хуьлийла.
27
Япатан тӀаьхье Дала беркате а йойла, Шимин четарш чохь а Ӏойла Япат. Ткъа КанаӀан Япатан лай хуьлийла!»
28
Лаьтта тӀехь хи тӀедалар хиллачул тӀаьхьа, кхо бӀе шовзткъе итт шарахь вехира Нохьа.
29
Дерриге а Нохьа ваьхна шераш исс бӀе шовзткъе итт шо ду. ТӀаккха Нохьа дӀакхелхира.
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 10 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50