bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 23
Genesis 23
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 24 →
1
Сарат бӀе ткъе ворхӀ шарахь ехира дуьнен чохь.
2
Иза кхелхира КанаӀан-махкахь йолчу Кхиръят-АрбаӀ цӀе йолчу (хӀинца Хьеврон олучу) гӀалахь. Сарат кхелхича, ИбрахӀима, четар чу а веана, белхар хӀоттийра.
3
Шен елла зуда Ӏад а йитина, хьетахошца къамел дан вахара иза.
4
«Со шуна юккъехь тӀевеана стаг ву, со кхузара а вац. Зуда дӀаерзо меттиг яц сан тахана, цхьажимма латта дохкийша суна зуда дӀаерзо», — элира цо цу нахе.
5
Хьетахоша жоп делира ИбрахӀиме:
6
«Эла, хьо сийлахьчу элех цхьаъ ву тхуна юкъахь. Хьайн елларг тхан тоьллачу къубба чохь дӀайолла. Хьоьга цигахь зуда дӀайоллийта тхох цхьа а дуьхьал хир вац хьуна».
7
ИбрахӀим, хьала а гӀаьттина, цу мехкан нахана хьалха охьатаьӀира.
8
Цо элира цаьрга: «Нагахь шу билггал сан зуда дӀайолла суна гӀо дан лууш делахь, сан цӀарах ЦӀохьаран кӀантаца Ӏепронаца къамел дейша.
9
Цуьнан латта чекхдоллучохь, шех Махпела олу меттехь йолу хьех эца лаьара суна. Цунах буьззина болу мах а лур бара ас, ткъа латта сайн зуда дӀайолла ас оьцуш хиларан шу тешаш хила а лаьара суна».
10
Ӏепрон хьетахошна юкъахь хиина Ӏаш вара. ГӀалин кевнна хьалха баьхкинчу массо а нахана юкъара цо жоп делира ИбрахӀимна:
11
«ХӀан-хӀа, эла, хӀокху сайн вежаршна хьалха ас дӀало хьуна и латта а, цу тӀехь йолу хьех а, хьайн зуда цу чохь хьоьга дӀайоллийтархьама».
12
Кхин цкъа а хьетахошна хьалха охьатаьӀира ИбрахӀим.
13
ТӀаккха, массарна а хезаш, цо Ӏепроне элира: «Оцу лаьттах хьуна буьззина мах бала лаьа суна. Соьгара ахча дӀаэцахьара ахь, тӀаккха сайн зуда дӀаюллур яра ас».
14
Ӏепрона ИбрахӀимна жоп делира:
15
«ЛадогӀахь соьга, эла: диъ бӀе шекхал дато ахча хьуна а, суна а хӀумма а йоцург ю! Хьайн елларг дӀайоллахь».
16
Ӏепрона аьллачунна реза а хилла, хьетахошна хьалха лаьттах цӀе тоьхна мах дӀабелира ИбрахӀима. Цо делларг диъ бӀе шекхал дато ахча дара (шекхал совдегаршна юкъахь лелош долчу барамехь дара).
17
Иштта Ӏепронан латта кхечуьнан дола делира. Мамари олучу меттигна уллохь, Махпелахь дара и латта.
18
ИбрахӀиман дола делира латта а, цу тӀера хьех а, дитташ а. ИбрахӀиман а, Ӏепронан а хиллачу механ тешаш хилира гӀалин кевна хьалха баьхкина массо а хьетахой.
19
Цул тӀаьхьа ИбрахӀима шен зуда Сарат оцу лаьтта тӀехь йолчу хьеха чохь дӀайоьллира. И меттиг КанаӀан-махкахь йолчу Мамарина (хӀинца Хьеврон) гена йоццуш яра.
20
ИбрахӀима хьетахошкара латта а, цу тӀера хьех а эцна, цунах нах дӀабухку меттиг йира.
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 24 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50