bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 33
Genesis 33
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 32
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 34 →
1
ДӀахьаьжначу Якъубана гира, шеца виъ бӀе стаг а валош, вогӀу Ӏесав. Леиний, Рахьалний, шина ялхочунний юкъахь бераш дӀасадийкъира Якъуба.
2
Ялхой-зударий а, церан бераш а хьалха хӀиттийра цо, Леа а, цуьнан бераш а царна тӀехьа хӀиттийра, ткъа Рахьал а, Юсуп а массарна а тӀехьа даьккхира.
3
Хьалхаваьлла дӀа а волавелла, шен вешина тӀекхочуш, ворхӀазза лаьтта тӀекхаччалц охьатаьӀира иза.
4
Амма Ӏесав, Якъубана дуьхьал а ведда, иза мара а воьллина, барташ даха хӀоьттира. И шиъ вилхира.
5
Зударий а, бераш а гина, Ӏесава хаьттира: «ХӀорш муьлш бу хьоьца берш?» Якъуба элира: «Дела соьца дика а хилла, Цо хьан ялхочунна делла бераш ду уьш».
6
Ялхой, шайн берашца тӀебаьхкина, охьатаьӀира Ӏесавана хьалха.
7
Юха Леа а, цуьнан бераш а тӀедаьхкина охьатаьӀира. Массарал тӀаьхьа тӀедеана Юсуп а, Рахьал а охьатаьӀира.
8
Ӏесава хаьттира Якъубе: «И дерриг а даьхни суна дуьхьал хӀунда даийтира ахь?» «Хьо резаван лаьара суна, сан эла», — аьлла, жоп делира Якъуба.
9
Ӏесава элира: «Сан дерриг а долуш ду, сан ваша. Хьайниг хьайна дита».
10
«ХӀан-хӀа, ас доьху хьоьга! — элира Якъуба. — Нагахь хьо суна резавелахь, дӀаэцахьа соьгара совгӀат. Хьан юьхь гар — Делан юьхь гар санна ду, сел дика со тӀеийци ахь.
11
Доьху хьоьга, дӀаэца соьгара и совгӀаташ, хӀунда аьлча, Дела соьца дика а хилла, оьшург дерриг а сан долуш ду». Якъуба чӀогӀа дехарна Ӏесава схьаийцира цуьнан совгӀаташ.
12
Юха Ӏесава элира: «ХӀинца дӀагӀур ду вай, со хьуна уллохь хир ву».
13
Амма Якъуба элира: «Хьуна гуш ду бераш гӀелделла хилар, цул сов, уьстагӀий а, хьелий а къона а, оза дезаш а ду сан. Нагахь цхьана дийнахь а лаьллина дигахь, даьхни хӀаллакьхир ду.
14
Хьо хьалха дӀагӀо, со хьуна тӀаьххье дӀавогӀур ву, сих а ца луш, даьхни а, бераш а схьадахкадаларе хьаьжжина. ТӀаккха сан эла волчу, СеӀир-махка, кхочур ву со».
15
Ӏесава элира: «Пурба ло суна хьайца масех сайн стаг вита». «Иза оьшуш дац, — элира Якъуба. — Хьо соьца дика хилар гичхьана тоьур ду суна».
16
Ӏесав оццу дийнахь СеӀир-махка юхавахара,
17
ткъа Якъуб Сакхат цӀе йолчу метте вахара (иза «кхалораш» бохург ду). Цигахь чохь Ӏан цӀа а, бежанашна кӀел хӀитта кхалораш а йира цо. Цундела аьлла цу меттигах Сакхат.
18
Падан-Арамера араваьллачхьана дуьйна, кхин хьовзам боцуш КанаӀан-махкарчу Шехем-гӀала схьакхечира Якъуб. ГӀалина хьалха арахь сецира иза.
19
БӀе дато ахча а делла, Шехеман дегара, Хьамуран доьзалера латта ийцира Якъуба. Цу тӀехь шен четар дӀахӀоттийра цо.
20
Цигахь сагӀа доккху меттиг а кечйина, цу меттигах «Эл» цӀе йолу Исраилан Дела аьлла, цӀе тиллира цо.
← Chapter 32
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 34 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50