bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 41
Genesis 41
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 40
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 42 →
1
Дийнна ши шо чекхдаьлча, пирӀунна гӀан гира: ша Нил цӀе йолчу хина йистехь лаьтташ,
2
хи чуьра берстана а, хаза а ворхӀ етт, хьала а баьлла, эрзашкахь бажа хӀоьттира.
3
Царна тӀаьххье кхин ворхӀ етт схьабелира Нил чуьра. И бежанаш гӀийла а, ирча а дара. Берда тӀехь вукхарна юххе дӀахӀиттира уьш.
4
ГӀийлачу бежанаша дерстанаш диира. Эццахь пирӀун самавелира.
5
Юха иза дӀавижча, кхин гӀан гира цунна: цхьана гӀода тӀехь буьззина а, хаза а ворхӀ кан бара.
6
Юха царна тӀаьххье хьалабелира кхин ворхӀ кан. Уьш гӀийла а, малхбалерчу мохо багийна а бара.
7
ГӀийлачу кенаша дуьззина долу кенаш дӀадиира. Самаваьллачу пирӀунна иза гӀан дуйла хиира.
8
Ӏуьйранна синтем байна вара иза. Мисар-махкара массо а бозбунча а, хьекъал долу стаг а схьа а кхайкхина, царна шен гӀенаш дийцира цо. Амма цхьанна а церан маьӀна дан ца хиира.
9
ТӀаккха коьртачу чагӀардуттучо элира пирӀуне: «ХӀинца суна дагадеа со бехке хилар.
10
Цхьана хенахь пирӀун оьгӀазвахнера шен ялхошна. Со а, коьрта бепигдоттург а пирӀунан гӀаролан хьаькаман цӀенца йолчу набахти чу воллийтира.
11
Суна а, сан накъостана а набахтехь цхьана буса гӀан гира. ХӀора гӀан шен маьӀна долуш дара.
12
Тхоьца чувоьллина гӀаролан хьаькаман ялхо волу къона Ӏебархо вара. Оха цунна тхешан гӀенаш дийцира, цо церан маьӀна дира.
13
Цо ма-дийццара нисделира дерриг а: со сайн балха схьавеара, соьца чувоьллина хилларг хьалаоьллира».
14
ПирӀуно Юсупна тӀаьхьа нах бахийтира, цара иза сихонца набахтера схьавалийра. Маж а яьшна, тӀе цӀена хӀума а юьйхина, пирӀунна тӀевахара Юсуп.
15
ПирӀуно элира Юсупе: «Суна гӀан гина, амма цхьаьнгге а цуьнан маьӀна ца дало. Суна хезнера хьох лаьцна, хьо гӀенех дерг девзаш а, церан маьӀна дан хууш а ву бохуш».
16
Юсупа жоп делира: «Соьга далалур дац, Дала лур ду пирӀунна дика жоп».
17
ПирӀуно дийцира Юсупна: «Суна гӀенах со Нилан берда тӀехь лаьтташ гира.
18
ЦӀеххьана, хи чуьра хьала а баьлла, хаза а, берстана а ворхӀ етт эрзашкахь бажа хӀоьттира.
19
Царна тӀаьххье цкъа а суна Мисар-махкахь гина боцу, чӀогӀа ирча а, оза а ворхӀ етт хьалабелира.
20
Хьалха хьаладевлла, хаза а, нисделла а бежанаш цу гӀийлачу, ирчачу бежанаша диира.
21
Амма цаьрга хьаьжча, цхьаммо а эр дацара цара уьш диъна: шаьш хьалха ма-дарра ирча дара и бежанаш. Эццахь со самавелира.
22
Юха суна гӀенах цхьана гӀад тӀехь хьалабаьлла хаза а, буьззина а ворхӀ кан гира.
23
Царна тӀаьххье хьалабелира бекъа а, гӀийла а, малхбалерчу мохо чахчийна а ворхӀ кан.
24
ГӀийлачу кенаша дуьззина дерш дӀадиира. Ас бозбунчашка дийцира иза, амма цхьанна а маьӀна дан ца хиира цуьнан».
25
Юсупа элира пирӀуне: «И ший а гӀан цхьана хӀуманах лаьцна ду. Дала хьуна схьадиллина Ша дан воллург.
26
ВорхӀ дика етт а, ворхӀ дика кан а — иза ворхӀ шо ду. И ший а гӀан цхьаннах лаьцна ду.
27
Ткъа вукхарал тӀаьхьа хьалабаьлла болу ворхӀ гӀийла а, ирча а етт а, ворхӀ гӀийла а, малхбалерчу мохо чахчийна кан а — иза ворхӀ шо ду. Мацалла хӀоьттина ворхӀ шо.
28
Дала пирӀунна Ша дан воллург схьадиллина аьлла, ас бохург хӀара дара.
29
Мисар-махкахь шорто йолуш, токхе ворхӀ шо тӀекхочуш ду.
30
Юха тӀедогӀу ворхӀ шо мацалла йолуш хир ду. Шорто хилла хилар дицлур ду — мацалло дерриг а латта дассор ду.
31
Шорто йицлур ю цунна тӀаьххье йогӀун йолу мацалла бахьана долуш, хӀунда аьлча мацалла луьра хир ю.
32
ПирӀунна гӀан шозза гаран маьӀна ду Делан сацам хилла чекхбалар а, Цо иза кестта кхочушбийриг хилар а.
33
ХӀума хууш а, хьекъал долу а стаг а лехна, Мисар-махкахь куьйгалла дан иза хӀотто веза ахь.
34
Шорто йолчу ворхӀ шарахь Мисар-махкахь кхиъначу ялтин пхоьалгӀа дакъа схьагулдеш, нах арабаха беза.
35
Оцу дикачу шерашкахь цара ялта гул а деш, пирӀунан омрица гӀаланашкахь кӀа Ӏалашдан деза.
36
Гулдина ялта дӀадиллина хир ду, мацалла тӀееанчу ворхӀ шарахь Мисар-махкара адам хӀаллак ца хилийта».
37
ПирӀуно а, цунна гонах болчу элаша а, реза а хилла, тӀетодира Юсупа аьлларг.
38
Шен элашка пирӀуно хаьттира: «ХӀара стаг санна верг вайна кхин мила карор ву, шена чохь Делан Са а долуш?»
39
ТӀаккха пирӀуно Юсупе элира: «Дала и дерриг а хьуна схьадиллина хилча, хьол хьекъал долуш а, хӀуманах кхеташ а стаг вац.
40
Ас сайн цӀенна тӀехь куьйгалла дан хӀоттаво хьо, дерриг а сан халкъ хьан омранаш кхочушдеш хир ду. Паччахьан дарже хьаьжна бен, со хьол лакхара хир вац».
41
ПирӀуно элира Юсупе: «Хьажалахь, ас берриг а Мисар-махка тӀехь куьйгалла дан хӀоттаво хьо».
42
Цо шен пӀелга тӀера схьадаьккхина мухӀар Юсупан пӀелга тӀе доьллира, дуткъачу кӀадинах дина духар цунна тӀе а дуьйхина, цуьнан коча дашо зӀе оьллира.
43
Шен шолгӀа гӀудалкха чохь лелаве иза аьлла, омра дира пирӀуно. Юсупна хьалха боьлхучу ялхоша, цунна некъ бита бохуш, маьхьарий деттара. Иштта пирӀуно Мисар-махка тӀехь куьйгалхо хӀоттийра Юсуп.
44
ПирӀуно элира Юсупе: «Со пирӀун ву, амма берриг а Мисар-махкахь хьан бакъо йоцуш цхьа а меттахвала а ваьхьар вац».
45
Цо Юсупна керла цӀе елира — Цапнат-ПаӀнахь аьлла. Ана цӀе йолчу гӀалин динан да волчу ПатипараӀан йоӀ Аснат ялийра пирӀуно Юсупна. Иштта Юсуп берриг а Мисар-махкана тӀехь урхалла деш хилира.
46
Юсупан ткъе итт шо дара, Мисаран паччахьна гӀуллакх дан иза вахача. ПирӀун волчуьра араваьлла, берриг а Мисар-махкахула чекхвелира иза.
47
Шорто йолчу ворхӀ шарахь лаьтто дуккха а ялта делира.
48
Оцу ворхӀ шарахь кхиъна ялта, гул а деш, гӀаланашкахь охьадуьллура Юсупа. Луларчу аренашкахь кхиъна ялта хӀора гӀалахь охьадуьллура цо.
49
ХӀордан гӀум санна, дукха дара Юсупа гулдина кӀа. Цо иза, дагар а ца деш, дитира, хӀунда аьлча дагар ца даллал иза дукха хиларна.
50
Мацалла хӀутту шераш тӀекхачале Ана цӀе йолчу гӀалин динан ден ПатипараӀан йоӀа Асната ши кӀант вира Юсупна.
51
Дуьххьарлерачу кӀентан цӀе Маннаш тиллира Юсупа (иза «дицдайтар» бохучух тера ду). Цо бохура: «Дала сайна хилла халонаш а, ден цӀа а дицдайтина соьга».
52
ШолгӀачу кӀентан цӀе Эпрам тиллира цо (иза «дебийтар» бохург ду). Юсупа бохура: «Ас бала хьегначу махкахь Дала дебийтина со».
53
Мисарахь шорто йолу ворхӀ шо чекхделира.
54
Юсупа ма-аллара, мацалла еана ворхӀ шо дӀадоладелира. Вукху мехкашкахь а яра мацалла, Мисарахь бен яа хӀума яцара.
55
Амма ерриг а Мисарахь мацалла хӀоьттича, адам пирӀунна тӀедахара ялта доьхуш. Цо элира мисархошка: «Юсупна тӀе а гӀой, цо бохург де».
56
Берриг а махкахь мацалла яра. Юсупа мисархошна кӀа доьхкира, иза дӀадиллина меттигаш схьа а йиллина, хӀунда аьлча Мисарахь чӀогӀа мацалла хӀоьттинера.
57
Гонах болчу массо а махкара нах Мисара Юсупера кӀа эца богӀура, хӀунда аьлча массанхьа а луьра мацалла яра.
← Chapter 40
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 42 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50