bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 37
Genesis 37
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 36
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 38 →
1
Якъуб шен да ваьхначу КанаӀан-махкахь Ӏаш вара.
2
ХӀара ду Якъубан тӀаьхьенах хилларг. ВуьрхӀитта шо долу Юсуп шен вежаршца ден уьстагӀий а, гезарий а яжош вара. Цуьнца хуьлуш болу цуьнан вежарий Якъубан шиннан зудчун Балхьатан а, Залпаан а кӀентий бара. Юсупа шен вежарша дина вон хӀума дега дӀадуьйцура.
3
Исраил (я Якъуб) воккха стаг волчу хенахь дуьнен чу ваьлла вара Юсуп, цундела вукху кӀентел дукхавезара цунна иза. Цо Юсупна хаза кечдина духар делира.
4
Шайл а алсам дена дукхавезийла хиъча, вежаршна Юсуп ца вийзира, цуьнца бертахь къамел дан а ца лаьара царна.
5
Цкъа Юсупна гӀан гира. Цо иза вежаршна дийцира, царна Юсуп кхин а чӀогӀа ца вийзира.
6
Цо элира цаьрга: «ЛадогӀийша, суна хӀун гӀан гина.
7
Вай кха тӀехь цӀевнаш доьхкуш дара. ЦӀеххьана сан цӀов, айа а белла, дӀанисбелира, шун цӀевнаш, цунна гонах а хӀиттина, цунна охьатаьӀира».
8
Вежарша элира цуьнга: «Хьо паччахь а хилла, тхуна тӀехь куьйгалла деш хир ву моьтту хьуна?» Цуьнан гӀан а, иза дийцар а бахьана долуш кхин а чӀогӀа ца вийзира царна иза.
9
Кхин цхьа гӀан а гира Юсупна, иза а вежаршна дийцира цо: «ЛадогӀийша, кхин цхьа гӀан а гира суна: хӀинца суна хьалха охьатаьӀаш малх а, бутт а, цхьайтта седа а бара».
10
Вежаршна дийцина ца Ӏаш, дена а дийцира цо и гӀан. Дас бехк баьккхира цуьнга: «И хӀун гӀан ду хьуна гинарг? Со а, хьан нана а, хьан вежарий а, дахка а даьхкина, хьуна хьалха охьатаьӀар ду ткъа?»
11
Вежарий хьоьгура цунах, амма дас дагахь латтадора и хилларг.
12
Шайн ден жаш дажо Шехем олучу метте бахара вежарий.
13
Исраила элира Юсупе: «Шехемна уллохь жа дажош бу хьан вежарий, хьо царна тӀевахийта воллу со». «Со кийча ву», — жоп делира Юсупа.
14
Дас элира цуьнга: «Ваха а гӀой, хьажа хьайн вежарий хӀун деш бу а, жа муха ду а, юха а волий, суна жоп а да цунах лаций». Хьеврон-тогӀи чуьра Шехеме вахийтира цо Юсуп.
15
Цигахь тила а велла, арахула иза лелачу хенахь цунна дуьхьалкхийтира цхьа некъахо. Цо хаьттира Юсупе: «Ахь хӀун лоьху?» — аьлла.
16
Юсупа элира: «Ас сайн вежарий лоьху. Алахьа соьга, мичахь бу уьш шайн жаш дажош?»
17
«Уьш кхузара дӀабахна, — жоп делира цу некъахочо. — Суна хезира цара олуш: „Дотане гӀур ду вай“». ТӀаьхьаваханчу Юсупна шен вежарий Дотан олучу гӀалина уллохь карийра.
18
Геннахь Юсуп тӀевогӀуш а гина, шайна и тӀекхачале вежарша барт бира иза вен.
19
«Хьуьлла вогӀу хӀара гӀенаш гуш верг! — элира цара. —
20
Вен а вийна, гӀуна чу кхосса веза вай иза, цӀахь иза экхано виъна эр ду вай. ТӀаккха хуур ду вайна цуьнан гӀенех хӀун хуьлу».
21
И къамел хезча, Юсуп кӀелхьарваккха луучу Раабана элира: «ХӀан-хӀа, иза вуьйр вац вай».
22
Кхин а элира цо: «ЦӀий ма Ӏанаделаш. Яьссачу арара оцу гӀуна чу кхосса иза, амма цунна тӀе куьг ма айа». Царах иза кӀелхьара а ваьккхина, да волчу дӀавахийта лууш вара Раабан.
23
Юсуп вежаршна тӀевеача, цунна тӀера еза, хаза кечйина бедарш схьаехира цара.
24
Юха чохь хи доцучу, яьссачу гӀуна чу кхоьссира иза вежарша.
25
ХӀума яа охьахевшича, царна гира ГалӀад цӀе йолчу меттера эмкалийн къепалца богӀу ИсмаьӀалан тӀаьхьенах болу нах. Хаза хьожа йогӀучу бецех а, зезагех дина тайп-тайпана хьакхарех а эмкалш а йоьттина, Мисар-махка боьлхура уьш.
26
ЯхӀуда элира вежаршка: «Вайна хӀун пайда бу, ваша вен а вийна, цунах дерг лачкъийна Ӏийча?
27
Цул а оцу нахана дӀавухкур ву вай иза, цунна тӀе куьг айа а дезар дац — вайн ваша ма ву иза». Вежарий резахилира цо аьллачунна.
28
ИсмаьӀалан тӀаьхьенах болу и маданхойн совдегарш тӀехбовлучу хенахь вежарша Юсуп, гӀуна чуьра хьала а ваьккхина, ткъа детин ахчанах царна воьхкира. Цу наха иза Мисара дӀавигира.
29
Раабанна ца хаьара хилларг. ГӀуна тӀе вахача, цигахь Юсуп а ца гина, холчу хӀоьттина, шена тӀера хӀуманаш этӀийра цо.
30
Юха а веана, цо элира вежаршка: «КӀант цигахь вац! Со хӀинца дена хьалха муха гӀур ву?»
31
ТӀаккха цара, бож а йийна, цуьнан цӀий хьаькхира Юсупан куча тӀе.
32
Юха, и коч шайн дена тӀе а яьхьна, цара элира: «ХӀара карийна тхуна. Хьажахь, хьан кӀентан юй хӀара?»
33
Коч евзинчу дас элира: «ХӀара сан кӀентан коч ю! Иза экхано виъна! Юсуп цистина дӀаваьккхина».
34
Шена тӀера бедарш а этӀийна, Ӏаьржа духар а дуьйхина, дуккха а деношкахь кӀантах белхар дира Якъуба.
35
Массо а цуьнан кӀентий а, йоӀарий а иза теван гӀертара, амма иза тен дагахь вацара: «Сайн кӀантана сагатдеш, эхарта дӀагӀур ву со», — бохура цо. КхидӀа а белхар дира дас.
36
Ткъа цу хенахь маданхоша Мисар-махкахь пирӀунан гӀаролан хьаькам волчу Патипарна воьхкира Юсуп.
← Chapter 36
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 38 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50