bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 32
Genesis 32
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 31
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 33 →
1
Шен некъ кхидӀа а бечу Якъубана дуьхьал Делан маликаш кхийтира.
2
Уьш гича, Якъуба элира: «ХӀара Делан тоба ю!» Цо и маликаш гинчу меттиган цӀе Махьанайм тиллира (иза «ши тоба» бохург ду).
3
СеӀир цӀе йолчу махкара Эдом олучу меттехь Ӏаш волчу шен веше Ӏесаве хаам бан нах бахийтира Якъуба.
4
Цо элира цаьрга: «Сан эле Ӏесаве иштта ала: „Хьан ялхочо Якъуба боху: ‘Со Лабан волчохь хӀара де тӀекхаччалц Ӏийна.
5
Сан стерчий а, хьелий а, варраш а, уьстагӀий а, гезарий а, ялхой а, гӀарбашаш а бу. ХӀара кхаъ боуьйту ас хьан къинхетаме сатесна’“».
6
Геланчаша, юха а баьхкина, элира Якъубе: «Хьан ваша Ӏесав волчохь хилира тхо, иза хӀинца хьуна дуьхьал вогӀуш ву, шеца виъ бӀе стаг а валош».
7
Воьхна а, кхеравелла а хьаьвзинчу Якъуба шеца болу нах а, даьхни а шина тобане дийкъира.
8
Цо ойла йира: «Нагахь Ӏесав цхьана тобанна тӀелатахь, важа, кӀелхьара а яьлла, дийна юьсур ю».
9
Якъуба элира: «Сан деден ИбрахӀиман а, сан ден Исхьакхан а Дела, Веза Эла, Ахь элира соьга: „Хьайн лаьтта тӀе, гергара нах болчу юхаверза, Ас дика ваха хаор ву хьо“.
10
Со хьакъ вац Хьан соьга хедар боцучу безамна а, тешамна а. Со Йордан-хих дехьаваьлча, сан карахь цхьа гӀаж бен хӀумма а яцара, ткъа хӀинца сан шина тобане бекъна бахам бу.
11
Доьху Хьоьга, сан вешех Ӏесавах со ларвехьа, хӀунда аьлча со кхоьру, ван а веана, иза суна а, зударшна а, берашна а тӀелатарх.
12
Ахь аьлла ма ду: „Ас хьан аьтто бийр бу, хӀордан гӀум санна, ягар ца яллал тӀаьхье а кхиор ю“».
13
Якъуба цигахь буьйса яьккхира, шен долчух вешина Ӏесавана совгӀат а кечдира цо:
14
ши бӀе газа а, ткъа бож а, ши бӀе уьстагӀ а, ткъа ка а,
15
ткъе итт стен эмкал а, шайн бокъашца, шовзткъа етт а, итт бугӀа а, ткъа виркхел а, итт вир а.
16
И даьхни тобанашка а декъна, ялхошка дӀа а делла, цо элира: «Сол хьалха дӀагӀо, даьхнина юкъахь меттиг а юьтуш».
17
Хьалха воьдучу ялхочуьнга Якъуба элира: «Сан ваша Ӏесав дуьхьал а кхетта, цо хьайга хаттахь: „Хьо хьенан ву? Стенга воьду? ХӀара хьенан даьхни ду ахь дуьгург?“,
18
ахь ала: „Хьан ялхочун Якъубан даьхни ду. Хьуна совгӀатана доуьйтуш ду хӀара, иза ша а ву тхуна тӀаьххье схьавогӀуш“».
19
Иштта шолгӀачу ялхочунна а, кхозлагӀчунна а, даьхнина тӀаьхьа богӀучу вукхарна а хьийхира цо ала дезарг: «Аша а иштта ала Ӏесаве, иза шайна дуьхьалкхетча.
20
Кхин тӀе а тоха: „Хьан ялхо Якъуб тхуна тӀаьхьа вогӀуш ву“, — алий». Якъуба ойла йора: «Ас дог кӀаддийр ду цуьнан, сайл хьалха хӀара совгӀаташ а дахьийтина. Юха, тхойша вовшахкхетча, цо со тӀеэца мега».
21
Иштта совгӀаташ хьалха дӀа а дахьийтина, шаьш севцначу меттехь буьйса йоккхуш Ӏийра Якъуб.
22
Цу буссехь шен ши зуда а, ши ялхо-зуда а, цхьайтта кӀант а эцна, Ябокх цӀе йолчу хин гечох дехьавелира Якъуб.
23
Доьзал а, шен бахам а хил дехьа баьккхира цо.
24
Якъуб ша висинчу хенахь сахиллалц цхьаъ лийтира цунах.
25
Шега Якъуб эша ца велча, цу стага, кхуьнан хенах чӀогӀа куьг а тоьхна, иза чуьрадаьккхира.
26
Юха цо элира: «ДӀахеца со, арахь серлайолуш ю». Амма Якъуба элира: «Ахь со декъалваллалц дӀахоьцур вац».
27
Стага хаьттира: «Хьан цӀе хӀун ю?» «Якъуб», элира Якъуба.
28
ТӀаккха стага элира: «ХӀинца дуьйна хьан цӀе Якъуб хир яц, Исраил хир ю, хӀунда аьлча хьо, Делах а, нахах а летта, кӀел ца висира».
29
Якъуба элира: «Доьху хьоьга, хьайн цӀе йийцахь суна». Амма стага хаьттира: «Сан цӀе хӀунда хоьтту ахь?» Цо Якъуб декъалвира.
30
Якъуба цу меттиган цӀе Пенуал (иза «Делан юьхь» бохург ду) тиллира. Цо элира: «Кху меттехь Делаца юьхь-дуьхьал а нисвелла, дийна висна со».
31
Малх цунна тӀехула хьалагӀаьттира, иза, астагӀа а лелхаш, Пенуалехула чекхволуш.
32
Цундела ца юу исраилхоша ха долчуьра хьорзам, хӀунда аьлча Дала Якъубан цу меттигах куьг тоьхна дела.
← Chapter 31
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 33 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50