bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 10
Exodus 10
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 11 →
1
Везачу Эло Мусага элира: «ПирӀун волчу гӀо. Цуьнан а, цуьнан уллорачеран а дегнаш чӀагӀдина Ас, Сайн тамашийна билгалонаш царна гайтархьама.
2
Хьоьга хьайн тӀаьхьене а, тӀаьхьенийн тӀаьхьене а дийцийта лаьа Суна Мисарахь Ас диначух а, гайтинчу билгалонех а лаьцна, шуна Веза Эла Со вуйла хаийта».
3
Мусас а, АхӀарона а, пирӀунна тӀе а веана, элира: «Везачу Эло, Ӏебархойн Дала, боху: „Хьо дукха Ӏан воллий Суна къар ца луш? ДӀахеца Сан халкъ Суна Ӏибадат дайта.
4
Нагахь ахь Сан халкъ дӀа ца дахийтахь, кхана Ас хьан махка тӀе цӀоз хоьцур ду.
5
Цо дерриг а латта къайладоккхур ду. Къора тоьхча шун диснарг а, цул тӀаьхьа арарчу дитташ тӀе хьаладаьлларг а дӀадуур ду цо.
6
Хьан цӀенош а, хьан уллорачеран а, массо а мисархочун цӀенош а хьаладузур ду цӀазо. И саннарг гина дац хьан дайшна а, дайн дайшна а шаьш кху лаьтта тӀехь Ӏаш мел бу“». Юха а вирзина, пирӀун волчуьра аравелира Муса.
7
ТӀаккха цунна уллорачара элира пирӀуне: «И халкъ бахьана долуш кхин мел бала хьега деза вай? ДӀахецахьа уьш шайн Везачу Далла Ӏибадат дан. Хьуна ца го, берриг а Мисар-мохк хӀаллакьхуьлуш хилар?»
8
ПирӀуно Муса а, АхӀарон а схьакхайкхира. Цо цаьрга элира: «Даха а гӀой, шайн Везачу Далла Ӏибадат де. Мила гӀур ву шух цига?»
9
«Берриш а гӀур бу, — жоп делира Мусас, — жима а, воккха а. Тхайн кӀентий а, йоӀарий а, тхайн кегий а, даккхий а даьхни а эцна гӀур ду тхо, хӀунда аьлча Везачу Элана лерина деза де ду тхан».
10
ПирӀуно элира: «Шун бераш шуьца дӀадахийта со резавелахь, Волуш Волу Дела билггала шуьца хир ву! Гой шуна, вон хӀума ду шуна дагахь.
11
Цундела берриш а ас бохуьйтур бац. Божарша, баха а гӀой, Везачу Элана гӀуллакх де, шаьш соьга иза ма-деххара». Цул тӀаьхьа Мусай, АхӀаронний пирӀун волчуьра араваьккхира.
12
ТӀаккха Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг Мисар-махкана тӀехула дӀалаца, кху махка тӀе цӀоз а летта, арара буц а, къора тоьхча диснарг дерриг а дӀадуийла цо».
13
Мусас шен Ӏаса Мисар-махкана тӀехула дӀалецира. Везачу Эло кху лаьтта тӀе баийтира малхбалера мох, иза цу дийнахь, буса а хьийкхира. Ӏуьйре тӀееача, малхбалерчу мохо цӀоз деара.
14
Инзаре дукха цӀоз тӀелетира берриг а Мисар-махкана. Хьалха а ца хиллера Мисарахь сел дукха цӀоз я тӀаьхьа а хир дац.
15
Цо, къайла а доккхуш, дерриг а латта дӀалаьцнера. Къора тоьхча дисина долу лаьттара дерриг ялта а, дитташ тӀера стоьмаш а дӀабиира цӀазо. Берриг а Мисар-махкахь я дитташ тӀехь а, я арарчу баца тӀехь а соьналлех хӀума ца дисира.
16
Мусай, АхӀаронний сихонца тӀе а кхайкхина, пирӀуно элира: «Шун Везачу Далла а, шуна а хьалха къа латийна ас.
17
Кхин цкъа а гечдейша суна. Шайн Везачу Деле доӀа дейша, со хӀокху Ӏожаллех кӀелхьарваккха алий».
18
ПирӀун волчуьра ара а ваьлла, Везачу Эле доӀа дира Мусас.
19
Малхбузехьара дуьхьал чӀогӀа мох хьакхийтира Везачу Эло. Цу мохо дадийна цӀоз Эрзан хӀорда чу кхоьссира. Берриг а Мисар-махкахь цхьа а цӀоз а ца дисира.
20
Амма Везачу Эло дог чӀагӀдина волчу пирӀуно Исраилан халкъ юха а дӀа ца дахийтира.
21
Юха Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг стигала кховдаде, тӀаккха берриг а Мисар-махкахь буькъа бода хӀуттур бу».
22
Мусас шен куьг стигала кховдийча, Мисарахь кхаа дийнахь буькъа бода хӀоьттира.
23
Вовшийн ган а ца гуш, шаьш Ӏачуьра хьала а ца гӀовттуш кхо де даьккхира наха, ткъа исраилхойн цӀенош долчохь серло яра.
24
Мусага тӀе а кхайкхина, пирӀуно элира: «Даха а гӀой, Везачу Элана Ӏибадат де. Шайн бераш а дига шайца, амма кегий а, даккхий а даьхни ца дуьгуш, бухахь дита».
25
Амма Мусас элира: «Ахь-айхьа яла еза тхуна бакъо тхайн Везачу Далла сагӀа даккха.
26
Оха тхайн дерриг а тхешан даьхни дӀадуьгур ду, цхьа берг буха а ца юьтуш, хӀунда аьлча цу юккъера ду оха тхешан Везачу Далла даккха дезаш долу сагӀа. Тхаьш цига дӀакхаччалц тхуна ца хаьа, Везачу Элана сагӀина хӀун хьайба ден деза».
27
Везачу Эло дог чӀагӀдинчу пирӀунна уьш дӀахеца ца лиира.
28
ТӀаккха пирӀуно Мусага элира: «Яхийта кхузара! Ларлолахь, кхин суна дуьхьал ма воьллахь. Сан юьхь гинчу дийнахь лийр ву хьо».
29
Мусас жоп делира: «Ахь ма-аллара хир ду, кхин хьан юьхь гур яц суна».
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 11 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40