bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 36
Exodus 36
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 35
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 37 →
1
«Делан четар дан деза болх муха кхочушбан хууш волчу Бацалиала а, ОхӀлиаба а, Везачу Эло хьекъал а, говзалла а елла мел болчу наха а дерриг а Везачу Эло тӀе-ма-диллара дан деза».
2
Мусас Бацалиал а, ОхӀлиаб а, Везачу Эло говзаллаш елла а, даггара лелаш болу а массо а нах тӀекхайкхира и болх бан.
3
Исраилхоша Делан четар дарна еана хӀуманаш Мусагара схьаийцира оцу пхьераша шайн болх бан. Ткъа халкъо хӀора Ӏуьйранна а кхин а схьакхоьхьуш бара иза волчу шайн лаамехь бахьаш болу, совгӀатна лерина гӀирсаш.
4
Юха Делан четарна тӀехь болх беш болу пхьераш, шайн болх а сацийна, тӀебаьхкира.
5
Цара Мусага элира: «Везачу Эло бе аьллачу белхашна оьшучул а сов кхоьхьу наха гӀирсаш».
6
ТӀаккха Мусас халкъе дӀакхайкхадайтира, я стага а, я зудчо а Делан четарна лерина хӀумма а ма я аьлла. Цул тӀаьхьа наха совцийра кхоьхьуш йолу хӀуманаш.
7
Бан беза белхаш кхочушбарна оьшучул сов ма яра хӀинцале а схьакхехьна хӀуманаш!
8
Белхаш бечарна юкъара уггар а говза пхьераш Делан четар дан хӀиттира. Дуткъачу кӀадих а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а итт шаршу а йина, царна тӀе говзачу куьйгашца дина каруб-маликийн суьрташ тийгира цара.
9
ХӀора шаршу йохалла ткъе бархӀ дол, шоралла диъ дол яра. Уьш ерриш а цхьана барамехь йинера.
10
Пхи шаршу вовшах а хоьттина, важа пхиъ а вовшаххоьттира цара.
11
Сийначу кӀадих туьйдаргаш дира цара хьалхарчу пхеаннах йистерачу шаршун цхьана агӀор, иштта вукху пхеаннах йолчу йистерачунна а туьйдаргаш дира.
12
Хьалхарчу пхеаннах йолчу йистерачу шаршуна тӀехь шовзткъе итт туьйдарг дира цара, шолгӀачу пхеаннах йолчу йистерачунна тӀехь а оццул дира. Церан туьйдаргаш дуьхь-дуьхьал нисдира цара.
13
Шовзткъе итт дашо мӀара а йина, шаршуш цаьрца вовшахтесира пхьераша, тӀаккха цхьа четар хилира цунах.
14
Юха газанан тӀергӀах четарна тӀехула лаца цхьайтта шаршу йира цара.
15
Уьш йохалла ткъе итт дол а, шоралла диъ дол а яра, цхьайтте а цхьана барамехь а йолуш.
16
Пхи шаршу цхьаьний, ялх шаршу цхьаьний вовшахтесира цара.
17
Пхеаннах йолчу йистерачу шаршуна тӀе шовзткъе итт туьйдарг тийгира, ткъа иштта ялханнах йолчу йистерачу шаршуна тӀе а шовзткъе итт туьйдарг тийгира.
18
Уьш туьйдаргех дӀатасархьама, цара шовзткъе итт цӀестан мӀара йира, тӀаккха дерригенах а дийнна цхьаъ хилира.
19
Четарна тӀехула лаца ши кхалор а йира пхьераша, цхьаъ цӀен басар хьаькхна йолчу уьстагӀийн цӀоканех, важа хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсигах.
20
Акацин дечигах ирахӀиттийна гураш кечдира цара четарна.
21
Гураш итт дол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а дара.
22
ХӀора гуран ши зӀок йинера цара, цхьаъ шолгӀачунна уллохь а нисйина. Четаран дерриг а гураш иштта динера цара.
23
Четаран къилбехьа йолчу агӀор хӀоттийнарг ткъа гур бара.
24
Оцу ткъа гурана уьш тӀехӀитто шовзткъа дато бух бинера пхьераша: цхьана гуран шина зӀакарна кӀел ши бух, вукху гуран шина зӀакарна а ши бух.
25
Четаран къилбаседехьа йолчу агӀор хӀотто а ткъа гур бира цара.
26
Царна шовзткъа дато бух а бира, ши бух цхьана гурана кӀел а хӀоттош.
27
ТӀехьарчу, малхбузехьарчу агӀор бинарг ялх гур бара.
28
Ши гур тӀехьарчу агӀор шина сонехь а бира.
29
Лахахь вовшахтеснера и шиъ, ткъа лакхахь цхьана чӀагарх дӀатесира. Шина сонна болу и ши гур иштта бинера.
30
Иштта, бархӀ гур бара, уьш тӀехӀитто ялхитта дато бух а болуш — хӀора гурана кӀел шишша бух.
31
Акацин дечигах хьокхий дира цара. Пхи хьокха четаран цхьана агӀор долчу гурашна лерина бара,
32
важа пхиъ вукху агӀор долчу гурашна лерина бара, кхин пхиъ тӀехьа агӀор долчу гурашна а бара.
33
Юккъехь болу хьокха кечбира цара, гурашна юккъехула четаран цхьана йистера вукху йисте кхаччалц.
34
Гурашна а, хьокхешна а тӀехула деши лецира пхьераша, хьокхий чухӀитто чӀагарш а деших йира.
35
Дуткъачу кӀадих а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах кирхьа дира цара. Цу тӀехь говзаллица каруб-маликийн суьрташ а дира.
36
Кирхьанна акацих биъ бӀогӀам а бина, царна тӀе деши а лецира, тӀехь дашо зӀакарш а йира. БӀогӀамашна биъ дато бух а бира.
37
Четарна чуволлучу олла тӀехь тир яьккхина йолу шаршу йира пхьераша дуткъачу кӀадих а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а.
38
Цу шаршуна пхи бӀогӀам бира, тӀехь мӀараш а еш. БӀогӀамийн лакхенашна а, царна тӀера дӀатосургашна а тӀе деши лецира, ткъа лахахь цӀестан пхи бух бира цара.
← Chapter 35
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 37 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40