bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 25
Exodus 25
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 24
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 26 →
1
Везачу Эло Мусага элира:
2
«ДӀаала исраилхошка, Суна совгӀаташ да алий. Даггара сагӀа дала лууш лелачу хӀора стагера Суна лерина совгӀаташ схьаэца.
3
Аш схьаэца езаш йолу хӀуманаш хӀорш ю: деши а, дети а, цӀаста а,
4
сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эханг а, дуткъа кӀади а, газанан тӀаргӀа а,
5
цӀен басар хьаькхна йолу уьстагӀийн цӀоканаш а, хӀордан дийнатийн кӀеда тӀаьрсиг а, акацин дечиг а,
6
къуьданна зайтдаьтта а, къобалваран даьттанах а, хаза хьожа йогӀучу сегӀазах а туху хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а,
7
ийпадна а, некха тӀе уллучу безачу тӀоьрмагна а тӀехӀитто оникс цӀе йолу беза тӀулг а, кхидолу деза тӀулгаш а.
8
Нахе Суна цӀа дайта, тӀаккха Со царна юкъахь Ӏийр ву.
9
Ас хьайна ма-гайттара де и цӀа а, цу чуьра хӀуманаш а».
10
«Акацин дечигах тӀорказ де. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а хила деза.
11
Чухула а, тӀехула а цӀена деши лаца цунна. ТӀорказна тӀехула, цунна гонах, дашо сара лаца.
12
ТӀорказна йиъ дашо чӀуг а яй, беа когахь дӀачӀагӀъе уьш: шиъ цхьана агӀор, шиъ вукху агӀор.
13
Акацих хьокхий а дай, тӀехула деши лаца царна.
14
Хьокхий тӀорказан агӀонашкахь йолчу чӀагарех чекхдаха, цаьрца иза леладархьама.
15
ЧӀагарех чекхдаьхна а долуш, гуттар а тӀорказца хила деза хьокхий. Царна чуьра уьш дӀадаха ца могуьйту.
16
ТӀорказ чу Ас хьайга лун йолу экъанаш яхка, шуьца Ас бинчу бертан тоьшалла хилийтархьама.
17
Дала къинош дӀадоху негӀар а де цӀеначу деших. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а хила деза.
18
Туьйсинчу деших негӀарца цхьаьна ши каруб-малик де, уьш негӀарна тӀехь шина агӀор хила деза.
19
Цхьа каруб-малик цхьана агӀор, важа вукху агӀор а долуш, и шиъ негӀарца дийнна цхьа хӀума хила деза.
20
Хьалаайинчу тӀемашца негӀар дӀа а хьулдеш, дуьхь-дуьхьал а, негӀарна тӀедирзина а хир ду и каруб-маликаш.
21
НегӀар тӀорказна тӀедилла. ТӀорказ чу Ас хьайна лун йолу а, бертан тоьшаллина йолу а экъанаш яхка.
22
Тоьшаллин тӀорказна тӀехь долчу шина каруб-маликана юккъехь, негӀарна тӀехула хьуна дуьхьал а вогӀур ву, хьоьга вист а хир ву Со. Цигахь Исраилан халкъана дан дезарг тӀедуьллур ду Ас хьоьгахула».
23
«Акацих стол е ши дол еха а, цхьа дол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а.
24
Цунна гонах деши а лаций, тӀаккха гонах дашо сара лаца.
25
Цунна гонах гур бе кераюкъан шораллехь. Цунна тӀе а дашо сара лаца.
26
Стоьлана йиъ дашо чӀуг е, уьш цуьнан сенашкахь, беа кога тӀехь, дӀачӀагӀъе.
27
Стол дӀасалело хьокхий чекхдоху чӀагарш стоьлан гурана уллохь хила еза.
28
Хьокхий а акацих де, царна тӀехула деши лаца. Царна тӀехь лелор ю и стол.
29
Стоьлана тӀехӀитто бошхепаш а, еш а, кедаш а, боганаш а де, царна чу чагӀаран сагӀанаш доттархьама. ЦӀеначу деших е и хӀуманаш.
30
Цу стоьла тӀехь Суна хьалха гуттар а Суна лерина бепиг латтаде».
31
«ЦӀеначу деших стогар бе. Цуьнан бух а, гӀад а, цу тӀехь хуьлу зезагаш а (зуьгалгашца а, зазанашца а) цхьана декъах туьйсина хила деза.
32
Ялх га хила деза цунна тӀехь: кхо га цхьана агӀор, кхо га вукху агӀор.
33
Цхьана гаьнна тӀехь миндалан зезаган суьртехь кхо зезаг хила деза, зуьгалгашца а, зазанашца а, иштта кхо зезаг вукху гаьнна тӀехь а. Стогаран ялхе а гаьнна тӀехь хила деза уьш.
34
Миндалан зезаган суьртехь зуьгалгашца а, зазанашца а долу диъ зезаг хила деза стогаран гӀода тӀехь.
35
Стогаран гӀодах схьадолучу ялх гаьннах шинна кӀелахь цхьа зуьгалг хила еза, вукху шина гаьнна кӀелахь а цхьа зуьгалг хила еза, кхозлагӀчу шина гаьнна кӀелахь а цхьа зуьгалг хила еза.
36
Цу стогарх схьадовлу зуьгалгаш а, гаьннаш а стогарца цхьа дакъа долчу туьйсинчу цӀеначу деших дина хила деза.
37
ВорхӀ къуьда а бай, цунна тӀе бахка уьш, цаьрга стогаран хьалхара агӀо серлаяккхийта.
38
ЦӀеначу деших тукарш а, нойш а е цунна.
39
Берриг а шен гӀирсашца цхьана галин барамехь долчу цӀеначу деших бе и стогар.
40
Варелахь, лам тӀехь Ас хьайна гайтинчу кепехь белахь стогар».
← Chapter 24
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 26 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40