bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 11
Exodus 11
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 12 →
1
Везачу Эло Мусага элира: «Кхин цхьа бохам а хуьлуьйтур бу Ас пирӀунна а, мисархошна а. Цул тӀаьхьа цо шу дӀахоьцур ду. Цу хенахь цо шу дерриш Мисар-махкара сихонца дӀалохкур ду.
2
Амма и хилале, ахь дӀаала исраилхошка, массо а божарша а, зударша а шайн уллорачаьрга, шайн лулахошка дато а, дашо а хӀуманаш еха еза».
3
Везачу Эло мисархой Шен халкъана реза бира. Ткъа Муса пирӀунан уллорачара а, мисархоша а шайн махкахь чӀогӀа лоруш вара.
4
Мусас пирӀуне элира: «Везачу Эло боху: „Буьйса юккъе яхача, Со Мисарахула чекхвер ву.
5
Мисар-махкахь хӀорра а дуьххьарлера кӀант лийр ву, паччахьан гӀанта тӀехь Ӏаш волчу пирӀунан кӀантана тӀера кӀа оруш йолчу гӀарбашан кӀантана тӀекхаччалц. Даьхних а хьалха дуьнен тӀе даьлла боьрша хьайба лийр ду.
6
Цкъа а хьалха хилла а доцу я тӀаьхьа хин а доцу белхар хир ду берриг а Мисар-махкахь.
7
Исраилхойх цхьанна а хӀумма а хир дац, царна жӀаьла а летар дац. Я стагана а, я хьайбанна а хӀума хир дац царна. ТӀаккха шуна хуур ду, Везачу Эло хӀун башхо йо мисархошна а, исраилхошна а юкъахь“.
8
ТӀаккха хьан берриш а леш, тӀе а баьхкина, суна хьалха охьатаьӀар бу. Цара эр ду: „Хьайн халкъ а эций, дӀагӀо“. Цул тӀаьхьа со дӀагӀур ву». ПирӀун волчуьра, чӀогӀа оьгӀаз а вахана, аравелира Муса.
9
Везачу Эло Мусага аьллера: «ПирӀуно шуьга ладугӀур дац, Мисар-махкахь Сан тамашийна билгалонаш алсамйовлийтархьама».
10
И ерриг а тамашийна билгалонаш пирӀунна хьалха гайтира Мусас а, АхӀарона а, амма, Везачу Эло дог а чӀагӀдина, пирӀуно шен махкара дӀа ца бахийтира исраилхой.
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 12 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40