bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 21
Exodus 21
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 22 →
1
«Халкъана хьалха ахь кхайкхо деза тӀедехкинарш хӀорш ду:
2
Нагахь айхьа Ӏебархойх волу лай эцахь, цуьнга ялх шарахь хьайна болх байта, ткъа ворхӀалгӀачу шарахь дӀахеца иза, цунах мах а ца боккхуш.
3
Нагахь иза ша веанехь, ша дӀа а хеца. Нагахь иза зудчуьнца хиллехь, цуьнца цхьаьна зуда а дӀаяхийта.
4
Нагахь хӀусамдас шен лена зуда а ялийна, зудчо цунна кӀентий я йоӀарий бинехь, шен зуда а, бераш а хӀусамдена а дитина, иза ша дӀаваха веза.
5
Амма лено ала тарло: „Сайн хӀусамда а, сайн зуда а, бераш а деза суна, со паргӀатваккхийта ца лаьа суна“.
6
ТӀаккха хӀусамдас, лай Далла хьалха а хӀоттийна, неӀарна я неӀаран гурана улло а вигна, цуьнан лергах Ӏуьрг даккха деза, ю а Ӏоьттина. ТӀаккха лай тӀейогӀу мел йолчу хенахь хӀусамдена вуьсур ву.
7
Нагахь цхьаммо шен йоӀ лолле йохкахь, боьршачу лешка хьаьжча, иза мукъаяккхар кхечу тайпана хуьлу.
8
Нагахь цунах шена гӀарбаш-зуда ян хӀусамда реза вацахь, иза паргӀатъялийта еза цо. Хийрачу къомах болчарна иза йохка бакъо яц цуьнан, иза цуьнца мекарлонца лелла дела.
9
Нагахь хӀусамдас иза шен кӀентан дола яккхахь, шен йоӀ санна лело еза цо иза.
10
Нагахь цо шена кхин зуда ялаяхь, хьалха ялийна йолчу зудчунна а кхача а, бедар а латтор а, майрачо ден Ӏуналла а лагӀдан ца деза цо.
11
Нагахь и кхо хӀума кхочушдеш дацахь, цу зудчунна дӀаяха бакъо яла еза, цунах мах а ца боккхуш».
12
«Нагахь стага валлал чӀогӀа цхьанна тоьхнехь, тоьхнарг вен веза.
13
Нагахь ларамаза стага цхьаъ вийнехь, ткъа Дала иза магийтинехь, бехкениг Ас аьн долчу метте ведда дӀаваха веза.
14
Амма цхьаъ, шен уллораниг тешнабехкаца хаа а хууш, вен а вийна, Суна сагӀа доккху кхерч болчу веддехь, кхерчана уллора дӀа а вигий, ве иза.
15
Дена я нанна тоьхнарг вен веза.
16
Цхьаммо стаг, лачкъа а вина, вохкахь, я иза цуьнгахь каравахь, и лачкъийнарг вен веза.
17
Шен дена я нанна неӀалт аьлларг вен веза.
18
Шина стеган дов а даьлла, цхьаммо вукхунна тӀулг я буй а тоьхна, иза вала ца лахь, амма метта охьавижахь,
19
юха хьала а гӀоттуш, иза гӀожаца чу-ара волуш хилахь, цунна тоьхнарг вен ца оьшу. Амма бехке волчо лазийначунна мах бала беза иза болх ца балуш вуьсучу ханна. Цул сов, бехке волчо лазийнарг Ӏалашван веза, цуьнан могушалла кхоччуш юхаметтахӀотталц.
20
Нагахь цхьаммо шен лена я гӀарбашна гӀаж а тоьхна, иза лахь, цунна таӀзар дан догӀу.
21
Амма лазийначунна цхьана-шина дийнахь гӀоле хилахь, хӀусамдена таӀзар дан ца оьшу, хӀунда аьлча цо, ахча а делла, эцна ву и лай.
22
Нах летча, цхьаммо берах йолчу зудчунна тоха а тоьхна, иза остаялахь, амма кхин зе дина дацахь, и зуда долахь йолчу стага тоьхна долу гӀуда даккха деза бехке волчуьнгара кхелахоша къобалбечу барамехь.
23
Амма дина доккха зе делахь, синах са даккха догӀу,
24
хьайн бӀаьрг баккхахь, цунна дуьхьал бӀаьрг баккха, цергана дуьхьал церг яккха, куьйгах — куьг, когах — ког,
25
вагорна дуьхьал ваго веза, чевнна дуьхьал чов, лазорна дуьхьал лазор.
26
Нагахь цхьаммо шен лена я гӀарбашна тоьхна, бӀаьрг баккхахь, цо уьш паргӀатбаха беза, хӀунда аьлча бӀаьрг иза маьршабовларан мах бу.
27
Нагахь хӀусамдас, тоьхна, шен лен я гӀарбашан церг яккхахь, цо уьш паргӀатбаха беза. Церг паргӀатбовларан мах бу».
28
«Нагахь старо стагана я зудчунна уьш баллалц маӀаш Ӏиттахь, тӀулгаш а кхиссий, бе и сту, амма цуьнан жижиг ма даа. Ткъа сту болчу хӀусамден бехк бац.
29
Нагахь санна сту хьалха а леташ хиллехь, цуьнан хӀусамдега цунах дерг дӀа а аьллехь, амма цо иза дӀа ца бихкинехь, и сту, нагахь санна цо стаг я зуда дехь, тӀулгаш а кхиссина, бен беза, цуьнан хӀусамда а вен веза.
30
Нагахь цу хӀусамдена гӀуда тохахь, цо иза дӀадала деза, шен дахар паргӀатдаккхархьама.
31
КӀантана я йоӀана старо маӀаш Ӏиттахь, хӀусамдена, хьалхалерниг санна, таӀзар дан догӀу.
32
Нагахь лена я гӀарбашна старо маӀаш Ӏиттахь, церан хӀусамдена сту болчо ткъе итт дато ахча дала деза, ткъа сту, тӀулгаш а кхиссина, бен беза.
33
Нагахь цхьаммо ор схьадаьстина, я, иза даккха а даьккхина, тӀе хӀума а ца тоьхна, цу чу сту я вир йожахь,
34
ор долчо бежана долчу хӀусамдена детица гӀуда такха деза, ткъа делла бежана бехке волчунна дуьсур ду.
35
Нагахь цхьаннан старо, лулахочун сту маӀаш а Ӏиттина, бехь, дийна болу сту дӀа а боьхкина, цунах делла ахча шайна юкъахь декъа деза, белла сту а бекъа беза.
36
Амма хьалха а, сту леташ буйла а хууш, хӀусамдас иза дӀа ца бихкинехь, бийначу старана дуьхьал сту бала беза цо, ткъа бийнарг цунна буьсур бу».
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 22 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40