bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 16
Exodus 16
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 15
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 17 →
1
Элим олучу меттера дӀа а бахана, шаьш Мисарара арадевллачу шолгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь Элимна а, Синайна а юккъехь йолчу Син цӀе йолчу яьссачу ара деара дерриг а Исраилан халкъ.
2
Цу арахь Мусага а, АхӀароне а лен буьйлабелира нах.
3
«Мисар-махкахь Везачу Эло тхо дайинехь гӀолехь дара. Цигахь жижиган яйна уллохь Ӏара тхо, дуззалц даа бепиг а хуьлура. Аш тхо массо а хӀокху яьссачу ара дайа далийна», — бохура цара.
4
Везачу Эло Мусага элира: «Ас стигалара охьа ялта доуьйтур ду шуна. Нахе, ара а бовлий, хӀора дийнахь шайна цхьана денна тоъал иза гулде ала. Айса тӀедиллинарг цара кхочушдой хьожуш, уьш зуьйр бу Ас.
5
ЙолхалгӀачу дийнахь вукху деношкахь гулдинчул шозза сов гул а дина, кхача кечбан беза цара».
6
Мусас а, АхӀарона а Исраилан халкъе элира: «Сарахь хуур ду шуна, шаьш Мисар-махкара Арадаьхнарг Веза Эла вуйла.
7
Шу Шена реза доцийла хиъна Везачу Элана, цундела кхана Ӏуьйранна Цуьнан олаллин нур гур ду шуна. Тхуна луьйш ду шу, ткъа тхан карахь хӀун ду?»
8
Юха Мусас кхин а элира: «Везачу Элана хезна Шена шу резацахилар, цундела Цо сарахь даа жижиг лур ду шуна, ткъа Ӏуьйранна бепиг а лур ду. Сан а, АхӀаронан а карахь хӀумма а дац! Шу резацахилар тхойшинна дуьхьал дац, Везачу Элана дуьхьал ду».
9
АхӀароне элира Мусас: «Дерриг а Исраилан халкъе дӀаала: „Везачу Элана хьалха хӀитта, хӀунда аьлча Цунна хезна аш реза доцуш ен гӀовгӀанаш“».
10
АхӀарона исраилхошка къамел дечу хенахь, массо а, юха а вирзина, яьссачу арене хьаьвсира. ЦӀеххьана царна мархина юккъехь Везачу Элан олаллин нур гира.
11
Везачу Эло Мусага элира:
12
«Суна исраилхоша, реза боцуш, ен хамталлаш хезна. ДӀаала цаьрга: „Тховса сарахь жижиг дуур ду аш, ткъа кхана Ӏуьйранна Ӏаббалц бепиг а хир ду шуна. ТӀаккха хуур ду шуна Со Веза Эла, шун Дела, вуйла“».
13
Цу сарахь исраилхой севцначу метте лекъарчий даьхкира, ткъа Ӏуьйранна церан меттаматтана гобаьккхина Ӏуьллуш тхи дара.
14
Тхи дӀадаьлча, лаьтта тӀехь кегийра, лайн чимаш санна а, йис санна а, цхьа хӀуманаш йисира.
15
Уьш гинчу исраилхоша вовшашка хоьттура: «И хӀун ю?» — бохуш. Царна ца хаьара иза хӀун ю. Мусас элира цаьрга: «Иза Везачу Эло шуна делла ялта ду.
16
Цо боху вайга, доьзалехь волчу хӀора стага дуур долччул ялта долу и кхачанан буьртигаш гулдеш волчо шен четар чохь Ӏаш волчунна хӀоранна цхьа Ӏовмар гулде иза, хӀора дийнахь шайна тоъал».
17
Иштта дан а дира исраилхоша, цхьаболчара дукха, вукхара кӀезиг гулдира кхачанан буьртигаш.
18
Ӏовмар олучу барамца узура цара гулдинарг. Дукха гулдиначун совнаха а ца хуьлура, кӀезиг гулдиначун тӀеоьшуш а ца хуьлура. ХӀораммо а цхьана стагана даъал гулдинера.
19
Мусас элира цаьрга: «Гулдина кхачанан буьртигаш Ӏуьйренга довллалц ма диталаш».
20
Амма цара цо бохучуьнга ла ца дуьйгӀира, цхьаболчара шаьш гулдинарг шолгӀачу денна дитира. Кхачанна нӀаьний а дина, цунах вон хьожа йогӀура. ТӀаккха Муса нахана оьгӀазвахара.
21
Ӏуьйранна хӀораммо а шега даалуччул буьртигаш лахьадора, ткъа малхо дохдича, уьш дешара.
22
ЙолхалгӀачу дийнахь шозза сов буьртигаш гулдира цара, хӀоранна а шишша Ӏовмар кхочуш. Тхьамданаша, тӀе а баьхкина, Мусага хаийтира иза.
23
Мусас цаьрга элира: «Иза Делан лаамца хилла хӀума ду, хӀунда аьлча кхана Везачу Элана лерина долу садоӀу де — шоьтан де ду. Шайн ятта езарг а, кхехко езарг а тахана кечъе, ткъа йиснарг, дӀа а йиллий, кханенга яккха».
24
Мусас ма-аллара, йиснарг кханенна дӀайиллира цара, амма яа хӀума ца телхира, нӀаьний а ца дира цунна.
25
Мусас элира халкъе: «Тахана шоьтан де ду, иза Везачу Элана лерина садоӀу де ду, цундела шу арадовлахь, шуна буьртигаш карор дац.
26
Ялх дийнахь гулде уьш, ткъа ворхӀалгӀа де Далла лерина садоӀу шоьтан де ду. Цу дийнахь арахь буьртигаш хир дац».
27
Цуьнга ла а ца доьгӀна, цхьаберш арабевлира ворхӀалгӀачу дийнахь буьртигаш гулдан, амма царна хӀумма а кара-м ца йира.
28
Везачу Эло Мусага элира: «Деха Ӏийр дуй шу Сан парзаш а, Ас тӀедехкинарш а кхочуш ца деш?
29
Хьовсал, Ас, Везачу Эло, шуна садоӀу шоьтан де делла, цундела Ас йолхалгӀачу дийнахь шина денна ло кхачанан буьртигаш. Шаьш долчохь цӀахь Ӏе, ворхӀалгӀачу дийнахь ара ма довла».
30
ВорхӀалгӀачу дийнахь халкъо садоӀура.
31
Исраилхоша цу кхачанах «манна» олура (иза Ӏебархойн маттахь «И хӀун ду?» бохург ду). Иза, ораматан хӀу санна, кӀайн а йолуш, чомана моз тоьхна хьокхам санна яра.
32
Мусас элира: «Везачу Эло вайна тӀедиллина: „Цхьацца Ӏовмар и кхача шайн тӀаьхьенашна дӀабилла, тӀаккха царна гур ду Ас шу Мисарара арадаьхначул тӀаьхьа яьссачу арахь шуна даийна ялта“».
33
Мусас АхӀароне элира: «Кхаба схьа а эций, цу чу цхьа Ӏовмар буьртигаш дохка. Иза Везачу Элана хьалха хӀоттае, вайн тӀаьхьенашна юьсур ю иза».
34
ТӀаьхьа, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, АхӀарона чохь буьртигаш долу кхаба деза тӀорказ чохь йолчу, Дала еллачу тӀулгийн экъанашна хьалха хӀоттийра, Ӏалашъярхьама.
35
Исраилхоша шовзткъа шарахь йиира «манна», шаьш тӀехь Ӏен долчу лаьтта тӀе а, КанаӀан-мехкан дозанна тӀе а кхаччалц.
36
(Ткъа цхьа Ӏовмар бархӀ жимачу кедан барамал яра.)
← Chapter 15
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 17 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40