bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 20
Exodus 20
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 21 →
1
Юха Дала халкъе хӀара дешнаш элира:
2
«Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара, лоллехь долчуьра Арадаьхнарг.
3
Со воцург кхин Дела ма хилийта шайн.
4
Цхьана а тайпана лакхахь стигалахь, я лахахь лаьттахь, я лаьттал лахарчу хиш чохь хӀуманан вастехь сурт кхуллуш, шайна цӀуш а ма белаш.
5
Царна корта а ма бетта, Ӏибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таӀзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагӀчу а, йоьалгӀачу а тӀаьхьенна тӀекхаччалц таӀзар до.
6
Амма, шена тӀедиллинарг кхочуш а деш, Со везаш волчунна эзарнаш тӀаьхьенашкахь Сайн хедар боцу безам гойтур бу Ас.
7
Везачу Элан, шайн Делан, цӀе эрна ма яккха, хӀунда аьлча Шен цӀе эрна йоккхуш верг Везачу Эло таӀзар ца деш вуьтур вац.
8
Шоьтан де дагахь латтаде, иза Сан дуьхьа дӀа а къастош.
9
Ялх дийнахь болх а бе, дерриг а шайн гӀуллакхаш а нисде.
10
Ткъа ворхӀалгӀа де шайн Везачу Далла лерина садоӀу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кӀанта а, йоӀа а, шун лено а, гӀарбашо а, даьхнино а, шун хӀусамехь волчу хьешо а цхьа а тайпана болх ма бе.
11
Везачу Эло ялх дийнахь кхоьллина стигалш а, латта а, хӀорд а, дерриг а царна чохь дерг а. ВорхӀалгӀачу дийнахь Цо садаьӀна. Цундела шоьтан де, декъал а дина, Шен дуьхьа дӀакъастийна Везачу Эло.
12
Шайн дай-наний а лара, шайн Везачу Дала шуна лур долчу лаьтта тӀехь дехха дахар шун хилийтархьама.
13
Адам ма де.
14
Нахаца ма лела.
15
Къола ма де.
16
Шайн уллорачунна дуьхьал харцтоьшалла ма де.
17
Шайн уллорачун цӀа ма деза, цуьнан зуда а ма еза, цуьнан лай а, гӀарбаш а, сту а, вир а, цуьнан цхьа а хӀума а шайна ма деза».
18
Дерриг а халкъана стигалан къекъар а, цӀеран алу а, кӀур туьйсу лам а гора, уьстагӀан маӀан аз а хезара. И сурт гича, кхоьруш, генна а бевлла, хьоьжуш лаьттара нах.
19
Цара Мусага элира: «Ахь дийца тхоьца, оха ладугӀур ду, амма Дала тхоьца къамел ма дойла, тхо ца далийтархьама».
20
Мусас халкъе элира: «Кхера ма кхера. Дела шу зен а, Шега болчу ларамах шу дуьзна а долуш, шуьга къа ца латадайта а веана ву».
21
Халкъ геннахь лаьтташ дара, ткъа Муса Дела чохь волчу юькъачу мархина гергавеара.
22
Везачу Эло Мусага элира: «ДӀаала исраилхошка: „Шуна гира, Ас стигалара шайга къамел деш.
23
Суна хьалха шайна дато а, дашо а цӀуш ма бе.
24
Лаьттах Суна лерина сагӀа доккху меттиг а яй, цу тӀехь дийнаташ дагоран а, барт баран а сагӀанаш даха, шайн уьстагӀий а, стерчий а далош. Сан цӀе шуна дагаяийта Ас билгалъяьхначу массо а меттигашкахь, Со тӀе а вогӀуш, Ас шу декъалдийр ду.
25
Нагахь шаьш Суна лерина сагӀа доккху меттиг тӀулгех еш хилахь, хьаькхначу тӀулгех ма е иза. ТӀулг хьокхучу гӀирсо уьш Далла хьалха бехдийр ду.
26
СагӀа доккхучу меттигна тӀевоьдучохь лами ма бе. Цунна тӀехула шу хьаладовлуш, бедаршна кӀелхьара шун дегӀ гур ду“».
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 21 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40