bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 23
Exodus 23
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 24 →
1
«Даьсса хабар дӀаса ма даржаде. Харц тоьшалла а деш, вониг динчу стагана гӀо ма де.
2
Дуккха а нахана тӀаьхьа а хӀоттий, вониг ма де. Кхел ечохь дукхахболчара дуьйцучо ахь до тоьшалла харцахьа ма дерзийта.
3
Къечу стеган дов хоттучу хенахь цуьнгахьа а ма оза.
4
Нагахь хьайн мостагӀчун тилабелла сту я вир хьайна караяхь, шен дена тӀе дӀадига деза уьш.
5
Нагахь беза мохь бахьа а ца белла, йоьжна Ӏуьллуш хьан мостагӀчун вир хилахь, цигара дӀа ма гӀо, гӀо де цунна, и вир юха когаш тӀе хӀоттош.
6
Къечу стагана ен кхел бакъдолчунна тӀера ма ялийта.
7
Харц кхел ярна генавала, бехке воцург а, нийса верг а ма вейта, хӀунда аьлча бехке верг Ас бакъвийр вац.
8
Кхаьънаш ма эца, хӀунда аьлча цара са гуш верг бӀаьрзе во, бакъболчеран гӀуллакх талхадо.
9
ТӀевеанчу стагана ницкъ ма бе. Шуна евза тӀевеанчун дог-ойла, хӀунда аьлча шу а Ӏийна тӀедаьхкина Мисар-махкахь».
10
«Ялх шарахь хьайн латта дӀа а де, цу тӀера ялта а гулде.
11
ВорхӀалгӀачу шарахь иза дӀа ма де, лаьтте садаӀийта. Хьайн халкъана юкъахь болчу мискачу нахе цунах пайда эцийта, ткъа царах диснарг арарчу акхарошка даийта. Иштта де хьайн кемсийн а, зайт-диттийн а аренашкахь.
12
Ялх дийнахь болх бе, ткъа ворхӀалгӀачу дийнахь садаӀа, хьайн стеран а, виран а синтем хилийтархьама а, хьайн гӀарбашан кӀанте а, тӀевеанчу стаге а садаӀийтархьама а.
13
Ас шайга аьлларг дерриг а кхочушде, кхечу деланашна Ӏибадат ма де, ур-атталла церан цӀераш а ма яха».
14
«Шарахь кхузза Суна лерина деза денош хилийта.
15
Совсазчу баьпкан дезде ларде: Ас хьайна тӀе-ма-диллара, ворхӀ дийнахь совсаза бепиг даа Авив беттан билггалчу хенахь, хӀунда аьлча цу хенахь шу Мисарара арадевлла. СагӀа даккхаза цхьа а Суна хьалха ма хӀотта.
16
Айхьа бинчу белхан дуьххьарлера ялта арара схьаэцаран де а дазде. Иштта, хьайн арара болх дӀаберзош, шеран чаккхенехь ялта чудерзоран де а дазде.
17
ХӀора шарахь, оцу кхаа дезачу дийнахь, берриг а божарий Хьалдолчу Элана хьалха хӀитта беза.
18
Дийнатан цӀийн сагӀа Суна даьккхича, совсийна бепиг Суна сагӀина ма дагаде, ткъа дезачу денна Суна сагӀина даьккхинчун мохь Ӏуьйренга ма ялийта.
19
Хьайн арара дуьххьара гулдина ялта хьайн Везачу Делан цӀийне да. Буьхьиган жижиг цуьнан ненан шури чохь ма кхехкаде».
20
«Ас Малик дохуьйту хьуна хьалхадаьккхина новкъахь хьо Ӏалашвайта а, Ас хьуна кечйинчу метте хьо дӀавига а.
21
Цуьнан тидам а бе, Цуьнга ла а догӀа. Дуьхьало ма е Цунна, хӀунда аьлча Цо оцу къинна гечдийр дац, Цуьнца Сан цӀе хиларна.
22
Цуьнга ла а дугӀуш, Ас мел бохург ахь кхочушдахь, хьан мостагӀийн мостагӀа хир ву Со, хьуна дуьхьал волчунна дуьхьал а хир ву.
23
Сан Малико, хьалха а даьлла, дӀавуьгур ву хьо. Цо эмархошна а, хьетахошна а, перезахошна а, канаӀанхошна а, хьаьвихошна а, явсайхошна а тӀе вуьгур ву хьо, амма Ас хӀаллакбийр бу уьш.
24
Церан деланашна хьалха корта ма тоха, царна Ӏамал а ма е, цу нахах дӀа а ма тарло. Мелхо а, церан цӀуш бохабе, ткъа цара шайн деланашна хӀиттийна тӀулгаш кегде.
25
Суна, шайн Везачу Далла, Ӏамал е. Шу иштта лелахь, Ас декъалдийр ду шун бепиг а, хи а, шуна тӀера цамгарш дӀа а йохур ю.
26
Хенал хьалха бер хуьлуш а, бер ца хуьлуш а зударий хир бац хьан махкахь. Хьан дахар а деха хуьлуьйтур ду Ас.
27
Сайх болу кхерам хьол хьалха дӀабохуьйтур бу Ас, ткъа муьлхха а хьо тӀедахана халкъ дохийна хьовзор ду. Хьан мостагӀий, дӀа а берзийтина, хьуна хьалхара бовдуьйтур бу Ас.
28
Хьол хьалха бомозий дохуьйтур ду Ас. Цара лохкур бу хьаьвихой а, канаӀанхой а, хьетахой а хьуна хьалхара дӀа.
29
Амма уьш цхьана шарахь дӀалохкур бац Ас, латта дасса а делла, хьуна дуьхьалйовла акхарой тӀех дукха ца хилийта.
30
Жим-жимма и халкъаш хьо долчуьра дӀадохур ду Ас, хьо деба а дебна, дерриг а хӀара латта ахь дола даккхалц.
31
Хьан дозанаш Ас тухур ду Эрзийн хӀорда тӀера ПӀелаштам-хӀорда тӀе кхаччалц, яьссачу арара Эпрат-хина тӀе кхаччалц. Цу мехкан къаьмнаш хьан кара лур ду Ас, тӀаккха уьш шаьш долчуьра лохкур ду ахьа.
32
Я цаьрца а, я церан деланашца а барт ма бе.
33
Хьан махкахь уьш буьтийла дац, Суна дуьхьал хьоьга къинош ца летадайта, хӀунда аьлча церан деланашна ахь Ӏамал яхь, иза хьуна боьгӀна гур хир бу».
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 24 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40