bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 8
Exodus 8
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 9 →
1
Юха Везачу Эло Мусага элира: «Ваха а гӀой, пирӀуне Везачу Эло боху ала: „ДӀахеца Сан халкъ, цуьнга Суна Ӏибадат дайта.
2
Нагахь хьо иза дӀахеца реза ца хилахь, Ас хьан мохк пхьидех хьалабузур бу.
3
Хи пхьидех сийсаш хир ду, уьш хьан цӀа чу а, хьо дӀавуьжучу метта а, хьан уллорачеран а, хьан халкъан а цӀенош чу евр ю, хьан пешаш чу а, текхаш чу а евр ю.
4
Хьуна а, хьан халкъана а, массо а хьан уллорачарна а тӀехула лелар ю пхьидарчий“».
5
Везачу Эло Мусага кхин а элира: «АхӀароне дӀаала, шен Ӏаса карахь йолу куьг хишна а, татолашна а, Ӏаьмнашна а тӀехула лаца алий. ТӀаккха берриг а Мисар-мохк пхьидех хьалабузур бу».
6
АхӀарона шен куьг Мисаран хиш тӀехула лецира. Пхьидаша, хьала а евлла, берриг а Мисар-мохк дӀалецира.
7
Амма бозбунчаша а, шайн жиналла а лелийна, изза дира. Цара а пхьидарчий Мисар-мехкан лаьтта тӀе ехира.
8
ПирӀуно, Мусага а, АхӀароне а тӀе а кхайкхина, элира: «Везачу Эле доӀа де, со а, сан халкъ а долчуьра пхьидарчий дӀаяха алий. ТӀаккха ас Исраилан халкъ дӀахоьцур ду, Везачу Элана сагӀа даккхийтархьама».
9
Мусас элира пирӀуне: «Айхьа хан тоха суна, маца лаьа хьуна ас хьох а, хьан уллорачарах а, халкъах а доӀа дан, пхьидарчий шун цӀенош чуьра дӀа а евлла, Нил-хи чохь бен ца йисийта?»
10
ПирӀуно элира: «Кхана». ТӀаккха Мусас элира: «Ахь ма-аллара хир ду, тхан Веза Дела саннарг цхьа а воцийла хьуна хаийта.
11
Хьо волчуьра а, хьан цӀеношкара а, хьан уллоранаш а, халкъ а долчуьра а пхьидарчий дӀаевр ю. Уьш Нил-хи чохь бен юьсур яц».
12
Муса а, АхӀарон а пирӀун волчуьра дӀавахара. Мусас Везачу Эле доӀа дира, пхьидарчий дӀаяха аьлла.
13
Везачу Эло жоп делира цуьнан доӀанна. Пхьидарчий цӀенош чохь а, уьйтӀенашкахь а, арахь а елла Ӏохкура.
14
Уьш оьланашка гулйира наха. Яхкалуш йолчу церан хьожано дӀалецира берриг а мохк.
15
ПаргӀато яьллийла а гина, шен дог чӀагӀдира пирӀуно. Везачу Эло ма-аллара, ла ца дуьйгӀира цо Мусага а, АхӀароне а.
16
Юха Везачу Эло Мусага элира: «АхӀароне ала, шен Ӏаса лаьттах тоха алий. Лаьттан ченах берриг а Мисар-мохк дӀалаьцна кегийра чуьркаш хир ю».
17
Иштта дан а дира цара. АхӀарона шен Ӏаса лаьттах туьйхира — адамашна а, даьхнина а тӀехь кегийра чуьркаш гучуевлира. Берриг а Мисар-махкахь лаьттан ченах кегийра чуьркаш хилира.
18
Бозбунчаш а гӀоьртира шайн ницкъаца ченах кегийра чуьркаш ян, амма церан гӀуллакх ца хилира. Кегийра чуьркаш адамашна а, даьхнина а тӀехь яра.
19
ТӀаккха бозбунчаша пирӀуне элира: «Иза Делан ницкъаца ду», — аьлла. Амма дог чӀагӀделла Ӏачу пирӀуно цаьрга ла ца дуьйгӀира, Везачу Эло ма-аллара.
20
Юха Везачу Эло Мусага элира: «Кхана, хьалххе хьала а гӀаттий, пирӀунна хьалха хӀотта. Иза хин йисте гӀур ву. Ахь цуьнга ала: „Везачу Эло боху: ‘Суна Ӏибадат дайта Сан халкъ дӀахеца.
21
Нагахь ахь Сан халкъ дӀа ца хецахь, Ас хьуна а, хьан уллорачарна а, хьан халкъана тӀе а, хьан цӀенош чу а жӀаьлийн мозий хоьцур ду. Мисархойн цӀенош а, уьш тӀехь Ӏаш болу латта а жӀаьлийн мозех дузур ду.
22
Сан халкъ тӀехь Ӏаш долу ГӀашан-мохк дӀакъастор бу Ас, цигахь жӀаьлийн мозий хир дац. ТӀаккха хьуна хуур ду, Со, Веза Эла, кху махкахь вуйла.
23
Ас Сайн а, хьан а халкъашна юкъахь башхо йийр ю. Кхана и тамашийна билгало кхочуш хир ю’“».
24
Везачу Эло иштта дан а дира. ПирӀунан а, цуьнан уллорачеран а цӀеношка жӀаьлийн мозий даьхкира. Цу мозаша хӀаллакбеш бара берриг а мохк.
25
Мусай, АхӀаронний тӀе а кхайкхина, пирӀуно элира: «Даха а гӀой, кху лаьтта тӀехь шайн Далла сагӀа даккха».
26
Амма Мусас жоп делира: «Иза далур дац, мисархошна дегаза хета оха тхайн Везачу Далла сагӀа даккхар. Нагахь шайна дегаза долу сагӀа церан бӀаьргаш хьалха оха даьккхича, тхуна тӀулгаш деттар дац цара?
27
Кхаа денна яьссачу ара дӀа а дахана, тхайн Везачу Далла сагӀа доккхур ду оха, Цо ма-аллара».
28
ПирӀуно элира: «Ас дохуьйтур ду шу шайн Везачу Далла яьссачу арахь сагӀа даккха, амма гена дӀа ма гӀо. Сох лаций доӀа а де».
29
Мусас элира: «Хьо волчуьра дӀа а вахана, Везачу Эле доӀа дийр ду ас, тӀаккха кхана пирӀун волчуьра а, цуьнан уллоранаш а, халкъ а долчуьра а жӀаьлийн мозий дӀадевр ду. Амма ахьа а Исраилан халкъ ледан ца деза, Везачу Элана сагӀа даккха иза доьдуш, юха а новкъарло а йина».
30
ПирӀун волчуьра дӀа а вахана, Везачу Эле доӀа дира Мусас.
31
Мусан доӀанна жоп делира Везачу Эло. ПирӀун а, цуьнан уллоранаш а, халкъ а долчуьра мозий дӀадехира Цо, цхьа а ца буьтуш.
32
Амма юха а шен дог а чӀагӀдина, халкъ дӀа ца хийцира пирӀуно.
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 9 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40