bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 17
Exodus 17
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 18 →
1
Дерриг а Исраилан халкъ Син цӀе йолчу яьссачу арара новкъа делира, Везачу Эло гайтинчу меттигашкахь шайн меттамотт а хӀоттош. Рапидам олучу меттехь севцира уьш, амма цигахь мала хи дацара.
2
Мусана дуьхьал а бевлла, цуьнга бехкаш дохуш, шайна хи ло бохура цара. «Со хӀунда хьийзаво аша? Везачу Элан собар кхачо а хӀунда гӀерта шу?» — бохура Мусас нахе.
3
Амма хьагбеллачу наха, Мусана реза боцуш, хоьттура: «Тхо а, тхан бераш а, даьхни а хьогалла дайа арадаьхна ахьа Мисарара?»
4
Муса Везачу Эле кхайкхира: «ХӀун де ас кху халкъана? Кхин жимма а хӀара дахлахь, цара суна тӀулгаш деттар ду».
5
Везачу Эло Мусага элира: «Исраилхошна юкъара къаной тӀаьхьа а хӀиттабай, халкъана хьалххула чекхвала. Айхьа Нил-хи тӀе тухуш лелийна Ӏаса хьайн кара схьаэца.
6
Со Хьариб цӀе йолчу меттехь цхьана тарх тӀе хьуна хьалха дӀахӀуттур ву. Ахь тархах Ӏаса тоьхча, цунах хи долалур ду, тӀаккха наха иза мер ду». Исраилан халкъан къаношна хьалха и гӀуллакх кхочушдира Мусас.
7
Цу меттиган цӀе Масса а, Мериба а тиллира цо (церан маьӀна «зер» а, «лер» а бохург ду), хӀунда аьлча цигахь исраилхой, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цунна луьйш а, Иза зуьйш а бара: «Веза Эла тхоьца ву я вац?» — бохуш.
8
Рапидаме а баьхкина, исраилхошца тӀаме бевлира Ӏамалекхахой.
9
Мусас ЮшаӀе элира: «Къонахий а харжий, Ӏамалекхахошца тӀом бан гӀо. Кхана, гу тӀе а ваьлла, дӀахӀуттур ву со, Дала тамашийна хӀуманаш гойту Ӏаса сайн буйна а лаьцна».
10
Мусас бохург кхочушдеш, Ӏамалекхахошца тӀом бан вахара ЮшаӀ. Муса а, АхӀарон а, Хьор а гу тӀе хьалавелира.
11
Мусас куьйгаш хьалаайича, исраилхой тоьлура, ткъа цо уьш охьадахийтича, Ӏамалекхахой тулура.
12
Амма Мусан куьйгаш, айина латтийна, дазделлера. ТӀаккха иза тӀулга тӀе охьа а хаийна, АхӀарона а, Хьора а, цхьацца агӀор а ваьлла, цуьнан куьйгаш, хьала а айина, дӀалецира. Малх чубуззалц айина латтийра цара Мусан куьйгаш.
13
Иштта Ӏамалекх а, цуьнан халкъ а шен туьраца эшийра ЮшаӀа.
14
Везачу Эло Мусага элира: «ХӀокху тӀамах лаций тептар тӀехь дӀаязде, тӀейогӀучу тӀаьхьенашна хӀара дагахьлаттийта. Ткъа ЮшаӀе ала, Ас Ӏамалекхахой лаьтта тӀера тӀепаза бойур бу алий».
15
Цигахь сагӀа доккху меттиг кеч а йина, цуьнан цӀе, «Веза Эла сан байракх ю» аьлла, тиллира Мусас.
16
Цо элира: «Везачу Элан меттигна дуьхьал куьг айина хилла дела, Цо Ӏамалекхахошца даим а тӀом беш хир бу».
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 18 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40