bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 27
Exodus 27
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 26
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 28 →
1
«Акацих сагӀа доккху кхерч бе. Иза беакӀов а болуш, бохалла а, шоралла а пхи дол хила беза, локхалла кхо дол хила беза.
2
Кхерчан еа маьӀӀехь цхьацца маӀа е, уьш цуьнца цхьана декъах а йойтуш. Кхерч цӀастанца кхала.
3
Цуьнца цхьаьна е юкъ чуйохка кхабанаш а, лело аьшкалш а, боганаш а, мӀерий а, кӀора чубухку нойш а. И хӀуманаш цӀастанах йина хила еза.
4
ЦӀастанах цаца бе кхерчана тӀебилла. Цецан еа маьӀӀехь цӀастанах цхьацца чӀуг е.
5
Кхерчан хӀазарна кӀел билла и цаца, кхерчана юккъе кхаччалц иза дӀа а нисбеш.
6
Кхерчана акацих хьокхий кечде, царна тӀе а цӀаста лаца.
7
Хьокхий чӀагаршна чу хӀиттаде, кхерч дӀахьочу хенахь уьш шина агӀор хилийта.
8
Юккъехь баьсса а болуш, аннех бе кхерч, Ас лам тӀехь хьайна ма-гайттара».
9
«Делан четаран керт нисъярхьама, шаршуш охка. Къилбехьа агӀор дуткъачу кӀадих йина шаршуш охка, церан йохалла бӀе дол хила еза.
10
Ткъа бӀогӀам а, ткъа цӀестан бух а хӀоттабе царна. БӀогӀамаш тӀера мӀерий а, царна тӀера дӀатосургаш а дато хила еза.
11
Иштта къилбаседехьа агӀор а бӀе дол еха шаршуш охка. Царна а ткъа бӀогӀам а, цӀестан ткъа бух а кечбе. БӀогӀамаш тӀера мӀерий а, дӀатосургаш а детих е.
12
Кертан шоралла, малхбузехьа агӀор, шовзткъе итт дол еха шаршуш охка. Царна итт бӀогӀам а, итт бух а кечбе.
13
Кертан шоралла, малхбалехьа агӀор, шовзткъе итт дол еха шаршуш охка. Царна а итт бӀогӀам а, итт бух а кечбе.
14
Цхьана агӀор, керта воьдучохь, йохаллина пхийтта дол хуьлуьйтуш шаршуш охка, царна кхо бӀогӀам а, кхо бух а кечбе.
15
Вукху агӀор а йохаллина пхийтта дол шаршуш охка, царна кхо бӀогӀам а, кхо бух а кечбе.
16
Кертан кевнна йохаллина ткъа дол хуьлуьйтуш, тӀехь тӀамарш а йолуш, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а йина шаршуш охка. Царна биъ бӀогӀам а, биъ бух а кечбе.
17
Дерриш а кертана гонахара бӀогӀамаш детих йинчу дӀатосургашца вовшахтесна хила деза. Царна тӀера мӀерий детих дина хила деза, ткъа церан баххаш цӀастанах бина хила беза.
18
Керт йохалла бӀе дол, шоралла шовзткъе итт дол, локхалла пхи дол хила еза. Цунна оьхкина шаршуш дуткъачу кӀадих хила еза, бӀогӀамийн баххаш цӀестан хила деза.
19
Делан четар чохь лело гӀирсаш а, иза чӀагӀдеш тухуш долу хьостамаш а, керт чӀагӀдеш долу хьостамаш а цӀастанах дина хила деза».
20
«Исраилхошна тӀедилла, даго тоьлла цӀена зайтдаьтта да алий, стогар массо а хенахь богуш хилийта.
21
Гуламан четар чохь бартбаран тӀорказна хьалха оьллинчу кирхьанна арахьа хир бу стогар. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а и стогар Везачу Элана хьалха латийна латто беза, сарахь дуьйна Ӏуьйре тӀекхаччалц. Ерриг а тӀейогӀу йолчу ханна исраилхойн тӀаьхьенашна тӀедиллина ду иза».
← Chapter 26
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 28 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40