bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 15
Exodus 15
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 14
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 16 →
1
ТӀаккха Мусас а, исраилхоша а Везачу Элана лерина назма элира: «Ас Везачу Элана назма олу, И сийлахь-воккха хиларна. Дин а, бере а цхьаьна Цо хӀорда чу кхоьссина.
2
Веза Эла сан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа ас назма олу, Цунах суна КӀелхьарвоккхург хилла дела. Иза сан Дела ву, Цунна хастам бо ас. Сан ден а Дела ву Иза, цундела ас лору Иза.
3
Веза Эла сийлахь тӀемало ву, Цуьнан цӀе ЯхӀува ю.
4
ПирӀунан эскар а, гӀудалкхаш а хӀорда чу кхиссина Цо, тоьлла болу пирӀунан тӀеман хьаькамаш Эрзан хӀорда чу бахана.
5
КӀоргачу хиша уьш къайлабехира. ТӀулгаш санна, хи буха а бахана, байна уьш.
6
Веза Эла, Хьан аьтту куьг ма сийлахь ницкъ болуш ду. Хьан аьтту куьйго, ва Веза Эла, мостагӀа хӀаллаквина.
7
Хьайн возаллица Ахь эшийна Хьайна дуьхьалбевлларш. Хьайн оьгӀазалла царна тӀе а ерзийна, ча санна, багийна Ахь уьш.
8
Ахь хьакхийтинчу мохо хи декъа а декъна, пен санна, дӀахӀоттийра. ХӀордан кийрара хи дукъделира.
9
МостагӀчо элира: „Царна тӀаьхьа а ваьлла, уьш схьалоцур бу ас, церан хьал схьа а доккхур ду. Тур а даьккхина, сайн дог Ӏабош, сан куьйго уьш хӀаллак а бийр бу“.
10
Амма Ахь царна тӀе мох хьаькхира, тӀаккха уьш, даш санна, хи буха а бахана, хӀордан буьрсачу хиша дӀахьулбира.
11
Веза Эла, Хьоьга кхочуш мила ву деланашна юкъахь? Хьо санна Шен возаллица а, хастам хилла а, инзаре хӀуманаш кхуллург а мила ву?
12
Ахь аьтту куьг тесча, уьш Лаьтто дӀахьулбира.
13
Хьайн хедар боцучу безамца Ахьа мах белла кӀелхьардаьккхина халкъ, онда гӀо лоцуш, езачу Хьайн хӀусаме дигна хир ду Ахь.
14
Иза хезна халкъаш кхоьруш хир ду. ПӀелаштамхойн халкъ кхерамо Ӏадийна хир ду.
15
Цу хенахь Эдомера элий боьхна хьийзаш хир бу, Муабера баьччанаш дага тӀе кхерам тесна хир бу, КанаӀанера бахархой, кхерабелла, ша санна, бешна хир бу.
16
Кхерамо Ӏадор бу уьш! Хьан сийлахь куьг а гина, тӀулгаш санна, дӀатуьйр бу уьш, Хьан халкъ, Веза Эла, тӀехдаллалц, мехах паргӀатдаьккхина халкъ тӀехдаллалц.
17
ДӀа а дигна, Хьайн цӀенна хаьржинчу метте охьахаор ду Ахь и халкъ, Веза Эла, Хьайна хӀусам Ахь йинчу метте, Хьайн куьйгашца Ахь кхоьллинчу дезачу ЦӀийне!
18
Веза Эла гуттар а хир ву олалла деш, абаде яллалц».
19
Шайн гӀудалкхашца пирӀунан говраш а, дошлой а хӀорда чу бевлча, Везачу Эло хӀордан хи царна тӀе дерзийнера, ткъа Исраилан халкъ хӀорда юккъехула лаьтта тӀехула дехьадаьллера.
20
АхӀаронан йишас, Делера болу хаам бечу Марема, шен жима вота схьаийцира. Цунна тӀаьххье, жима вотанаш схьа а эцна, баккхийберца, халхаршца арабевлира берриг а кхиболу зударий.
21
Марема царна эшар лекхира: «Хастам бе Везачу Элана, Цо динарг сийлахь ду. Дин а, бере а хӀорда чу кхоьссина Цо».
22
Исраилхой Эрзан хӀорда тӀера дӀабигира Мусас. Шур цӀе йолчу яьссачу аренга кхечира уьш. Кхаа дийнахь цу аренгахула дӀаоьхуш, хи ца карадора царна.
23
Эххар а Марра цӀе йолчу метте баьхкира уьш. Цигахь царна карийна хи къаьхьа долуш мала ца лора. Цундела тиллинера цу меттиган цӀе Марра (ткъа иза «къахьалла» бохург ду).
24
Нах Мусана реза бацара: «Оха хӀун мер ю?» — бохура цара.
25
Муса Везачу Эле кхайкхира. Везачу Эло шена гайтинчу диттан га хи чу кхоьссира цо. ТӀаккха хи малалуш хилира. Цу меттехь, Шех тешар зен а зийна, Шен халкъо лело дезарг цунна тӀедиллира Дала.
26
Везачу Эло элира: «Нагахь аша Везачу Эле, шайн Деле, ладогӀахь, Цуьнан лаам аша кхочушбахь, Цо тӀедехкина парзаш аш кхочушдахь, Мисар-махкана тӀе яхкийтинчу цамгарех шуна тӀе цхьа а йоуьйтур яц Ас, хӀунда аьлча Со Веза Эла ву шун дарбанча».
27
Элим цӀе йолчу метте баьхкира исраилхой. Цигахь хи схьадолу шийтта хьоста а, кхузткъе итт хурмин дитт а дара. Хишна уллохь севцира уьш.
← Chapter 14
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 16 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40