bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 32
Exodus 32
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 31
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 33 →
1
Муса лам тӀера чу ца вуссуш дуккха а хан яьлча, халкъо, АхӀаронна гонах а гулделла, элира: «Тхо Мисарара арадаьхначу Мусана хӀун хилла тхуна ца хаьа, цундела, хьалха а ваьлла, тхо дӀадуьгун долу дела ве тхуна».
2
АхӀарона элира нахе: «Шайн зударийн а, кӀентийн а, йоӀарийн а лергех йохку дашо чӀагарш, схьа а яхий, со волчу схьая».
3
Дерриг а халкъо, шайн лергашкара дашо чӀагарш схьа а яьхна, уьш АхӀаронна схьаеара.
4
Нехан карара уьш схьа а эцна, лала а йина, царах старгӀин сурт дира цо, уьрсаца иза то а деш. ТӀаккха халкъо бохура: «Хьо Мисарара арадаьккхина, хьан дела ву хӀара, Исраилан халкъ!»
5
Иза ган а гина, ша динчу суьртана хьалха сагӀа доккху меттиг а кечйина, АхӀарона дӀахаийтира: «Кхана Везачу Элана лерина деза де хир ду».
6
ШолгӀачу дийнахь, хьалххе хьала а гӀевттина, дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дехира цара. Юха, яа а, мала а охьа а хевшина, шайн самукъадаккха хьалагӀевттира уьш.
7
Везачу Эло Мусага элира: «Кхузара чувосса сихло, ахь Мисарара арадаьккхина хьан халкъ телхина ду.
8
Аса тӀедиллинчун новкъара сиха юхабевли уьш. Деших старгӀин сурт а дина, цунна, сагӀанаш а даьхна, Ӏибадат дира цара. Цара боху: „Хьо Мисарара арадаьккхина, хьан дела ву хӀара, Исраилан халкъ!“»
9
Везачу Эло Мусага элира: «Суна гина и халкъ, ткъа иза аьрха ду.
10
ХӀинца вита Со, царна Сан оьгӀазло карзахъялийтархьама, Соьга уьш хӀаллакбайтархьама. Ткъа хьох доккха халкъ кхуллур ду Ас».
11
Амма Мусас шен Везачу Деле дехар дира: «Веза Эла, Айхьа боккхачу ницкъаца а, ондачу куьйгаца а Мисарара арадаьккхинчу Хьайн халкъана тӀе Хьайн оьгӀазалла иштта хӀунда юссуьйту Ахь?
12
Мисархошка хӀунда бохуьйтур ду: „Уьш Мисарара Цо мекарлонца арабаьхна, лаьмнашкахь уьш байа а, лаьтта тӀера хьаькхна дӀабаха а“. Хьайн оьгӀазло дӀа а яккхий, дохко а валий, хӀаллак ма дехьа Хьайн халкъ.
13
Дагабахкийтахьа ИбрахӀим а, Исхьакх а, Исраил а. Хьайх чӀагӀо а еш, Ахь цаьрга элира: „Стигалара седарчий санна, дукха тӀаьхье лур ю Ас хьуна. Айса шуна чӀагӀо йина хӀара латта шун тӀаьхьенашна дӀа а лур ду, иза гуттар а церан долахь хир ду“».
14
ТӀаккха Веза Эла дохковелира Ша иштта ойла ярна. Ша халкъана дийр ду аьлла зулам ца дира Цо.
15
Муса лам тӀера чувоьссира, шен карахь тӀулгах йина тоьшаллин ши экъа а йолуш. Цу экъанашна тӀехь шинна а агӀор яздина йозанаш дара.
16
И экъанаш хилар Делан болх бара, царна тӀехь долу йоза а Дала яздина дара.
17
Наха ен гӀовгӀанаш а хезна, ЮшаӀа Мусага элира: «ТӀеман маьхьарий ду вайн меттамотт болчохь».
18
Амма Мусас жоп делира: «Толам боккхучийн маьхьарий а дац уьш, эшочийн тийжамаш а бац, суна хезаш дерш эшарш лоькхучийн аьзнаш ду».
19
Меттамотт болчу улло а веана, старгӀин сурт а, хелхабуьйлу нах а шена гича, иза чӀогӀа оьгӀазвахара. Шен карара экъанаш ламанан кӀажехь охьа а кхиссина, йохийра цо.
20
Цара йина старгӀа схьа а эцна, иза яга а йина, цунах бухадисина дерг, ахьа а аьхьна, хи чу тесира Мусас. Юха и хи исраилхошка дӀамалийтира цо.
21
«ХӀокху наха хьуна хӀун дина, сел чӀогӀа къа ахь кхаьрга латадайта?» — аьлла, хаьттира Мусас АхӀароне.
22
«ОьгӀаз ма гӀолахь, сан эла, — аьлла, жоп делира АхӀарона, — хьуна ма хаьа, хӀара халкъ вониг дан атта дӀадоьрзийла.
23
Наха соьга элира: „Тхо Мисарара арадаьхначу Мусана хӀун хилла тхуна ца хаьа, цундела, хьалха а ваьлла, тхо дӀадуьгун долу дела ве тхуна “.
24
Ас цаьрга элира: „Шайгахь долчара деши схьало“, — аьлла. Цара схьаделча, ас иза цӀерга кхоьссира, цунах хӀара старгӀа хилира».
25
Мусана гира халкъан эргӀаддалар, АхӀарона цуьнан дола цадар бахьана долуш хиллера иза. Цуьнан мостагӀашна цу халкъах кхарда меттиг баьллера хӀинца.
26
Шайн меттаматтан кевнехь дӀа а хӀоьттина, Мусас элира: «Везачу Элан верг суна тӀевола!» Берриг а левихой цунна тӀебахара.
27
Цо элира цаьрга: «Исраилан Везачу Дала иштта боху: „ХӀора а, шен тур юкъах а дехкий, кху кевнера вукху кевне кхаччалц дӀа а гӀой, юхавола, хӀораммо а шен ваша а, доттагӀа а, уллораниг а ве“».
28
Мусас аьлларг кхочушдира левихоша, цу дийнахь вийнарг кхо эзар гергга стаг вара.
29
ТӀаккха Мусас элира цаьрга: «Тахана шаьш Везачу Элана лерина схьакъастийра аша, хӀунда аьлча шайн кӀенташна а, вежаршна а дуьхьалдевлира шу. Иза бахьанехь Цо шу декъалдина».
30
ШолгӀачу дийнахь Мусас халкъе элира: «Аша латийнарг доккха къа ду. ХӀинца Веза Эла волчу хьалавер ву со, шун къинах долу гечдар схьаэца там бу ас».
31
Веза Эла волчу юха а веана, Мусас элира: «Цу халкъо доккха къа латийна, Шайна дашо дела а вина.
32
ХӀинца гечдехьа царна. Амма нагахь Ахь геч ца дахь, со а дӀавайалахь Айхьа тӀеязвинчу Хьайн тептар тӀера».
33
Везачу Эло Мусага элира: «Сайна дуьхьал къа латийнарг Ас Сайн тептар тӀера дӀавойур ву.
34
ХӀинца, дӀа а гӀой, Ас хьайга аьллачу метте и халкъ дӀадига. Сан Малик хьуна хьалхадаьлла гӀур ду. ТаӀзар даран дийнахь Ас оцу нахана таӀзар дийр ду, цара латийна и къа бахьана долуш».
35
АхӀарона дина старгӀин сурт бахьана долуш, халкъана таӀзар дира Везачу Эло.
← Chapter 31
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 33 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40