bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 4
Exodus 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 5 →
1
ТӀаккха Мусас элира: «Ткъа уьш сох ца тешахь, Ахь со ваийтина ас аьлча? „Везачу Эло Ша ца гайтина хьуна“, — алахь?»
2
Везачу Эло хаьттира: «И хӀун ю хьан карахь ерг?» Мусас жоп делира: «Сан некъан Ӏаса ю-кх».
3
«Охьакхосса иза лаьтта», — элира Везачу Эло. Мусас Ӏаса охьакхоьссира — гӀожах лаьхьа хилира. Кхера а велла, дӀаведира Муса.
4
Везачу Эло элира: «Куьг дӀа а кховдадай, схьалаца цу лаьхьанан цӀога». Мусас лаьхьа схьалецира — цу сохьта лаьхьанах юха а Ӏаса хилира.
5
«Иштта ахь дахь, нах тешар бу Везачу Эло, церан дайн Дала, ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дала, Ша хьуна гайтина аьлча», — элира Везачу Эло.
6
Кхин а элира цуьнга Везачу Эло: «Хьайн куьг чета диллал». Мусас куьг чета диллира. Юха цо иза схьадаьккхича, ло санна, кӀайн хьаьттарш тӀехь а йолуш, цамгар лаьцна хилира куьг.
7
«ХӀинца юха а куьг чета дилла», — элира Везачу Эло. Куьг юха а чета диллира Мусас. Цо иза схьадаьккхича, хьалха ма-дарра, могуш дара куьг.
8
«Нагахь хьох а, дуьххьарлерчу тамашийначу билгалонах а нах ца тешахь, шолгӀачу билгалонах тешар бу.
9
Нагахь цу шина билгалонах а ца тешахь, Нил чуьра жимма хи, схьаэций, лаьтта охьадотта, цу хинах цӀий хир ду», — элира Везачу Эло.
10
ТӀаккха Мусас элира Везачу Эле: «Веза Эла! Со дашна говза вац, гуттар а иштта хилла а ву. ХӀинца Хьоьца къамел динчул тӀаьхьа а дешан говзалла яц соьгахь. Со маттана шера вац».
11
Везачу Эло элира: «Стагана мотт белларг мила ву? Мотт ца хууш я къора, я са гуш, я бӀаьрзе веш верг мила ву? Со — Веза Эла вац?
12
ДӀагӀо, Со хьоьца хир ву ахь къамел дечу хенахь, Ас Ӏамор ду хьуна ала дезарг».
13
Мусас элира: «Веза Эла! Хьайна луъург кхиниг вахийтахьа сан метта».
14
Веза Эла Мусана оьгӀазвахара, Цо элира: «Левин тӀаьхьенах а волуш, АхӀарон цӀе йолуш ваша вац хьан? Суна хаьа иза къамел далуш вуйла. Иза хьуна дуьхьал вогӀур ву, хьо гича, цунна хазахетар ду.
15
Ахьа шега аьлларг цо дӀаэр ду. Къамел дечу хенахь Со шуьца хир ву, Ас Ӏамор ду шуна аша дан дезарг.
16
Хьан метта АхӀарона нахаца къамел дийр ду. Иза хьуна хьалхара къамел деш хир ву, ткъа хьо цунна Делан метта хир ву.
17
И Ӏаса хьайн кара схьаэца, цуьнца тамашийна хӀуманаш гойтур ду ахь».
18
Шен стундена Итарна тӀе юха а веана, цуьнга элира Мусас: «Мисар-махкахь болчу сайн вежаршна тӀеваха лаьара суна, уьш дийна буй хьажа». «Дика ду, гӀой, хьажа. Аьтто хуьлда хьан», — элира Итара.
19
Муса маданхойн махкахь волуш, Везачу Эло цуьнга аьллера: «Мисар-махка юхаваха мегар ду хьуна ца кхоьруш, хӀунда аьлча хьо вен гӀерташ хилларш белла дӀабевлла».
20
Шен зуда а, кӀентий а вир тӀе а ховшийна, Мисара ваха новкъа велира Муса, Делан ницкъ болу шен Ӏаса буьйна а лаьцна.
21
Везачу Эло элира Мусага: «Хьо Мисар-махка юхавеача, Ас хьайга де аьлла долу тамашийна хӀуманаш пирӀунна хьалха делахь. Ткъа Ас цуьнан дог чӀагӀдийр ду, тӀаккха цо халкъ дӀахоьцур дац.
22
ДӀаала пирӀуне, Везачу Эло иштта боху алий: „Исраил Сан кӀант ву, Сан дуьххьарлера бер ду.
23
Ас боху хьоьга: ‘ДӀахеца Сан кӀант, иза Суна Ӏибадат дан дезаш ву. Ахь иза дӀа ца хецна дела, Ас хьан дуьххьарлера кӀант вуьйр ву’“».
24
Новкъахь дӀавоьдуш, Муса буьйса яккха сецира. Цунна тӀевеанчу Везачу Элана иза вен дагадеара.
25
ТӀаккха Ципарас, тӀулгах дина урс схьа а эцна, шен кӀант сунтвира. Схьахадийна чкъор Мусан когех а хьаькхна, цо элира: «Ас и цӀий Ӏанийна, цундела сан майра волу хьо соьца уьйр йолуш ву».
26
Веза Эла дӀавахара, Мусана хӀумма а ца деш. (Цу хенахь зудчо аьллера цунах «цӀийца волу майра», хӀунда аьлча шен кӀант сунтвинера цо.)
27
Везачу Эло АхӀароне элира: «Яьссачу ара Мусана дуьхьал гӀо». ДӀавахана, Делан лома уллохь Мусана дуьхьал а кхетта, цунна барт баьккхира АхӀарона.
28
Ша ваийтинчу Везачу Эло шега аьлларг а, гайтинчу тамашийначу хӀуманех лаьцна а АхӀароне дӀадийцира Мусас.
29
Мусас а, АхӀарона а, дӀа а вахана, исраилхойн къаной гулбира.
30
Везачу Эло Мусага аьлларг цу нахана дӀадийцира АхӀарона. Мусас халкъана хьалха тамашийна хӀуманаш гайтира.
31
Халкъ тийшира. Исраилхошна хиира, шайн баланаш а гина, Везачу Эло шайн гӀайгӀа бойла. Цунна хьалха гора а хӀиттина, суждана бахара уьш.
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40