bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 12
Exodus 12
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 13 →
1
Мисар-махкахь Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:
2
«ХӀара бутт шеран дуьххьарлера бутт хир бу шун.
3
ДӀаала берриг а исраилхошка: хӀокху беттан уьтталгӀачу дийнахь хӀораммо а цхьацца Ӏахар я буьхьиг эца шен доьзална.
4
Нагахь санна Ӏахар баа ца баллал доьзал жима белахь, шена уллорачу лулахочуьнца юкъахь схьаэца и Ӏахар. Шайн доьзалхошка хьаьжжина, цхьа Ӏахар массарна а кхаччал декъало.
5
Ӏахар боьрша а, цхьа а сакхт доцуш а, цхьа шо кхаьчна а хила беза. Ӏахар я буьхьиг а мегар ю.
6
Кху беттан дейтталгӀа де тӀекхаччалц иза Ӏалашбан беза. Цу дийнахь, суьйренан бода тӀебеача, массо а доьзалехь кечбина болу Ӏахар бен беза.
7
И Ӏахар буун болчу цӀеношкахь неӀаран гуран шинне агӀор а, неӀаран дукъо тӀе а Ӏахаран цӀий хьакха.
8
Цу буссехь цӀера тӀехь деттина Ӏахаран жижиг дӀадаа деза аш. Иза къаьхьачу бецашца а, совсазчу баьпкаца а даа деза.
9
Цунах датта далаза диснарг а ма даа, я кхехкийнарг а ма даа. Корта а, когаш а, чоко а дӀа а ца йоккхуш, цӀера тӀехь даттий, дӀадаа иза.
10
Ӏуьйре хилале цунах хӀумма а ма дита, амма дуьсуш хилахь, сахилале цӀера тӀехь дагаде диснарг.
11
И кхача буучу хенахь шу тӀе хӀума юьйхина хила деза, юкъ а йихкина, когахь мачаш а йолуш. ХӀума сихонца яа еза аш. Некъан Ӏаса карахь хила еза шун. Иза Везачу Элан Пасахь ду.
12
Цу буса Мисарахула чекхвер ву Со. Доьзалехь хьалха дуьнен чу даьлларг дуьйр ду Ас, адамна тӀера хьайбанна тӀекхаччалц. Мисархойн массо а деланашна тӀехь кхел йийр ю Ас. Со Веза Эла ву.
13
Шун цӀенош тӀехь долу цӀий Суна билгало хир ю. ЦӀий гича, Со шуна уллохула тӀехвер ву. Ас Мисар-махкана таӀзар дечу хенахь, шуна цхьа а зулам хир дац.
14
Цундела таханлера де гуттар а дагахь латтаде, цу дийнахь аша дагадоуьйтур ду Ас шайна динарг. И де даздарца шун тӀаьхьенаша гуттар а йолчу хенахь Веза Эла лорур ву».
15
«ВорхӀ дийнахь совсаза бепиг даа. Дуьххьарлерчу дийнахь шайн цӀенош чуьра бод совсо хӀума дӀаяккха, хӀунда аьлча цу деношкахь совсийна хӀума йиънарг исраилхошна юкъара дӀаваккха веза.
16
Хьалхарчу а, ворхӀалгӀачу а дийнахь беза гулам дӀахӀотто беза аша. Цу деношкахь цхьа а тайпа болх бан мегар дац, яа хӀума кечъяр бен.
17
Совсазчу баьпкан дезде дагахьлатто деза аша, хӀунда аьлча цу дийнахь шун тобанаш Мисар-махкара араяьхна Ас. И де шун тӀаьхьенаша а латто деза дагахь, гуттар а йолчу ханна тӀедиллина долу дела.
18
Хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнан сарахь дуьйна ткъе цхьалгӀачу дийнан сарралц совсаза бепиг дуур ду аш.
19
ВорхӀ дийнахь шун чохь бод совсо хӀума хила мегар дац. Совсийначу бедах хӀума йиънарг исраилхошна юкъара эккхо веза, тӀевеана стаг велахь а, я шун махкара вахархо велахь а.
20
Цхьа а тайпа совсийна хӀума ма яа. Миччанхьа шаьш делахь а, совсаза бепиг даа».
21
Исраилхошна юкъара къаной схьа а кхайкхина, Мусас элира: «Шайн доьзалшкахь хӀораммо а, схьаэций, Ӏахар я буьхьиг е Пасахьана лерина.
22
ТӀаккха цуьнан цӀий чохь долчу кеда чу кӀедачу ярийн курс а Ӏоттий, шайн неӀаран гурах а, дукъонах а хьакха. Сахиллалц цхьа а шайн чуьра ара а ма вала.
23
Мисарна таӀзар дан Веза Эла веача, Цунна шун неӀарийн гурах а, дукъойх а хьаькхна цӀий гур ду. Иза шун цӀеношна уллохула тӀехвер ву, Ӏожаллин малике Цо шу дойуьйтур дац.
24
И парзаш шуна а, шун тӀаьхьенашна а тӀейогӀу йолчу ханна тӀедехкина ду. Ларделаш уьш.
25
Везачу Эло шайна лур ду аьллачу лаьтта тӀе шаьш даьхкича, цигахь а кхочушделаш и гӀуллакх.
26
Шайн бераша хаттахь: „Иза хӀунда деш ду?“ — аьлла,
27
аша эр ду: „Иза Везачу Элана лерина Пасахьан сагӀа ду. Мисар-махкахь вай долчу хенахь исраилхойн цӀеношна уллохула тӀех а ваьлла, мисархошна таӀзар дира Цо, ткъа вайн цӀенош Ӏалашдира“». ТӀаккха Везачу Элана хьалха охьатаьӀира халкъ Цуьнга болчу ларамна.
28
Мусагахулий, АхӀаронехулий Везачу Эло тӀе-ма-диллара, и гӀуллакх кхочушдира исраилхоша.
29
Буьйса юккъе яхача, Везачу Эло Мисар-махкахь массо а хьалха вина кӀант валийтира, паччахьан гӀантахь Ӏаш волчу пирӀунан хьалхарчу доьзалхочунна тӀера набахти чохь волчу стеган доьзалхочунна тӀекхаччалц. Хьалха дуьнен чу даьлла боьрша даьхни а далийтира.
30
Буьйсанна пирӀун ша а, цуьнан уллоранаш а, ерриг Мисар а хьалагӀаьттира. Доккха белхар хӀоьттира Мисар-махкахь, хӀунда аьлча чохь велла стаг воцуш цхьа а доьзал бацара.
31
Цу буссехь тӀе а кхайкхина, Мусага а, АхӀароне а пирӀуно элира: «Шу а, исраилхой а, хьала а гӀовттий, дӀадовла сан халкъана юкъара. Даха а гӀой, Везачу Элана гӀуллакх де, шаьш ма-аллара.
32
Кегий а, даккхий а даьхни а шайца дӀадига. ДӀа а гӀо, со декъал а ве!»
33
Берриг а мисархоша доьхура цаьрга, сихонца дӀагӀахьара шу бохуш. «Шу дӀа ца гӀахь, тхо массо а хӀаллакьхир ду!» — бохура цара.
34
Севсина балале бод схьа а эцна, иза чохь болу пхьегӀаш хӀуманна юкъа а хьарчийна, белшаш тӀехь дӀаяьхьира исраилхоша.
35
Мусас шайга ма-аллара, мисархошка дато а, дашо а хӀуманаш а, бедарш а йийхира цара.
36
Везачу Эло мисархой исраилхошца дика хилийтинера, цара исраилхошна дукха хӀуманаш елира.
37
РаӀамсас-гӀалара гӀаш Сакхат-гӀала баха арабевлира исраилхой. Божарех ялх бӀе эзар гергга стаг вара царна юкъахь, бераш ца лерича.
38
Дуккха а кхечу къаьмнех болу нах арабевлира цаьрца Мисарара. Исраилхоша дӀадуьгуш дуккха а кегий а, даккхий а даьхни дара.
39
Новкъахь Мисарара схьабахьачу бедах совсаза хьокхамаш дира цара. Сихонца цу махкара арабевлла дела, церан бод ца севсинера, шайна новкъа довлуш яа хӀума кечъян а ца кхиънера уьш.
40
Исраилхоша Мисарахь диъ бӀе ткъе итт шо даьккхинера.
41
И хан яьллачул тӀаьхьа, оццу дийнахь Везачу Элан берриг а бӀо Мисарара арабелира.
42
И буьйса Везачу Эло ладоьгӀуш яьккхира. Цо уьш Мисарара арабехира. Исраилхоша шайн тӀаьхьенашкахь а еза лоруш, Везачу Элана хьурмат деш йолу буьйса ю иза. Цундела цара иза сема яккха еза.
43
Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: «Пасахьан коьрта некъаш ду аш лардан дезаш: хийрачу махкара цхьа а стаг Пасахьан кхача баа йиш йолуш вац.
44
Детих эцначу муьлххачу а лено ша сунтвинчул тӀаьхьа и кхача баа мегар ду.
45
Нагахь стаг шун махкахь тӀевеана Ӏаш велахь я иза шун белхало велахь, цуьнан и кхача баа йиш яц.
46
Цхьана цӀа чохь яа еза Пасахьан яа хӀума, жижиг ара а ца доккхуш, даьӀахкаш а ца кегъеш.
47
Массо а исраилхоша кхочушдан деза гӀуллакх ду иза.
48
Нагахь шуна юкъахь Ӏаш волчу тӀевеанчу стагана Везачу Элан Пасахь шуьца даздан лаахь, цуьнан цӀийнах болу боьрша нах сунтбе. ТӀаккха, шун санна, бакъо хир ю цуьнан Пасахьан кхача баа. Цхьаннен а сунтваза волчун и кхача баа йиш яц.
49
Цхьатерра бакъонаш хир ю исраилхочун а, шуна юкъахь Ӏаш волчу стеган а».
50
Дерриг а Исраилан халкъ Везачу Эло Мусана а, АхӀаронна а деллачу омранна тӀетайра.
51
Оццу дийнахь Везачу Эло Мисар-махкара арабехира исраилхой, тӀеман бӀо санна.
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 13 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40