bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 18
Exodus 18
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 19 →
1
Мадани-махкара динан да волчу Мусан стундена Итарна хезира, Мусана а, Шен халкъ долчу исраилхошна а, уьш Мисар-махкара арабаьхча, Дала гӀо дина аьлла.
2
Мусас шен зуда Ципара цӀа яхийтина йолуш, цуьнан стундас Итара шен йоӀ а, цуьнан ши кӀант а тӀеэцнера.
3
Шина кӀантах цхьаннан цӀе ГӀиршам яра (иза «цигахь волу тӀевеанарг» бохург ду). И цӀе Мусас тиллинера, ша хийрачу махкахь тӀевеана стаг волу дела.
4
Вукху кӀентан цӀе ЭлиӀазар яра (и цӀе «Дала суна гӀо до» бохучух тера ю). Иза вича, Мусас элира: «Сан ден Дала, суна гӀо а дина, пирӀунан туьрах со кӀелхьарваьккхина».
5
Мусан зуда а, ши кӀант а валош, цуьнан стунда Муса волчу яьссачу ара тӀевеара. Мусас цигахь, Делан лома уллохь, меттамотт хӀоттийнера.
6
Итара Мусага хаийтира: «Со хьан стунда Итар ву, хьан зуда а, ши кӀант а ву соьца».
7
Дуьхьал а ваьлла, шен стундена хьалха охьа а таьӀна, цунна барт баьккхира Мусас. Маршалла а хаьттина, четар кӀел бевлира уьш.
8
Мусас шен стундена дийцира исраилхойн дуьхьа Везачу Эло пирӀунна а, мисархошна а динчух лаьцна а, шаьш новкъахь лайначу баланех а, Везачу Эло шайна гӀо дарх лаьцна а.
9
Итарна хазахийтира, Везачу Эло исраилхой мисархойх кӀелхьар а баьхна, царна динчу дерриге а дикачух лаьцна хезча.
10
Цо элира: «Хастам бу Везачу Элана! Цо шу пирӀунан куьйгах кӀелхьардаьхна, ткъа хӀара къам Мисаран олаллех паргӀатдаьккхина.
11
ХӀинца хиъна суна, Веза Эла массо а деланел веза вуйла, исраилхойх ца бешаш лелла болчу мисархошна Цо хӀара дерриг дина дела».
12
Итара Далла лерина дийнат дагош долу сагӀа а, кхин важа сагӀанаш а дехира. АхӀарон а, исраилхойн къаной а баьхкина, Итарца цхьаьна охьахевшина, Далла хьалха хӀума йиира цара.
13
ШолгӀачу дийнахь, кхелахо а хилла, халкъана гӀуллакх дан хиира Муса. Ӏуьйранна дуьйна сарралц лаьттира адам Мусана хьалха.
14
Мусас деш дерг а гина, Итара хаьттира: «Ахь халкъан дуьхьа деш дерг хӀун ду? Ӏуьйранна дуьйна сарралц хьо цхьаъ бен хӀунда вац кхелахо хилла Ӏаш? Хьуна цхьанна хьалха хӀунда лаьтта халкъ?»
15
Шен стундега Мусас элира: «Суна тӀе нах богӀу, соьгахула Делан лаам хаа.
16
Царна юкъахь къовсам баьлла хилча, ас царах бакъверг а, воцург а къаставо. Цул совнаха, Дала тӀедехкинарш а, Цуьнан парзаш а довзуьйту ас царна».
17
Амма Мусан стундас элира: «Нийса дац ахь деш дерг.
18
Хьайна а, кху нахана а ницкъ бо ахь, хӀунда аьлча хьуна хала ду хӀара гӀуллакх дӀакхехьа, хьоьга-хьайга кхочуш ца дало иза.
19
Дела хьайца хила лаахь, соьга ла а догӀий, хьайна цхьа хьехар дайта. Далла а, нахана а юкъахь леларг хила, нехан гӀуллакхаш Деле дӀа а хоуьйтуш.
20
Нахана Делан парзаш а, Цо тӀедехкинарш а Ӏамаде, цара дӀакхехьа безаш болу Делан некъ а бовзийта, цара дан дезаш долу гӀуллакхаш а довзийта.
21
Амма халкъана юкъара хьуьнаре а, Делах кхоьруш а, нийсо лелор йолуш а, хьарамло ца езаш а болу нах харжа. Уьш эзарна а, бӀенна а, шовзткъе иттанна а, итт стагана а тӀехь куьйгалхой хӀиттабе.
22
Уьш нахана тӀехь массо а ханна кхелахой хилийта. Нагахь чолхе гӀуллакх хилахь, иза хьайна тӀедаийта, ткъа кегий гӀуллакхаш шайга къастадайта. ТӀаккха хьуна а атта хир ду, ахь къастийначу наха а хьоьца и хало йоькъур ю.
23
Ахь иза дахь, Дала хьуна иза тӀе а диллахь, хьоьга иза лалур ду, берриг а нах, паргӀатбевлла, шайн цӀа а гӀур бу».
24
Шен стундега ла а доьгӀна, цо бохург дира Мусас.
25
Исраилхошна юкъара хьуьнаре нах а хаьржина, уьш хьаькамаш хӀиттийра цо эзарна а, бӀенна а, шовзткъе иттанна а, итт стагана а тӀехь.
26
Уьш массо а хенахь халкъана кхел еш бара. Чолхе гӀуллакх цара Мусана тӀедахьара, ткъа кегийра гӀуллакхаш шаьш къастадора.
27
Юха Мусас шен стунда новкъа ваьккхира. Итар шен махка дӀавахара.
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 19 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40