bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 5
Exodus 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 6 →
1
Цул тӀаьхьа Мусас а, АхӀарона а, пирӀунна тӀе а веана, элира: «Везачу Эло, Исраилан Дала, боху: „ДӀахеца Сан халкъ яьссачу арахь Сан дуьхьа деза де хӀотто“».
2
Амма пирӀуно элира: «Мила ву И Веза Эла, ас, Цуьнга ла а доьгӀна, Исраилан халкъ дӀахеца? Суна Веза Эла а ца вевза, исраилхой ас дӀа а хоьцур бац».
3
Цу шиммо элира: «Ӏебархойн Дала тӀекхайкхира тхоьга. Оха доьху хьоьга кхаа дийнахь некъ баллал йолчу метте яьссачу ара тхаьш дӀадахийтар, тхайн Везачу Далла лерина сагӀа даккха, Цуьнга цамгарца я туьраца тхо хӀаллак ца дайта».
4
ПирӀуно элира цаьрга: «Муса, АхӀарон, халкъ шен балхах юхадоккху аша. ДӀа а гӀой, шайн гӀуллакх де».
5
Кхин а элира цо: «ХӀокху махкахь дуккха а нах бу, аша шайн болх бан ца буьту уьш».
6
Оццу дийнахь исраилхошна тӀехӀиттийна болчу нахе пирӀуно омра дира:
7
«ХӀинца чул тӀаьхьа кибарчигаш ечу нахана ча ма ло, хьалха деллехь а. Ара а бовлийтий, шайга лахийта цаьрга ча.
8
Хьалха санна кибарчигаш яйта цаьрга. Уьш дукха мало еш бу, цундела доьху соьга: „Дахана, тхайн Далла сагӀа доккхур дара оха“, — бохуш.
9
Алссам болх ло царна, эрна къамелаш схьа а ца лоьцуш, цаьрга болх байта».
10
ТӀехьовсуш болчу наха элира халкъе: «ПирӀуно шуна кибарчигаш ян ча ма ло боху.
11
Даха а гӀой, шайна карийнначуьра ча да. Кибарчигаш хьалха еччул йийр ю аша».
12
Берриг а Мисар-махкахула арахь дисина ча лаха арабевлира исраилхой.
13
ТӀехӀиттина болчара хьалха, ча долчу хенахь еччул, хӀора дийнахь кибарчигаш е бохура цаьрга.
14
ПирӀунан хьадалчаша исраилхошна юкъара хаьржинчу белхан куьйгалла дечу нахана еттара: «Хьалха йинччул, селхана а, тахана а кибарчигаш хӀунда ца йо аша?» — бохуш.
15
Оцу исраилхоша, пирӀунна тӀе а баьхкина, арз дира: «Хьайн лешна иштта ницкъ хӀунда бойту ахь?
16
Ча ца ло хьан лешна, ткъа кибарчигаш е боху. ТӀехӀиттина болчара тхуна етта, амма бехке хьан халкъ ду».
17
Амма пирӀуно элира: «Шуна болх бан ца лаьа, аш мало йо, цундела боху аша: „Везачу Элана сагӀа даккха гӀур ду тхо“.
18
ДӀа а гӀой, болх бе. Ча шуна лур дац, кибарчигаш хьалха еччул йийр ю аша».
19
«ХӀора дийнахь ян еззачул кибарчигаш йийр ю аша, церан дукхалла лах а ца деш», — бохучу дешнашца шайна тӀебеана бала гира исраилхошна.
20
ПирӀун волчуьра уьш арабевлча, шаьш схьадахкаре хьоьжуш волу Муса а, АхӀарон а гира царна.
21
Цу шинга цара элира: «Везачу Эло кхел йойла шуна аша пирӀунна а, цуьнан уллорачарна а хьалха тхан сий дайарна. Церан кара тур делла аша тхо дайийта».
22
Юха Везачу Эле Мусас элира: «Веза Эла! Сел халачу бале хӀара халкъ хӀунда теси Ахь? Со кхуза хӀунда ваийти?
23
ПирӀунна тӀе а вахана, ас Хьан цӀарах къамел дичхьана, цо кхин а чӀогӀа ницкъ бо кху халкъана. КӀелхьара-м муххане а ца даьккхи Ахь Хьайн халкъ».
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 6 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40