bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 40
Exodus 40
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 39
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
1
Везачу Эло Мусага элира:
2
«Хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь гуламан четар дӀахӀоттаде.
3
Цу чу тӀулгийн экъанаш чохь йолу тӀорказ хӀоттаде, цунна дуьхьал шаршу а оллий.
4
Юха, чу а яй, стол а, цу тӀехь хӀиттайо хӀуманаш а дӀахӀиттае. Стогар а схьаба, цу тӀе цуьнан къуьданаш хӀиттабе.
5
Хаза хьожа йоккху хӀума шена тӀехь ягош болу дашо кхерч тӀорказна хьалха хӀоттабе. Четаран неӀарехь шаршу а олла.
6
СагӀина лерина шена тӀехь хьайба дагош болу кхерч четарна чуволлучохь хӀоттабе.
7
Четарний, кхерчаний юккъе юьхь-куьг дуьлу бога а хӀоттадай, цу чу хи дотта.
8
Гонах керт а хӀоттаяй, кевнна дуьхьал шаршу олла.
9
ТӀаккха, къобалваран даьтта схьа а эций, четарна а, цу чохь долчу массо а хӀуманна а тӀедотта. Уьш еза хир ю цул тӀаьхьа.
10
СагӀа доккхучу кхерчана а, цуьнан гӀирсана а тӀе даьтта дотта. Къобалбе и кхерч, тӀаккха иза къаьсттина беза хир бу.
11
Юьхь-куьг дуьлучу боганна а, цуьнан бухана а даьтта а доттий, иза а къобалде.
12
АхӀарон а, цуьнан кӀентий а, четарна улло а балабай, хица цӀанбе.
13
Даздина духарш АхӀаронна тӀе а дохий, цунна даьтта а доттий, къобалве иза, Суна гӀуллакх деш динан да хилийта.
14
Цуьнан кӀентий схьа а балабай, царна тӀе а юха кучамаш.
15
Айхьа церан дена тӀе ма-доттара, даьтта дотта царна тӀе а, Суна гӀуллакх деш, динан дай уьш хилийта. И даьтта доттар бахьана долуш церан тӀаьхьенаш а хир ю Суна гӀуллакх деш, динан дай а хилла».
16
Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара, дерриг а кхочушдира Мусас.
17
Мисар-махкара исраилхой арабевллачу шолгӀачу шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь дӀахӀоттийна Везачу Элан четар.
18
Мусас четар дӀахӀоттийра. Цкъа хьалха бух а хӀоттийна, юха бӀогӀамаш дӀа а хӀиттийна, гураш а хӀиттийна, хьокхий охьадехкира цо.
19
Юха цу четарна тӀехула кхалор а хӀоттийна, тхов тӀе хӀума а йиллина, иза дӀакъевлира, Везачу Эло тӀе-ма-диллара.
20
ТӀе парзаш яздина тӀулгийн экъанаш тоьшаллин тӀорказ чу а ехкина, тӀорказан чӀагарех хьокхий чекх а даьхна, негӀар тӀорказна тӀедиллира Мусас.
21
ТӀорказ, четар кӀел а даьхьна, хьалха шаршу а оьллина, дӀакъевлира цо, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара.
22
Четара кӀел а яьхьна, къилбаседехьа, шаршуна арахьа агӀор стол хӀоттийра цо.
23
Цу тӀе Везачу Элана хьалха дохку баьпкаш хӀиттийра цо, Везачу Эло тӀе-ма-диллара.
24
Юха стоьлана дуьхьал, къилбехьа, стогар хӀоттийра.
25
Везачу Элана хьалха къуьданаш хӀиттийра Мусас, Цо шена тӀе-ма-диллара.
26
Четарна кӀелахь шаршуна хьалха шена тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума ягош болу дашо кхерч хӀоттийра цо.
27
Цу тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума ягийра Мусас, Везачу Эло тӀе-ма-диллара.
28
Четаран неӀарехь шаршу оьллира цо.
29
Дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч четарна хьалха, чуволлучохь, хӀоттийра цо. Цу тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш а, кӀенан сагӀанаш а дохура Мусас, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара.
30
Юьхь-куьг дуьлу бога четарна а, сагӀа доккхучу кхерчана а юккъе а хӀоттийна, цу чу хи доьттира цо.
31
Мусас а, АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а шайн куьйгаш а, когаш а билира цу чохь.
32
ХӀоразза а четарна кӀел доьлхуш а, кхерчана тӀе доьлхуш а дегӀан меженаш юьлура цара, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара.
33
Четарна а, кхерчана а гонах керт а хӀоттийна, кертан кевнна хьалха шаршу оьллира Мусас. Иштта шен болх чекхбаьккхира цо.
34
Делан четарна гонах марха хӀоьттира, ткъа цу гуламан четаран чоь Везачу Элан олаллин нуьро юьзира.
35
Муса Делан четарна кӀел ца вахалора, цунна гонах марха хиларна а, Везачу Элан олаллин нур цу гуламан четарна чохь хиларна а.
36
Делан четарна тӀера и марха хьалаяьккхича, новкъа бовлура исраилхой.
37
Марха Делан четарна тӀехула мел лаьтта, цара шайн меттамотт дӀа ца боккхура.
38
Дийнахь Везачу Элан марха четарна тӀехула лаьттара, ткъа буьйсанна цунна юкъахь йогуш цӀе хуьлура. Иштта хуьлура исраилхошна хьалха массо а церан некъашкахь.
← Chapter 39
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40