bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 38
Exodus 38
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 37
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 39 →
1
Цул тӀаьхьа Бацалиала акацин дечигах дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч бира. Иза беакӀов бара, пхи дол беха а, пхи дол шуьйра а болуш, ткъа локхаллина кхо дол бара.
2
Кхерчан еа маьӀӀехь цхьацца маӀа а йира, уьш цуьнца цхьана декъах а йойтуш. Кхерч цӀастанца кхелира.
3
Кхерчана оьшу берриг а гӀирс кечбира: юкъ чуйохка кхабанаш а, лело аьшкалш а, боганаш а, мӀерий а, кӀора чубухку нойш а. Уьш массо а цӀастанах йина яра.
4
ЦӀастанах цаца бира кхерчана тӀебилла. Кхерчан хӀазарна кӀел билла безара и цаца, кхерчана юккъе кхаччалц иза дӀа а нисбеш.
5
Хьокхий чекхдаха цецан еа маьӀӀехь чӀагарш йира.
6
Акацих дина дара и хьокхий, тӀехула цӀаста а лоцуш.
7
Хьокхий чӀагарех чекхдехира, цаьрца иза лелочу хенахь уьш шина агӀор хилийта. Кхерч юкъахь баьсса бара, чухула лаьцна аннаш а долуш.
8
Гуламан четар чу воьду меттиг йолчохь гӀуллакх деш болчу зударийн цӀастанах динчу куьзганех юьхь-куьгдуьлург а, цуьнан бух а бира цо.
9
Цул тӀаьхьа керт кечйира. БӀе дол еха йолчу къилбехьарчу агӀор дуткъачу кӀадих йина шаршуш оьхкира.
10
Царна лерина ткъа бӀогӀам а, цӀестан ткъа бух а бира. БӀогӀамаш тӀера мӀерий а, дӀатосургаш а дато яра.
11
Къилбаседехьарчу агӀор а бӀе дол еха шаршуш оьхкира. Царна лерина ткъа бӀогӀам а, цӀестан ткъа бух а бира. БӀогӀамаш тӀера мӀерий а, дӀатосургаш а дато яра.
12
Кертан шоралла, малхбузехьа агӀор, шовзткъе итт дол еха шаршуш яра, царна лерина итт бӀогӀам а, итт бух а бира. БӀогӀамийн мӀерий а, дӀатосургаш а детих йина яра.
13
Кертан шоралла, малхбалехьа йолчу агӀор, шовзткъе итт дол еха шаршуш яра.
14
Цхьана агӀор, керта воьдучохь, оьхкина шаршуш пхийтта дол еха яра, царна лерина кхо бӀогӀам а, кхо бух а бара.
15
Вукху агӀор оьхкина а пхийтта дол еха шаршуш яра, царна кхо бӀогӀам а, кхо бух а бира.
16
Массо а агӀор оьхкина шаршуш дуткъачу кӀадих йина яра.
17
БӀогӀамийн баххаш цӀестах дина дара, ткъа бӀогӀамаш тӀера мӀерий а, дӀатосургаш а детих йина яра. Дерриш а кертана гонахара бӀогӀамаш детих динчу дӀатосургашца вовшахтесна дара.
18
Кертан кевнна оьллина шаршу, тӀехь тӀамарш а йолуш, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а йина яра. Иза йохалла ткъа дол а, локхалла пхи дол а яра, кертана оьхкинчу шаршуйх тера а йолуш.
19
Цунна лерина биъ бӀогӀам бара, шайца цӀестан биъ бух а болуш. Церан мӀерий а, дӀатосургаш а дато яра, ткъа церан баххьаш детих кхелина дара.
20
Делан четар чӀагӀдеш тухуш долу хьостамаш а, гонахара керт чӀагӀдеш долу хьостамаш а цӀестан дара.
21
ХӀинца Делан четар деш дӀаевлла коьчалш ягаръяран жамӀ дийр ду. Мусас левихошна тӀедиллира тоьшаллин четар деш дӀаевлла коьчалш ягаръяр. Динан да волчу АхӀаронан кӀанта Итамара куьйгалла деш дара и гӀуллакх.
22
Везачу Эло Мусана тӀе мел диллинарг кхочушдеш вара ЯхӀудан тӀаьхьенах волу Хьоран кӀентан Урин кӀант Бацалиал.
23
Цуьнца Данан тӀаьхьенах волу Ахьисамахан кӀант ОхӀлиаб а вара. Иза мухӀар деш а, кӀадеш дуцуш а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангаца дуткъачу кӀадеш тӀехь тир йоккхуш а волу пхьар вара.
24
Делан четар деш, цунна оьшу хӀуманаш ян наха, Далла лерина совгӀат санна, деана деши шовзткъе берхӀитта пунт а, ворхӀ бӀе ткъе итт шекхал а дара, деза шекхал олучу барамехь оьзна.
25
Багарбинчу наха деана дети ши бӀе пунт, цхьа эзар ворхӀ бӀе кхузткъе пхийтта деза шекхал дара.
26
Багарбинарш ткъа шарал тӀехбевлларш бара, уьш ялх бӀе кхо эзар пхи бӀе шовзткъе итт стаг хилира. Царах хӀораммо а ах шекхал дети деара, дезачу шекхалан барамехь узуш.
27
БӀе гали дети Делан четарх бӀогӀамийн баххашна а, шаршу хьалаоьллинчу бӀогӀамийн баххашна а дӀадахара. БӀе буьхана бӀе гали дети, хӀора буьхана цхьацца хилира.
28
Цхьа эзар ворхӀ бӀе кхузткъе пхийтта шекхал детих бӀогӀамийн мӀерий а дира, церан баххьаш тӀе а дехкира, дӀатосургаш а йира.
29
СовгӀат санна наха деана цӀаста цхьа бӀе шовзткъа пунт а, ши эзар диъ бӀе шекхал а дара.
30
Цунах гуламан четарна чоьхьа воллучохь хӀиттийначу бӀогӀамийн баххаш а дира, сагӀа доккху кхерч а, цуьнан цаца а, берриг а гӀирс а бира.
31
Ткъа иштта оцу цӀастанах ерриг а кертана хӀиттийначу бӀогӀамашна баххаш а дира, кевнна долчу бӀогӀамашна баххаш а дира, Делан четар а, керт а чӀагӀдеш долу хьостамаш а кечдира.
← Chapter 37
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 39 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40