bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 34
Exodus 34
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 33
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 35 →
1
Везачу Эло Мусага элира: «Хьалха йиначарах тера а йолуш, тӀулган керла экъанаш ага хьайна. Царна тӀехь ахьа йохийначу шинна тӀехь хилла дешнаш яздийр ду Аса.
2
Кхана Ӏуьйранна кийча хила. Синай-лам тӀе хьала а валий, Суна хьалха хӀотта ламанан бохь тӀехь.
3
Хьоьца лам тӀе вала цхьаннан а бакъо яц, цу лам тӀехь миччахь а ша гайта а бакъо яц цхьаннан а. Шун кегий а, даккхий а даьхни хила йиш яц цу ломана уллохь дежаш».
4
Хьалхалернаш санна йолу ши экъа а йина, Ӏуьйранна гӀаьттина, Синай-лам тӀе велира Муса, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара. ТӀулган ши экъа кара схьаийцира цо.
5
Мархина юккъехь чу а воьссина, цунна уллохь сецира Веза Эла. ЯхӀува (Веза Эла) аьлла, Шен цӀе яьккхира Цо.
6
Мусана хьалхахула а ваьлла, Везачу Эло Шен ЯхӀува йолчу цӀарах лаьцна кхайкхам бира: «Веза Эла къинхетаме а, дика а Дела ву, атта оьгӀаз ца воьдуш волу а, боккха безам болуш а, тешаме волу а,
7
Шен тешам эзарнаш тӀаьхьенашкахь латтош волу а, зуламна а, харцонна а, къинна а гечдеш волу а, амма бехк бекхам ца беш ца буьтуш волу а, дайша латийначу къинна берашна а, берийн берашна а кхозлагӀчу а, йоьалгӀачу а тӀаьхьенехь таӀзар деш волу а».
8
Цу сохьта, лаьтта а воьжна, Далла хьалха суждане вахара Муса.
9
Цо элира: «Хьалдолу Эла, Хьо суна реза велахь, тхуна юкъахь дӀаволахьа. ХӀара халкъ чӀогӀа аьрха ду, амма тхан харцонашна а, къиношна а геч а дай, Хьайн халкъ санна дӀаэцахьа тхо».
10
Везачу Эло тӀаккха элира: «Аса барт бо шуьца: дерриг а хьан халкъана хьалха Ас тамашийна хӀуманаш гойтур ду, дерриг дуьнен чохь долчу цхьана а халкъана хӀинццалц цкъа а хилла доцу. Хьо юкъахь волчу халкъана Аса, Везачу Эло, хьан дуьхьа ден дерг гур ду, ткъа цу бахьаненна уьш ларамах буьзна хир бу.
11
ХӀинца Ас хьайна тӀедуьллург Ӏалашде. Ас хьуна хьалхара лохкур бу эмархой, канаӀанхой, хьетахой, перезахой, хьаьвихой, явсайхой.
12
Ларлолахь, хьо дӀавогӀуш болчу махкарчу нахаца берта ма гӀолахь, иза хьуна гур санна ца хилийтархьама.
13
Церан сагӀа доккху меттигаш а, Ӏибадат дан хӀиттийна тархаш а йохаяй, Ашера-далла лерина болу церан дечиган бӀогӀамаш хадабай, дӀабаха.
14
Цхьана Везачу Элана бен, кхечу далла ахь Ӏибадат дан мегар дац, хӀунда аьлча Эмгаралла Ерг цӀе йолуш волу Веза Эла — эмгаралла йолу Дела ву.
15
Ларлолахь, цу махкахь Ӏаш болчу нахаца берта ма гӀолахь, хӀунда аьлча, Соьгара дӀа а бирзина, шайн деланашна тӀаьхьахӀиттича, царна сагӀанаш даьхча, хьо дӀакхойкхур ву цара, ткъа церан деланашна лерина сагӀанаш даа там бу ахьа.
16
Церан мехкарий хьайн кӀенташна ма балабе, Везачу Элера дӀа а бирзина, шайн деланашна тӀаьхьахӀиттар цу мехкаршка хьайн кӀенташна ца Ӏамадайта.
17
ЦӀуш ма бе хьайна.
18
Совсазчу баьпкан деза де лара: ворхӀ дийнахь совсаза бепиг даа, Ас хьайна тӀе-ма-диллара. Иза билгалъяьккхинчу хенахь Авив цӀе йолчу баттахь хила дезаш ду, хӀунда аьлча цу баттахь хьо Мисарара араваьлла.
19
Доьзалехь дуьххьара хилла кӀант Сан ву, хьан даьхни юкъара дуьххьара хилла боьрша хьайба — я уьстагӀ, я газа — Сан ду.
20
Хьалха хилла йолу вир, цуьнан метта Ӏахар а белла, паргӀатъяккха. Ткъа айхьа иза паргӀат ца яккхахь, виран ворта кагъе. Хьайн дуьххьара хиллачу кӀентех а мах ло. Цхьа а Суна дуьхьал ма вола, карахь совгӀат а доцуш.
21
Ялх дийнахь болх бе, ворхӀалгӀачу дийнахь садаӀа. Ур-атталла ялта дӀадуьйчу а, чудерзочу а хенахь цу дийнахь садаӀа.
22
Дуьххьарлера ялта схьаэцаран „ШавуӀот“ цӀе йолу деза де а, шо чекхдолуш ялта чудерзоран деза де а лара.
23
Шарахь кхузза берриг а божарий Хьалдолчу Элана, Исраилан халкъан Далла, хьалха хӀитта беза.
24
Ас, хьуна хьалхара халкъаш дӀа а лаьхкина, хьан мехкан дозанаш шордийр ду, цхьа а хьан лаьтта тӀе кхевдар вац, шарахь кхузза хьайн Везачу Далла хьалха хьо вогӀуш волчу хенахь.
25
Дийнатан цӀий Суна сагӀина даьккхича, совсийна бепиг Суна сагӀина ма даккха, ткъа Пасахьан сагӀа Ӏуьйренга ма далийта.
26
Хьайн лаьтто дуьххьара белла стоьмаш хьайн Везачу Делан цӀа чу схьаба. Буьхьиг шен ненан шури чохь ма кхехкае».
27
Везачу Эло Мусага элира: «ДӀаязде Ас хьайга аьлла дешнаш, хӀунда аьлча цаьрца Ас барт бо хьоьца а, Исраилан халкъаца а».
28
Мусас Веза Эла волчохь шовзткъа де а, шовзткъа буьйса а яьккхира. Цу хенахь цо яа хӀума а ца йиира, хи а ца мелира. ТӀулган экъанаш тӀехь бартбаран дешнаш дӀаяздира цо: Делера болу итт хьехам.
29
Карахь бартбаран ши экъа а йолуш, Синай-лам тӀера чувуссучу хенахь, Мусана ца хаьара шен юьхь серлаяьлла хилар, Дала цуьнца къамел дина дела.
30
Мусан лепаш йолу юьхь а гина, цунна тӀебахка ца хӀуьттура АхӀарон а, исраилхой а.
31
Цо шайга тӀекхайкхича, АхӀарон а, халкъана юкъара тхьамданаш а Мусана тӀебахара. Цаьрца къамел дира цо.
32
Цул тӀаьхьа массо а исраилхой цунна тӀебаьхкира, ткъа Везачу Эло Синай-лам тӀехь шега аьлларг дерриг а цаьрга дийцира Мусас.
33
Нахаца къамел динчул тӀаьхьа, пардо схьа а эцна, шен юьхь къайлаяьккхира цо.
34
Везачу Элана хьалха хӀоьттича, Мусас шен юьхьана дуьхьал йолу хӀума дӀайоккхура, ша араваллалц. Арахь шена ала тӀедиллинарг исраилхошка дуьйцура цо.
35
Нахана гора лепаш йолу Мусан юьхь. Ша Веза Эла волчу чуваххалц, юха а шен юьхь къайлайоккхура цо.
← Chapter 33
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 35 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40