bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 37
Exodus 37
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 36
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 38 →
1
Акацин дечигах тӀорказ дира Бацалиала. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а дара.
2
ТӀорказна чухула а, тӀехула а цӀена деши лецира цо. Ткъа цунна тӀехула, гонах, дашо сара лецира
3
Йиъ дашо чӀуг а йина, уьш тӀорказан беа когахь дӀатесира: шиъ — цхьана агӀор, важа шиъ — вукху агӀор.
4
Акацих хьокхий а дина, царна тӀехула деши лецира цо.
5
Хьокхий тӀорказан агӀонашкахь йолчу чӀагарех чекхдехира цо, цаьрца иза лелорхьама.
6
ТӀорказна тӀедуьллу негӀар дира цӀеначу деших. НегӀар ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а дара.
7
Туьйсинчу деших негӀарна тӀехь шина агӀор каруб-маликаш дира Бацалиала.
8
Цхьа каруб-малик цхьана агӀор, важа вукху агӀор нисдинера, и шиъ, дийнна цхьа хӀума а долуш, негӀарца цхьаьна.
9
Хьалаайинчу тӀемашца негӀар дӀа а хьулдеш, яххьаш дуьхь-дуьхьал а йолуш, негӀарна тӀедирзина дара и каруб-маликаш.
10
Акацих стол йира Бацалиала ши дол еха а, цхьа дол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а.
11
ТӀехула деши а лаьцна, цунна гонах а дашо сара лецира цо.
12
Юха цу стоьлана гонах кераюкъан шораллехь гур а бина, цунна тӀе а дашо сара лецира цо.
13
Йиъ дашо чӀуг а йина, стоьлан когаш болчохь, беа сонехь дӀачӀагӀйира цо.
14
Стол дӀасалело хьокхий чекхдоху чӀагарш стоьлан гурана уллохь йинера.
15
Стол дӀасалело хьокхий акацих дина дара, тӀехула деши а лоцуш.
16
Цул тӀаьхьа стоьла тӀе хӀитто пхьегӀаш цӀеначу деших йира: бошхепаш а, еш а, кедаш а, боганаш а, царна чу чагӀаран сагӀанаш доттархьама.
17
ЦӀеначу деших стогар бира. Цуьнан бух а, гӀад а туьйсинчу деших динера, ткъа цу тӀехь хуьлу зезагаш (зуьгалгашца а, зазанашца а) цуьнца цхьана декъах динера.
18
Ялх га дара цунна тӀехь: кхо га цхьана агӀор, кхо га вукху агӀор.
19
Миндалан зезаган суьртехь цхьана гаьнна тӀехь зуьгалгашца а, зазанашца а долу кхо зезаг дара, цу кеппара кхо зезаг вукху гаьнна тӀехь а дара. Стогарна тӀехь долчу ялхе а гаьнна тӀехь иштта дара уьш.
20
Стогаран гӀода тӀехь а миндалан зезаган суьртехь зуьгалгашца а, зазанашца а долу диъ зезаг дара.
21
Стогаран гӀодах схьадолучу ялхе а гаьннах шинна кӀелахь цхьа зуьгалг яра, вукху шина гаьнна кӀелахь а цхьа зуьгалг яра, кхозлагӀчу шина гаьнна кӀелахь а цхьа зуьгалг яра.
22
Стогарх схьайовлу зуьгалгаш а, гаьннаш а стогарца цхьана дакъа долчу туьйсинчу цӀеначу деших йина яра.
23
ЦӀеначу деших стогарна ворхӀ къуьда а, цунна лерина тукарш а, нойш а йира Бацалиала.
24
Стогар а, цуьнан гӀирсаш а беш дӀадаьлларг ши пунт цӀена деши дара.
25
Акацин дечигах хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерч бира. Иза беакӀов а болуш, йохалла а, шоралла а цхьа дол, локхалла ши дол бара. Цуьнан еа маьӀӀехь маӀаш яра, кхерчаца цхьаьна декъах а йолуш.
26
Массо а агӀор а, тӀехула а, маӀашна тӀехь а цӀена деши а лаьцна, гонах дашо сара а лецира цунна.
27
Серана кӀелахь шина а агӀор деших ши чӀуг йира, шайна чухула хьокхий а даьхна, кхерч дӀабахьа.
28
Хьокхий акацих дира, тӀехула деши а лоцуш.
29
Къобалваран деза даьтта а, хаза хьожа йогӀу цӀена хӀума а кечйира, духӀиш кечдаран пхьеро эдинарг санна.
← Chapter 36
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 38 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40