bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 22
Exodus 22
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 21
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 23 →
1
«Нагахь цхьаммо сту я уьстагӀ, лачкъа а бина, бехь я бохкахь, цо старана дуьхьал пхи сту а, уьстагӀна дуьхьал биъ уьстагӀ а бала беза.
2
ХӀума лачкъо чуваьлла къу цхьаммо вийнехь, къуьнан цӀий вийначунна тӀехь хир дац,
3
амма дийнахь иза делахь, къу вийначунна тӀехь цӀий ду. ХӀума лачкъийначо ша дина зе дӀатакха деза, амма цуьнан дӀадала хӀума дацахь, цо дина зе меттахӀоттош, иза вохка веза.
4
Нагахь къуьнехь цо лачкъийна хӀума — сту белахь, я вир елахь, я уьстагӀ белахь а — дийна караяхь, цуьнгара ши мах баккха беза.
5
Нагахь цхьаммо шен арахь я кемсийн бешахь дажош долу даьхни дӀа а хецна, нехан дӀайийна аре талхаяхь, шен арахь я кемсийн бешахь кхиъна тоьлла долу сурсаташ дӀадала деза цо.
6
Нагахь цхьаммо цӀе латаяхь, ткъа цу цӀеро, коканашкахула яржа а яьржина, лулахочун цӀевнаш я арахь долу ялта, я ерриг а ялтин аре дӀакхаллахь, цӀе латийначо цу цӀеро дина зе меттахӀотто деза.
7
Нагахь цхьаммо шен лулахочуьнга Ӏалашдан дато ахча я хӀуманаш лахь, амма цуьнан цӀа чуьра уьш лачкъаяхь, къу схьакарийча, цуьнга шалха мах охьабиллийта беза.
8
Нагахь къу кара ца вахь, лулахочо, Далла хьалха а веана, шега еллачу хӀуманашна ша тӀе ца кхевдина аьлла, чӀагӀо ян еза.
9
Шина стагана юкъахь муьлхха а хӀуманах лаьцна — я старах, я вирах, я уьстагӀах, я бедарх, я яйначу хӀуманах — къовсам белахь, и гӀуллакх Далла хьалха дахьа деза. Дала бехке винчо шен довхочунна шалха мах бала беза.
10
Нагахь цхьаммо шен уллорачуьнга Ӏалашъян я вир, я сту, я уьстагӀ, я кхин долу даьхни лахь, амма и даьхни делча, я лазийча, я цхьанна а ца гуш, лачкъийча,
11
Везачу Элана хьалха даьхни схьаэцначо чӀагӀо ян еза, шега деллачу даьхнина ша тӀе ца кхевдина аьлла. Даьхнин дас иза тӀеэца деза, вукхо мах бала а ца беза.
12
Нагахь даьхни схьаэцначух цхьаммо и даьхни лачкъийнехь, цунах богӀу мах даьхнин дена дӀабала беза и даьхни тӀелаьцначо.
13
Нагахь даьхни экхано цистинехь, бухайисина чарх дӀагайта еза, тӀаккха хӀусамдена даьхних мах бала безар бац.
14
Нагахь цхьаммо шен уллорачуьнгара лело даьхни а далийна, и даьхни, цуьнан да уллохь а воцуш, лазадахь я лахь, цунах мах бала беза.
15
Ткъа нагахь даьхнин да уллохь хиллехь, мах бала ца беза. Даьхни лелориг мах белла хиллехь, иза цунах богӀу мах хир бу».
16
«Нагахь маре яхаза йоӀстаг Ӏеха а йина, цуьнца цхьаъ дӀавижахь, йоӀах богӀу мах дӀа а белла, иза яло еза цу стага.
17
Ткъа нагахь йоӀан да цуьнга иза яхийта реза ца хилахь, йоӀах томана богӀу мах дӀабала беза.
18
Жинашца тайнарг дийна ма йита.
19
Бежанца дӀавижнарг ве.
20
Веза Эла воцучу, кхечу деланашна сагӀа доккхург хӀаллакве.
21
ТӀевеана стаг ваца а ма ве, цунна ницкъ а ма бе, хӀунда аьлча шу а дара Мисар-махкахь тӀедаьхкина Ӏаш.
22
Йисина Ӏачу зудчунна а, байшна а зе ма де.
23
Нагахь ахь царна зе дахь, Соьга уьш кхайкхича, церан мохь Суна хезар ма бу.
24
ОьгӀазваханчу Аса туьраца дойур ду шу, тӀаккха шун зударий бисина Ӏаш хир бу, шун бераш а байлахь дуьсур ду.
25
Нагахь Сан халкъана юкъара къечу стаге духалург айхьа ахча деллехь, духалург ахча луш болу вуьш санна ма хила цуьнца — ял а ма яккха цуьнгара ахчанна тӀе.
26
Нагахь закъалтана уллорачуьнгара айхьа бедар эцнехь, малх дӀабузале юхало иза цунна,
27
хӀунда аьлча и бедар йоцург кхин духар дац цуьнан, дегӀ дохдеш долу. ДӀа муха вуьжур ву иза, тӀетесна хӀума а йоцуш? Цо Сайга кхайкхича, Суна хезар ду, хӀунда аьлча Со къинхетаме ву.
28
Далла а ма ле, халкъана тӀехь хӀиттийначу хьаькамашна неӀалт а ма кхайкхаде.
29
Хьалха чудерзийна ялта а, кемсийн мутта а, зайтдаьтта а Суна шен хенахь схьало. Дуьххьара шайн хилла кӀант а схьало Суна.
30
Иштта шайн дуьххьара хилла сту а, ка а Суна схьало. ВорхӀ дийнахь шайн наношца а дитий, борхӀалгӀачу дийнахь схьало уьш.
31
Шу Сан долахь долу халкъ ду, цундела акхароша цистинчу даьхнин жижиг ма даа, дӀало иза жӀаьлешна».
← Chapter 21
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 23 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40