bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 7
Exodus 7
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 8 →
1
Амма Везачу Эло Мусага элира: «Ас хьо пирӀунна тӀехь Дела хӀоттийна, ткъа хьан ваша АхӀарон хьан туркх хир ву.
2
Ас хьайна тӀедиллинарг дерриг а дӀаэр ду ахь. Ткъа хьан вашас АхӀарона пирӀуне эр ду, цуьнга исраилхой шен махкара дӀахеца аьлла.
3
Амма пирӀунан дог а чӀагӀдина, Мисар-махкахь дуккха а Сайн билгалонаш а, тамашийна хӀуманаш а гойтур ду Ас.
4
Ткъа пирӀуно шуьга ладугӀур дац, тӀаккха луьра таӀзарш а деш, Сайн куьйга охьатаӀор ю Ас Мисар. Сайн бӀо, Сайн халкъ, Исраилан кӀентий, Мисар-махкара арабохур бу Ас.
5
ТӀаккха хуур ду мисархошна Со Веза Эла вуйла. Сайн ницкъ Мисарна тӀе а берзийна, мисархошна юкъара Исраилан кӀентий арабохур бу Ас».
6
Везачу Эло шайна тӀе-ма-диллара, гӀуллакх кхочушдира Мусас а, АхӀарона а.
7
Мусан дезткъа шо дара, ткъа АхӀаронан дезткъе кхоъ шо дара цу хенахь.
8
Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:
9
«Нагахь пирӀуно тамашийна хӀума гайта алахь, ахь АхӀароне ала: „Хьайн Ӏаса схьа а эций, пирӀунна хьалха охьакхосса“. Ӏасанах лаьхьа хир бу».
10
ПирӀун волчу а веана, Везачу Эло ма-бохху дира Мусас а, АхӀарона а. АхӀарона шен Ӏаса пирӀунна а, цуьнан уллорачарна а хьалха охьакхоьссира — Ӏасанах лаьхьа хилира.
11
ТӀаккха пирӀуно шен хьекъал долу нах а, бозбунчаш а схьакхайкхира. Цара, жиналла а лелийна, АхӀарона диннарг дира.
12
Царах хӀорамма а шен Ӏаса охьакхоьссича, царах лаьхьарчий хилира. Амма АхӀаронан Ӏасано дӀакхаьллира церан Ӏасанаш.
13
ПирӀунан дог чӀагӀделира. Везачу Эло ма-аллара, цо ла ца дуьйгӀира Мусага а, АхӀароне а.
14
ТӀаккха Везачу Эло Мусага элира: «ПирӀун ша бохучунна тӀехь лаьтташ ву, ца лаьа цунна халкъ дӀахеца.
15
Кхана пирӀун волчу гӀо. Иза Нил-хин берда йисте веача, цунна дуьхьал дӀахӀотта, шех лаьхьа хилла Ӏаса хьайн буйна а лаций.
16
Ахь цуьнга ала: „Везачу Эло, Ӏебархойн Дала, ваийтина со хьоьга дӀаала: ‘ДӀахеца Сан халкъ яьссачу арахь Суна Ӏибадат дайта. ХӀинццалц ахь ла ца доьгӀна Цуьнга.
17
Везачу Эло боху, хӀинца хуур ду хьуна Ша Веза Эла вуйла. Ас сайн карара хӀара Ӏаса Нил-хи тӀе тухур ю, цу хих тӀаккха цӀий хир ду.
18
Хи чуьра чӀара а лийр бу, хих боьха хьожа а йогӀур ю. Мисархошна дегаза хетар ду и хи мала’“».
19
Везачу Эло Мусага элира: «ДӀаала АхӀароне, шен Ӏаса карахь йолу куьг дерриг а хиш тӀехула а, Ӏаьмнашна а, шена чохь хи долчу меттигашна а тӀехула лаца алий. Хих цӀий хир ду. Берриг а Мисар-махкахь ур-атталла дечиган а, тӀулган а пхьегӀаш чохь хина метта цӀий хир ду».
20
Везачу Эло тӀе-ма-диллара, гӀуллакх кхочушдира Мусас а, АхӀарона а. Шен Ӏаса хьала а айина, пирӀунан а, цуьнан уллорачеран а бӀаьргашна хьалха Нил-хи тӀе туьйхира АхӀарона. Дерриг а хих цӀий хилира.
21
Хи чуьра чӀерий а делира, хи а телхира. Мисархошка иза мала ца лора. Берриг а Мисар-махкахь хинан метта цӀий дара.
22
Мисарара бозбунчаша, шайн жиналла а лелийна, кху шиммо диннарг дира. ТӀаккха пирӀунан дог чӀагӀделира, Везачу Эло ма-аллара, Мусага а, АхӀароне а ла ца дуьйгӀира цо.
23
Шена гиначух шек а ца велира пирӀун. Юха а вирзина, шен цӀа вахара иза.
24
Шайна мала хи даккха Нил-хина юххехь гӀунаш яха хӀиттира мисархой, хӀунда аьлча важа хи малалуш дацара.
25
ВорхӀ де дӀаделира Везачу Эло Нил-хина таӀзар диначул тӀаьхьа.
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 8 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40