bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 28
Exodus 28
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 27
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 29 →
1
«Хьайн ваша АхӀарон а, цуьнан кӀентий а исраилхошна юкъара схьа а къастабай, царах Суна гӀуллакх деш болу динан дай бе. Уьш АхӀарон а, цуьнан кӀентий: Надаб а, АбихӀу а, ЭлиӀазар а, Итамар а хила беза.
2
Хьайн вешина АхӀаронна деза духарш де, цуьнан сий а, ларам а айархьама.
3
Цу балхана Ас похӀма деллачу говзачу нахе дӀаала, Суна гӀуллакх деш динан да хила иза къобалван, АхӀаронна духарш кечде алий.
4
Цара кечдан деза духарш хӀорш ду: некха тӀе уллу беза тӀоьрмаг а, ийпад а, тӀехула юху оба а, дуткъачу дуьйцинчу кӀадих коч а, чалба а, доьхка а. И деза духарш АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дайта, Суна гӀуллакх деш динан дай уьш хилийта.
5
Пхьерашка деши а, сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эханг а, дуткъа кӀади а схьаэцийта.
6
Деших а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а ийпад цӀе йолу тӀехула юху бедар говзаллица кечъяйта цаьрга.
7
Белшашкахь ийпад дӀайоьхкуш ши гур хила беза, цаьрца ийпадан ши агӀо цхьаьнатесна хилийта.
8
Ийпадна тӀехула доьхкуш, иза ша санна дина долу доьхка хила деза. Деших а, сийначу а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эхангах а, дуткъачу кӀадих а дина хила деза иза.
9
Оникс цӀе йолу ши беза тӀулг схьа а эций, царна тӀехь Исраилан кӀентийн цӀераш язъе:
10
ялх цӀе цхьана безачу тӀулга тӀехь, важа ялх вукху безачу тӀулга тӀехь, вокх-воккхачу кӀентан цӀе хьалха а язъеш.
11
МухӀар дечу пхьере шина тӀулга тӀехь Исраилан кӀентийн цӀераш а язъяйтина, дашо беттанаш чу хӀиттадайта и тӀулгаш.
12
Ийпадан гураш тӀехь чӀагӀъяйта и ши ботт. Цара Везачу Элана исраилхой дагахь латтор бу. Цунна хьалха АхӀарона шен белшаш тӀехь лелор ю и цӀераш, уьш дагахь латтийта.
13
Деших беттанаш е.
14
ЦӀеначу деших юьйцина ши зӀе а яй, уьш беттанаш тӀе дӀатийса».
15
«Говзачу балхаца некха тӀе уллу беза тӀоьрмаг а бе. Ийпад санна, деших а, сийначу а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эхангах а, дуткъачу кӀадих а йина хила еза иза а.
16
ЕакӀов а, шалха а хила еза иза, йохалла а, шоралла а цхьа ше а йолуш.
17
Дашо беттанаш чохь деза тӀулгаш дахка безачу тӀоьрмагна тӀе беа могӀарехь. Цхьана могӀарехь рубин а, топаз а, изумруд а хилийта.
18
ШолгӀачу могӀарехь карбункул а, саппир а, алмаз а хилийта.
19
КхозлагӀчу могӀарехь яхонт а, агат а, аметист а хилийта.
20
БоьалгӀачу могӀарехь хризолит а, оникс а, яспис а хилийта. Дашо беттанаш чу хӀиттийна хила деза уьш.
21
ТӀулгаш шийтта хила беза Исраилан шийтта кӀентан цӀарах. ХӀора тӀулга тӀехь, мухӀарна тӀехь санна, Исраилан тайпанийн цхьацца цӀе язйина хила еза.
22
ЦӀеначу деших юьйцина зӀенаш е безачу тӀоьрмага тӀе таса.
23
Дашо ши чӀуг а яй, безачу тӀоьрмаган шина маьӀӀе дӀатаса уьш.
24
Юьйцина ши зӀе оцу шина чӀагарх дӀатаса.
25
Шина зӀенан важа ши юьхьиг хьалхарчу агӀор долчу ийпадан гурашна тӀехь йолчу шина баттах дӀатаса.
26
Дашо ши чӀуг а яй, безачу тӀоьрмаган чухуларчу, ийпадна уллохь йолчу шина маьӀӀе дӀатаса уьш. Ши дашо чӀуг а яй, безачу тӀоьрмагна чухула ийпад йолчу агӀор дӀатаса уьш.
27
Кхин а ши дашо чӀуг а яй, ийпадан гурана лахахьа, хьалха агӀор, доьхкарна тӀехула дӀатаса уьш.
28
Беза тӀоьрмаг шен чӀагаршца сийначу эханган тӀергаца ийпадан чӀагарех дӀабехка, ийпадан доьхкарна тӀехула а болуьйтуш, ийпадах дӀа а ца къостуьйтуш.
29
Ша Делан четар чу воьдуш, АхӀарона безачу тӀоьрмага тӀехь шен дагна уллохь Исраилан тайпанийн цӀераш лелор ю, Везачу Элана уьш массо а ханна дагахь латтийта.
30
Безачу тӀоьрмага тӀе дахка Урим а, Тумим а олу деза тӀулгаш. Везачу Элана хьалха АхӀарон хӀуттуш цуьнан дагна уллохь хир ду уьш. Ша Везачу Элана хьалха а волуш, исраилхошна хӀун дан деза билгалдаккхаран хӀуманаш шен дагна уллохь лелор ю АхӀарона».
31
«Ийпадаца юха оба е сийначу басахь.
32
Цунна юккъехь корта чекхбаккха Ӏуьрг хила деза. ЭтӀа ца этӀийта цу Ӏуьрган йистош, кӀади а лоцуш, дӀатега еза.
33
Обанан юьхах сийначу а, можачу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах дина оьргаш охка, царна юккъе гобаьккхина дашо горгалеш а тосуш.
34
Дашо горгали а, уьйраг а уллуш, кечъе обанан юх.
35
Оба АхӀаронна тӀехь хир ю иза волчуьра зов хазийта, Делан четаран езачу чоьнна чохь Везачу Элана хьалха хӀуттуш а, цу чуьра араволуш а иза ца кхалхийта.
36
ЦӀеначу деших экъа е. Цу тӀехь, мухӀар тӀехь санна, язде: „Везачу Элана къобалдинарг“.
37
Чалбанан хьалхарчу агӀор сийначу тӀергаца дӀатаса иза.
38
АхӀарона иза шен коьрта тӀехь лело еза. Нагахь исраилхоша даьхна сагӀанаш кхачам боцуш хилахь, нехан бехк цо шена тӀе лоцур бу. Веза Эла оцу сагӀанашна резахилийта, массо а ханна АхӀарона шен коьрта тӀехь лело еза и экъа.
39
Дуткъачу кӀадих коч йоза, иштта, чалба а, доьхка а де дуткъачу кӀадих. Доьхка тир яьккхина хила деза.
40
АхӀаронан кӀенташна а е кучамаш а, доьхкий а, коьртах йоьхку хӀуманаш а. Цу духарша церан сий а, ларам а хуьлуьйтур бу.
41
Хьайн вешина АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а тӀедуха и духарш. Царна тӀе даьтта а дуттуш, Суна леррина гӀуллакх дан къобалбе уьш, Сан дуьхьа уьш дӀа а къастош, тӀаккха Суна лерина гӀуллакх деш динан дай хир бу царах.
42
Дуткъачу кӀадих, гӀодаюкъара гӀогӀаш тӀе кхаччалц дегӀ хьулдеш, бедар кечъе царна.
43
И бедарш АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а тӀехь хила еза, уьш гуламан четар чу богӀуш а, езачу чоьнна чохь гӀуллакх дан сагӀа доккхучу кхерчана тӀе богӀуш а, царна тӀе бехк а биллина, уьш хӀаллак ца хилийтархьама. АхӀаронна а, цуьнан тӀаьхьенна а гуттаренна а тӀедиллина хӀума ду иза».
← Chapter 27
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 29 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40