bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 2
Exodus 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 3 →
1
Левин тӀаьхьенах волчу цхьана стага шен тайпанах йолу зуда ялийра.
2
Доьзалхочух а хилла, кӀант вира цу зудчо. Бер хаза долу дела, иза, лечкъош, кхаа баттахь лелийра цо.
3
Эххар а, кхидӀа иза лечкъо а ца яьхьна, эрзах тускар а дина, цунах силам а хьаькхна, кӀант чу а виллина, тускар эрзашкахь берда йистехь дитира цо.
4
Ткъа кӀентан йиша геннара хьоьжуш яра цунах хӀун хуьлу.
5
Юха пирӀунан йоӀ еара Нил-хи тӀе лийча. Цуьнан ялхой-зударий берда йистехула лелаш бара. ЙоӀана эрзаш юкъахь тускар гира, цо шен гӀарбаш яхийтира иза схьаэца.
6
Тускар схьадиллича, чохь бер гира цунна. Бер доьлхуш хиларна, цунах къахийтира йоӀана, цо элира: «ХӀара Ӏебархойн бер ду».
7
Цу хенахь тӀееанчу кӀентан йишас элира пирӀунан йоӀе: «Хьуна лаахь, ас, яхана, Ӏебархойн зуда ялор ю кӀант вакхо».
8
ПирӀунан йоӀа элира: «ГӀо, хӀета». Вукхо кӀентан нана схьаялийра.
9
ПирӀунан йоӀа элира зудчуьнга: «ХӀара бер, схьа а эций, кхаба. Ас мах лур бу хьуна кхунах». Зудчо, дӀа а даьхьна, бер кхебира.
10
КӀант воккха хилира. Нанас иза пирӀунан йоӀе дӀавелира. Вукхо иза, шен волуш санна, лелавора. КӀентан цӀе Муса тиллира пирӀунан йоӀа (иза «схьаваьккхинарг» бохург ду), ша иза хи чуьра схьаваьккхина дела.
11
Цул тӀаьхьа дуккха а хан яьлча, Муса воккха а хилла, цкъа шен вежарий-исраилхой болчу вахара. Цунна гора, шен халкъ мисархоша дацор а, цуьнга беза белхаш байтар а. Цу дийнахь цунна гира цхьана мисархочо шен къомах волчу Ӏебархочунна етташ.
12
ДӀа а, схьа а хьаьжна, уллохь цхьа а ца гича, тоьхна, и мисархо вен а вийна, гӀамарла воьллира Мусас.
13
ШолгӀачу дийнахь иза цига веача, дов даьлла воллуш ши Ӏебархо вара. Мусас элира харцлуьйш волчуьнга: «Хьайн вешина хӀунда етта ахь?»
14
«Тхуна тӀехь хьаькам а, кхелахо а хьо хьан хӀоттийна? Айхьа вийна мисархо санна, со вен-м ца гӀерта хьо?» — элира цу стага. ТӀаккха Муса кхеравелира. «ХӀинца ас динарг массарна а хиъна», — аьлла, дагадеара цунна.
15
И гӀуллакх хаа а хиъна, Муса вен гӀерташ пирӀун а вара. Амма пирӀун волчуьра ведда, маданхойн лаьтта тӀе веара Муса. Цу махкахь волчу динан ден ворхӀ йоӀ яра. Муса гӀуна йистехь охьахиина Ӏаш волчу хенахь,
16
тӀе а баьхкина, нойш чу хи доьттира цара шайн ден уьстагӀашна мало.
17
Амма охьабаьхкинчу Ӏуша зудабераш хи тӀера дӀачовхийра. ТӀаккха Мусас, цаьргахьа гӀо а даьккхина, церан уьстагӀашна хи малийра.
18
Шайн да РаӀал волчу бахара йоӀарий. Дас хаьттира: «Тахана ма хьалхе даьхкина шу цӀа?»
19
Цара элира: «Цхьана мисархочо гӀо даьккхира тхоьгахьа. Тхуна хи а эцна, уьстагӀашна хи малийра цо».
20
Дас элира йоӀаршка: «Мичахь ву иза? Цигахь хӀунда витина аша иза? Схьакхайкха цуьнга, вайца хӀума юур ю цо».
21
Цу стеган доьзалехь висира Муса. РаӀала шен йоӀ Ципара яхийтира цуьнга.
22
Шен зудчо кӀант вича, Мусас цуьнан цӀе ГӀиршам тиллира (иза «цигахь волу тӀевеанарг» бохург ду), хӀунда аьлча ша хийрачу махкахь тӀевеана стаг волу дела.
23
Цул тӀаьхьа дуккха а хан елира. Мисар-мехкан пирӀун велира, амма исраилхой, хьалха санна, Ӏазапехь бохкуш бара. Беза болх ла ца луш, узарш дора цара. Цара доккху орца Деле хьалакхечира.
24
Шена исраилхойн узарш хезча, Дала ойла йира Ша ИбрахӀимца а, Исхьакхаца а, Якъубца а барт барх лаьцна.
25
Исраилхошка а хьаьжна, церан Ӏалашо ян лиира Далла.
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40