bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 26
Exodus 26
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 25
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 27 →
1
«Делан цӀа шех дина долу четар дуткъачу кӀадин итт шаршух а, сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эхангах а де. КӀадеш тӀехь говзачу балхаца тӀетегна каруб-маликийн суьрташ хила деза.
2
ХӀора шаршун йохалла ткъе бархӀ дол, шоралла диъ дол хила еза. Шаршуш ерриш а цхьана барамехь хила еза.
3
Пхи шаршу цхьаьна а, важа пхи шаршу цхьаьна а вовшахтесна хила еза.
4
Сийначу кӀадих туьйдаргаш де хьалхарчу пхеаннах йистерачу шаршун цхьана агӀор, иштта де вукху пхеаннах йолчу йистерачунна а.
5
Хьалхарчу пхеаннах йолчу йистерачу шаршуна тӀехь шовзткъе итт туьйдарг хила деза, шолгӀачу пхеаннах йолчу йистерачунна тӀехь а оццул хила деза. Церан туьйдаргаш дуьхь-дуьхьал хила деза.
6
Шовзткъе итт дашо мӀара а яй, шаршуш цаьрца вовшахтаса, тӀаккха цхьа четар хир ду цунах.
7
Газанан тӀергӀах шаршуш е четарна тӀехула лаца. Уьш цхьайтта хила еза.
8
Цхьа шаршу йохалла ткъе итт дол, шоралла диъ дол хила еза. Ерриш а цхьана барамехь хила еза уьш.
9
Царах пхи шаршу къастийна вовшахтаса, важа ялх а къастийна вовшахтаса. ЙолхалгӀа шаршу, шалха а йиллий, четарна хьалха нисъе.
10
Пхеаннах йолчу йистерачу шаршун цхьана агӀор шовзткъе итт туьйдарг де, изза де ялханнах йолчу йистерачу шаршуна а.
11
Шовзткъе итт цӀестан мӀара а яй, уьш туьйдаргех дӀатийса, тӀаккха дерригенах а цхьа четар хир ду.
12
Четарна тӀетосучу шаршун совйолуш йолчух ах тӀехьарчу агӀонна чукхозуш йита.
13
Шаршуйн йохаллех совйолуш ерг цхьацца дол четаран шина агӀор кхозуш йита, четар хьулдархьама.
14
Ши кхалор е четарна тӀехула лаца — цхьаъ цӀен басар хьаькхна йолчу уьстагӀийн цӀоканех, важа хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсигах.
15
Акацих ирахӀиттийна гураш кечде четарна.
16
Итт дол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а хила деза уьш.
17
ХӀора гуран ши зӀок хила еза, цхьаъ шолгӀачунна уллохь а йолуш.
18
Четаран къилбехьа йолчу агӀор ткъа гур бе.
19
Ткъа оцу гурашна шовзткъа дато бух бе: шиъ цхьана гурана — цуьнан шина зӀакарна, шиъ вукху гурана — цуьнан шина зӀакарна.
20
Четаран къилбаседехьа йолчу агӀор ткъа гур бе.
21
Царна шовзткъа дато бух бе, ши бух цхьана гурана а беш.
22
Четаран тӀехьарчу, малхбузехьа йолчу агӀор ялх гур кечбе.
23
Ши гур тӀехьарчу агӀор шина сонехь а кечбе.
24
Уьш лахахь вовшахтесна хила деза, ткъа лакхахь цхьана чӀагарх дӀатесна хила а деза. Шина сонехь болу и ши гур иштта бина хила беза.
25
Берриг а бархӀ гур хир бу, уьш тӀехӀитто ялхитта дато бух а болуш — хӀора гурана шишша бух.
26
Акацих хьокхий кечде: пхиъ цхьана агӀор долчу гурашна,
27
пхиъ вукху агӀор долчу гурашна, кхин пхиъ тӀехьарчу, малхбузехьарчу агӀор долчу гурашна.
28
Юккъехь болу хьокха гурашна юккъехула цхьана йистера вукху йисте чекхбала беза.
29
Гурашна тӀехула деши лаца, хьокхий чухӀитто чӀагарш а деших е, хьокхешна тӀехула а деши лаца.
30
Хьайна лам тӀехь гайтинчу кепара четар дӀахӀоттаде.
31
Сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а хьалха уллу кирхьа де. Цу тӀехь говза дина каруб-маликийн суьрташ хила деза.
32
И кирхьа акацих бинчу беа бӀогӀамна тӀеолла. И бӀогӀамаш дешица кхелина а, шайна тӀехь дашо зӀакарш йолуш а, детих бинчу баххаш тӀехь лаьтташ а хила деза.
33
Четаран лакхахь уллу мӀерех дӀатаса и кирхьа. Цунна тӀехьа дӀахӀоттаде бартбаран тӀорказ. Цу кирхьано еза чоь уггар езачу чоьнах дӀакъастор ю.
34
Уггар езачу чохь долчу бартбаран тӀорказна тӀе негӀар дилла.
35
Кирхьанна арахьа четаран къилбаседехьа йолчу агӀор стол хӀоттае, цунна дуьхьал четаран къилбехьа йолчу агӀор стогар хӀоттабе.
36
Четарна чуволучу меттехь сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а шаршу кечъе, тӀехь говзачу суьрташца юьйцина йолу.
37
И шаршу дӀаолла акацих пхи бӀогӀам кечбе, уьш дешица кхала. Царна тӀехь дашо мӀерий а де, и бӀогӀамаш тӀехӀитто пхи цӀестан бух а бе».
← Chapter 25
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 27 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40