bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 39
Exodus 39
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 38
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 40 →
1
Сийначу а, таьӀна-цӀечу а, цӀечу а эхангах динан дайшна Делан цӀа чохь гӀуллакх дан духарш кечдира цара, ткъа иштта АхӀаронна а дира деза духарш, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара.
2
Ийпад цӀе йолу тӀеюху хӀума йира цара дешин тех а, сийначу а, таьӀна-цӀечу а, цӀечу а эхангах а, ветанах динчу хьовзийначу тех а.
3
Дуткъадеш нисдинчу дешин экъанех, хеда а деш, дашо теш а даьхна, уьш, хаза дуцуш, сийначу а, таьӀна-цӀечу а, цӀечу а тешна юкъалецира цара.
4
Белшашкахь ийпад дӀайоьхкуш ши гур бира цара, цаьрца ийпадан ши агӀор цхьаьнатесна хилийта.
5
Ийпадна тӀехула доьхкуш дара иза ша санна дина долу доьхка. Деших а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а динера иза, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара
6
Пхьераша, мухӀар тӀе язъеш ма-хиллара, Исраилан кӀентийн цӀераш тӀе а язйина, оникс цӀе йолу деза тӀулгаш хӀиттийра дашо беттанаш чу.
7
Юха и дашо беттанаш ийпадан гураш тӀехь дӀанисдира цара, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара. Цу тӀулгаша Далла исраилхой дагахь латтор бара.
8
Юха, ийпад санна, деших а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а некха тӀе уллу беза тӀоьрмаг бира цара.
9
Иза беакӀов а, шалха а яра, йохалла а, шоралла а барамана цхьа ше а йолуш.
10
Пхьераша беа могӀарехь деза тӀулгаш дехкира цунна тӀе. Хьалхарчу могӀарехь рубин а, топаз а, изумруд а цӀераш йолу тӀулгаш дара.
11
ШолгӀачу могӀарехь карбункул а, саппир а, алмаз а цӀераш йолу тӀулгаш дара.
12
КхоалгӀачу могӀарехь яхонт а, агат а, аметист а дара.
13
БоьалгӀачу могӀарехь хризолит а, оникс а, яспис а дара. Дерриг а тӀулгаш дашо гураш чохь дара.
14
Берриг а цу бедар тӀехь шийтта тӀулг бара, исраилхойн тайпанашка хьаьжжина. ХӀора тӀулга тӀехь, мухӀарна тӀехь санна, дӀаязйина шийтта тайпанан цхьацца цӀе яра.
15
ЦӀеначу деших йина юьйцина ши зӀе яра некха тӀе уллучу бедарна тӀехь.
16
Пхьераша йина дашо ши ботт а, дашо ши чӀуг а яра цу тӀехь. Ши чӀуг некха хьалхарчу безачу тӀоьрмаган шина йисте дӀатесна яра.
17
Юьйцина йолу ши зӀе, чӀагарех чекх а яьхна, некха тӀе уллучу безачу тӀоьрмаган шина йисте дӀатесира пхьераша.
18
Ткъа зӀенийн важа ши чаккхе, шина дашо батта чу а тесна, ийпадан хьалхарчу агӀор гура тӀехь дӀанисйира.
19
Кхин ши дашо чӀуг а йина, некха хьалха уллучу бедаран вукху шина йисте, ийпадехьа йолчу чухула агӀор тийгира пхьераша.
20
Кхин а дашо ши чӀуг а йина, ийпадан белшашкахь болу шина гурана лахо, хьалха агӀор тийгира, и гураш ийпадан доьхкарна тӀехула хотталучохь.
21
Некха хьалха уллучу бедаран чӀагарш ийпадан чӀагарех дӀатесира сийначу тӀергаца. Иза иштта динера, некха хьалха уллург ийпадах къаьстина ца хилийтархьама, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара.
22
Юха ийпадна бухахо сийначу тӀергӀан юьйцинчу кӀадих оба йира цара.
23
Корта чекхбаккха цу обанна юккъехь Ӏуьрг даьккхира, ткъа йистош яста ца ялийта, кӀади а лоцуш, дӀатийгира.
24
Обанан юьхана сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀначу-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а Ӏежан суьртехь дина оьргаш оьхкира.
25
ЦӀеначу деших дина горгалеш оьхкира Ӏежашна юккъе.
26
Ӏаж а, горгали а хийцалуш дара обанан юха тӀехь. И бедар Далла лерина гӀуллакх дечу хенахь динан дас тӀеюха езаш яра, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара.
27
АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дуткъачу дуьйцинчу кӀадих кучамаш тийгира.
28
Чалба а, коьртах йоьхку хӀуманаш а, чухула юху бедарш а йира оцу дуткъачу кӀадих.
29
Юха дуткъачу кӀадих а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эханган, куьцаш а деш, доьхка дира, Везачу Эло Мусага ма-аллара.
30
ЦӀеначу деших йина аса яра дезачу тажана лерина, цу тӀехь, мухӀарна тӀехь санна, яздинера: «Везачу Элана къобалдинарг» аьлла.
31
Куйна тӀехула иза дӀаехка цу тӀе сийначу эхангах йина тӀийраг тесира, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара.
32
Нах гулбеш болчу Делан четарна лерина болу болх чекхбелира. Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, дерриг а кхочушдира исраилхоша.
33
Мусана четар а, цунна богӀу берриг а гӀирс а, чӀагарш а, гураш а, хьокхий а, бӀогӀамаш а, лаха лоцурш а схьаеара.
34
Четарна тӀетуху цӀен басар хьаькхна йолу уьстагӀийн цӀоканех йина кхалор а, тӀаьрсиган кхалор а, дезачу цӀа чу волуш оьллина шаршу а гайтира исраилхоша цунна.
35
Тоьшаллин тӀорказ а, цуьнан хьокхий а, негӀар а гайтира исраилхоша цунна.
36
Шен гӀирсашца а, цу тӀе диллинчу дезачу баьпкаца а йолу стол а гайтира.
37
ЦӀеначу деших йина, шена тӀехь кегийра къуьданаш йолу стогар а, цуьнан гӀирс а, дагош долу даьтта а гайтира.
38
СагӀа доккху дашо кхерч а, нахана а, хӀуманашна а, уьш беза хилар лоруш, тӀехьокху даьтта а, хаза хьожа йогӀу, дагош долу силам а, четар чу волуш дуьхьал уллу шаршу а гайтира.
39
СагӀа доккху цӀестан кхерч а, цуьнца болу цӀестан цаца а, хьокхий а, берриг а цуьнан гӀирс а, юьхь-куьг дуьлу бога а, цуьнан бух а гайтира.
40
УьйтӀе дӀакъовлуш ухку шаршуш а, шайн бӀогӀамашца а, баххашца а, уьйтӀарчу кевнна дуьхьал уллу шаршу а, машшаш а, хьокхий а, нах гулбеш болчу Делан четар чохь Ӏамал дечу хенахь лело гӀирсаш а гайтира.
41
Юха динан дайн духарш (Ӏамал ечу хенахь динан да волчу АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а тӀедуха дезаш долу деза духарш) гайтира.
42
Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, бинера исраилхоша берриг а белхаш.
43
Балхе хьаьжча, Мусана гира иза Везачу Эло тӀе-ма-диллара бина хилар. ТӀаккха Мусас уьш декъалбира.
← Chapter 38
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 40 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40