bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 3
Exodus 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 4 →
1
Шен стунден, маданхойн махкахь динан да волчу Итаран, уьстагӀий дажош вара Муса. Цкъа уьстагӀий дажош, генна яьссачу арахула дӀавахна, Хьариб цӀе йолчу Делан лам тӀе кхечира иза.
2
Везачу Элан Малик дуьхьалхӀоьттира цунна йогучу коканан кулла юккъехь. Коканан куллах цӀе леттера. ЦӀе леттехь а, йогуш яцара и колл.
3
Мусас элира: «ТӀеваха веза со оцу инзаречу хӀумане хьажа. Колл хӀунда ца йогу?»
4
Муса тӀевогӀуш Шена гича, Веза Эла кулла юкъара кхайкхира: «Ва Муса!» «Со кхузахь ву!» — элира Мусас.
5
Дала элира: «ТӀе ма воьллахь кхуза. Хьайн когара мачаш дӀаяха, хьо лаьтта меттиг, Со кхузахь хиларна, деза латта ду.
6
Со хьан ден Дела ву, ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела». Мусас шен юьхь дӀакъевлира, хӀунда аьлча иза кхоьрура Деле хьажа.
7
Везачу Эло элира: «Мисарахь Сайн халкъо хьоьгу бала гина Суна, тӀехӀиттиначара ницкъ барна цуьнан узарш хезна. Суна хаьа Сайн халкъан лазам.
8
ТӀевахана, иза мисархойн Ӏазапах кӀелхьара а даьккхина, цу махкара арадоккхур ду Ас. Дикачу а, боккхачу а, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу, канаӀанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка дӀадуьгур ду Ас Сайн халкъ.
9
Исраилхойн белхарш хезна Суна, мисархоша церан Ӏазапехь бахкор а гина.
10
ХӀинца Ас хьо пирӀунна тӀе вохуьйту. Ваха а гӀой, Мисарара Сан халкъ, Сан халкъ долу исраилхой, Мисарара арабаха».
11
Амма Мусас элира Деле: «Со мила ву, пирӀунна тӀеваха а, Мисарара исраилхой арабаха а?»
12
Дала элира: «Со хьоьца хир ву. Ас хьо вахийтина хиларан хӀара билгало хир ю: Мисарара ахь халкъ арадаьккхича, кху лам тӀехь Суна Ӏамал йийр ю аша, Сан леш а хилла».
13
Юха Мусас элира Деле: «Исраилхошка, тӀе а вахана, ас эр ду: „Шун дайн Дала ваийтина со шуна тӀе“. Цара соьга хоттур ду: „ХӀун ю Цуьнан цӀе?“ ТӀаккха, хӀун ала деза ас цаьрга?»
14
Дала Мусага элира: «Со „Со Верг“ ву. Иштта дӀаала исраилхошка: „Ша Волуш Волчо ваийтина со шуна тӀе“».
15
Кхин а элира Дала Мусага: «Иштта ала исраилхошка: „Везачу Эло, шун дайн Дала, ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дала, ваийтина со шуна тӀе“. Иза ю Сан цӀе абадехь, цу цӀарца хьахор ву Со тӀейогӀучу тӀаьхьенаша.
16
Ваха а гӀой, исраилхойн къаной а гулбай, ала: „Везачу Эло, шун дайн Дала, ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дала, суна Ша гайта а гайтина, элира соьга: ‘Шу долчу веача, Суна гира Мисар-махкахь шуна хуьлуш дерг.
17
Ас чӀагӀо йина, шуна таӀзар дечу Мисарара канаӀанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе, шу дӀадига’“.
18
Исраилхойн къаноша хьоьга ладугӀур ду. Уьш а эций, пирӀунна тӀегӀо. Аша цуьнга ала: „Веза Эла, Ӏебархойн Дела, веана тхо долчу. ДӀахецахьара ахь тхо, кхаа дийнахь яьссачу арахула дӀа а дахана, Везачу Элана, тхайн Далла, сагӀа даккха дезаш ду тхо“.
19
Амма Суна хаьа, пирӀуно шу дӀахоьцур дац, нагахь иза нуьцкъаха цуьнга ца дайтахь.
20
Ас, Мисарна тӀехула Сайн нуьцкъала куьг а лаьцна, инзаре хӀуманаш гойтур ду цу махкахь, тӀаккха цо шу дӀахоьцур ду.
21
Мисархой исраилхошца дика хуьлуьйтур бу Ас, тӀаккха шу цу махкара дӀадоьлхуш даьсса гӀур дац.
22
ХӀора исраилхойн зудчо шен лулахочуьнгара я шен чохь Ӏаш йолчу мисархойн зудчуьнгара дашо а, дато а хӀума а, еза тӀеюху хӀума а еха еза. Цу хӀуманашца шайн бераш кечде. Иштта аша Мисарара хьал дӀахьур ду».
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40