bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 30
Exodus 30
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 29
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 31 →
1
«Акацих хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерч бе.
2
Иза беакӀов хила беза, цхьа дол беха а, цхьа дол шуьйра а, ши дол лекха а болуш. Кхерчан еа маьӀӀехь маӀаш хила еза, кхерчаца цхьаьнахоттаелла а йолуш.
3
ЦӀена деши лаца цунна тӀехула а, гонах а, маӀашна тӀе а. Кхерчана гонах дашо сара лаца.
4
Серана кӀелахь цуьнан шинна а агӀор деших ши чӀуг е, вукху агӀор а е иштта ши чӀуг. Кхерч лело хьокхий чекхдаха деза цу чӀагарех.
5
Хьокхий а акацих де, тӀехула деши а лоцуш.
6
Тоьшаллин тӀорказна хьалха оьллинчу кирхьанна сехьа агӀор хӀоттабе и кхерч. Тоьшаллин тӀорказна тӀехула къинош дӀадахаран негӀарна дуьхьал ду иза, Со хьуна дуьхьал хӀуттучу меттехь.
7
Цу кхерчана тӀехь АхӀарона хаза хьожа йогӀу хӀума ягор ю. ХӀора Ӏуьйранна, къуьданаш цӀандечу хенахь, цу кхерчана тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума яго еза АхӀарона.
8
Сарахь а, ша къуьданаш латош, оцу кхерчана тӀехь яго еза цо хаза хьожа йогӀу хӀума. ТӀейогӀу йолчу хенахь Везачу Элана хьалха аш гуттар а дан дезаш ду иза.
9
Цу кхерча тӀехь кхин йолу хӀума ма ягае, дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанаш ма даха цу тӀехь, иштта, чагӀаран сагӀа ма дитта цу тӀе.
10
Къинна дуьхьал даьккхинчу сагӀин цӀий а эцна, шарахь цкъа АхӀарона оцу кхерчан маӀаш тӀе хьакха деза и цӀий, кхерч цӀанбархьама. Шуна тӀаьхьенна гуттаренна а шарахь цкъа кхерч иштта цӀанбан безаш бу. Везачу Элана хьалха уггар беза кхерч бу иза».
11
Везачу Эло Мусага элира:
12
«Айхьа исраилхой багарбечу хенахь хӀоранга а шен синах Везачу Элана мах балийта, цу хенахь царна юкъахь кхераме хӀумма а ца хилийтархьама.
13
ХӀораммо а, ша вагарвечу хенахь, ахшекхал дала деза, дезачу шекхале хьаьжжина (цхьана дезачу шекхала чу ткъа гер догӀу). И ахшекхал Везачу Элана луш долу сагӀа ду.
14
Ткъа шарал тӀехваьлла волчо хӀораммо а Везачу Элана и сагӀа дала деза ша вагарвечу хенахь.
15
Хьал долчо сов а ца луш, къечо кӀезиг а ца луш, ахшекхал шен сих мах бала беза Везачу Элана хӀораммо а.
16
Исраилхошкара схьаэцна и дети гуламан четаран гӀуллакхна леладе. Везачу Элана хьалха исраилхошна дагахь лаьттар ду иза, шайн синойх белла мах буйла хууш».
17
Везачу Эло Мусага элира:
18
«ЦӀастанан юьхь-куьгдуьлург е цӀано ян, цӀастанах цуьнан бух а бе. Иза гуламан четарна а, сагӀа доккхучу кхерчана а юккъе а хӀоттаяй, цу чу хи дотта.
19
АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а цу чуьра долчу хица шайн куьйгаш а, когаш а дилийта.
20
Шаьш гуламан четар чу боьлхуш, дегӀах хи кхарза деза цара бала ца балархьама. Иштта дан деза шайн гӀуллакх дан сагӀа доккхучу кхерча тӀебоьдучу хенахь а, Везачу Элана цӀера тӀехь сагӀа даккхархьама.
21
Бала ца балархьама шайн куьйгаш а, когаш а хица дила деза цара. Царна а, церан тӀаьхьенашна а гуттаренна а тӀедиллина ду иза».
22
Везачу Эло Мусага элира:
23
«Хаза хьожа йогӀу уггар тоьлла хӀуманаш схьаэца: шийтта герка коча деза даьтта а, цуьнан ахбарам я ялх герка хаза хьожа йолу корица а, ялх герка хаза хьожа йолу эрз а,
24
шийтта герка кассия-диттах даьккхина даьтта а, ялхитта кад зайтдаьтта а.
25
Оцу дерригенах а тӀедуттуш долу а, духӀиш кечдаран пхьеро эдинарг санна долу а деза даьтта кечде. Иза къобалваран деза даьтта хир ду.
26
Гуламан четарна а, тоьшаллин тӀорказна а,
27
стоьлана а, цу тӀехь лаьттачу хӀуманашна а, стогарна а, цуьнан гӀирсана а, хаза хьожа йолу хӀума ягочу кхерчана а,
28
дийнаташ дагоран сагӀа доккхучу кхерчана а, цуьнан гӀирсана а, цӀано ечу юьхь-куьгдуьлургана а, цуьнан бухана а тӀе дотта иза.
29
Иштта язъе и хӀуманаш, тӀаккха уьш чӀогӀа еза хир ю. Дерриг а царах хьакхалуш дерг деза хир ду.
30
АхӀарон а, цуьнан кӀентий а, тӀе даьтта а доттий, базбе, Суна гӀуллакх деш динан дай царах хилийта.
31
Исраилхошка дӀаала: „Шун тӀаьхьенашкахь Суна лерина долу къобалваран деза даьтта хир ду иза.
32
Хийрачу нехан догӀмашна тӀе иза дотта мегаш дац, кхидолчу Ӏалашонашна цуьнан барамех эдина даьтта а дан мегар дац. Иза чӀогӀа деза ду, шуна деза хила а деза иза.
33
Цунах тера даьтта а кечдина, иза хийрачу стагана тӀе дуттург шен халкъана юкъара эккхор ву“».
34
Везачу Эло Мусага элира: «Хаза хьожа йогӀу сегӀазаш схьаэца: стакти а, оних а, халван а, цӀена ливан а цӀе йолу хӀуманаш. Ерриг а цхьана барамехь хила еза.
35
Хаза хьожа йогӀу а, духӀиш кечдаран пхьеро эдинарг санна долу а сегӀаз кечде цу хӀуманех. Цу чу туьха таса, иза цӀена а, деза а хилийтархьама.
36
Цунах цхьа дакъа, кегийра ата а атий, гуламан четар чохь, Со хьайна дуьхьал вогӀун волчохь, тоьшаллин тӀорказна хьалха дилла. Шуна чӀогӀа еза хӀума хир ю иза.
37
И санна хаза хьожа йогӀу сегӀаз шайна ма делаш, Везачу Элана лерина бен хила йиш яц и еза хӀума.
38
Цуьнан хьожа кхетархьама цунах тера сегӀаз кечдинарг шен халкъана юкъара эккхор ву».
← Chapter 29
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 31 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40