bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 24
Exodus 24
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 23
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 25 →
1
Везачу Эло Мусага элира: «Хьо а, АхӀарон а, Надаб а, АбихӀу а, къанойх кхузткъе итт стаг а, Со волчу хьала а довлий, геннара Суна хьалха охьатаӀа.
2
Хьо-хьо Суна улло вола, ткъа вуьш гергахьа ма бахкийта. Халкъ хьайца лам тӀе хьала ма даладе».
3
Халкъана тӀе а веана, Везачу Элан коьрта дешнаш а, Цо тӀедиллинарг а довзийтира Мусас. Массара а, цхьаммо санна, элира: «Везачу Эло аьлларг дерриг а оха кхочушдийр ду».
4
Везачу Эло аьлла дерриге а дешнаш Мусас дӀаяздира. ШолгӀачу Ӏуьйранна, хьалххе хьала а гӀаьттина, лома кӀелахь сагӀа даккха меттиг кечйира цо, исраилхойн шийтта тайпанан цӀарах цхьацца тӀулг а биллира.
5
Юха Мусас исраилхойн кегий нах бахкийтира сагӀа даккха. Цара дийнаташ дагоран сагӀанаш дохура. ТӀаккха, стерчий а дайина, барт баран сагӀанаш а дохура.
6
Мусас дийнатех даьлла ах цӀий кедаш чу доьттира, ткъа вукхуьнца сагӀа даккха меттиг тӀадийра.
7
Шаьш Везачу Элаца бина барт тӀеязбина тептар, схьа а эцна, дийшира Мусас. Наха элира: «Везачу Эло аьлларг дерриг а деш, Цунна муьтӀахь хир ду тхо».
8
Кедаш чуьра цӀий нахана тӀе хьаьрсира Мусас. «ХӀара Везачу Эло шуьца, дерриг а Шен дешнашка хьаьжжина, бинчу бертан цӀий ду», — элира цо.
9
Юха Муса а, АхӀарон а, Надаб а, АбихӀу а, исраилхойх кхузткъе итт къано а лам тӀе велира.
10
Царна исраилхойн Дела гира. Цуьнан когаш кӀелахь дезачу тӀулгийн экъа яра, стигал санна, цӀена а йолуш.
11
Цо исраилхошна юкъара хаьржинчу нахана зен ца дира. Нахана Дела а гира, цара хӀума а йиира, мала а мелира цигахь.
12
Юха Везачу Эло Мусага элира: «Со волчу лам тӀе хьала а валий, кхузахь саца. Айса нахана хьеха кечдина парзаш тӀехь долу тӀулган экъанаш лур ю Ас хьоьга».
13
Шен гӀоьнча ЮшаӀ а эцна, Делан лам тӀе хьалаволавелира Муса.
14
Къаношка цо элира: «Тхойша вухаваллалц кхузахь Ӏе. АхӀарон а, Хьор а шуьца хир ву, шен къасто дезаш гӀуллакх дерг царна тӀе гӀо».
15
Муса хьалаваьлча, лам мархо дӀахьулбира.
16
Везачу Элан олаллин нур Синай-лам тӀе охьадоьссира. Ялх дийнахь лам тӀехь марха лаьттира, ворхӀалгӀачу дийнахь Веза Эла Мусага кхайкхира мархи юкъара.
17
Исраилхошна гуш дара ламанан боххьехь, цӀе санна, догу Везачу Элан олаллин нур.
18
Муса, мархи юккъе а ваьлла, кхин а лакха хьалавелира лам тӀехула. Шовзткъа дийнахь а, буса а Ӏийра иза лам тӀехь.
← Chapter 23
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 25 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40