bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 33
Exodus 33
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 32
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 34 →
1
Везачу Эло Мусага элира: «Хьо а, ахьа Мисарара арадаьккхина халкъ а кхузара дӀагӀо. „Хьан тӀаьхьенашна лур ду Ас иза“, — бохуш, ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а чӀагӀо йинчу лаьтта тӀе гӀо хӀинца.
2
Ас хьуна хьалхадаьккхина Малик а дохуьйтур ду, канаӀанхой а, эмархой а, хьетахой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а лохкур а бу.
3
Шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе кхочур ду шу. Со шуьца вогӀур вац, новкъахь шу хӀаллак ца дархьама, хӀунда аьлча шун халкъ чӀогӀа аьрха ду».
4
И гӀайгӀане дешнаш а хезна, нах тийжа хӀиттира, цхьаммо а шен дашо хӀуманаш дегӀа тӀе ца оьхкира.
5
ХӀунда аьлча Везачу Эло Мусага аьллера: «ДӀаала исраилхошка: „Шу аьрха халкъ ду. Цхьана муьрана Со шуьца дӀавеача а, Ас атта хӀаллакдийр дара шу. Шайна тӀера дашо хӀуманаш схьаяха. Со хьожур ву шуна хӀун дан деза“».
6
Иштта Хьариб-ломана уллохь исраилхоша шайна тӀера дашо хӀуманаш схьаехира.
7
Шайн меттаматтана юьстахо четар хӀоттийра Мусас. Цунах цо гуламан четар элира. Везачу Элах хӀора дагавала лууш верг шайн меттаматтана арахьа долчу цу четарна чу воьдура.
8
Муса гуламан четарна тӀеволавелча, дерриг а халкъ хьалагӀоттура. ХӀора а, шен четарна хьалха а хӀуттий, Мусана тӀаьхьа хьоьжуш Ӏара, иза четарна чу ваххалц.
9
Муса четарна чу вахча, мархин бӀогӀам, охьа а богӀий, четарна чу воьдучохь соцура, тӀаккха Везачу Эло Мусаца къамел дора.
10
ХӀоразза а гуламан четарна хьалха лаьтта мархин бӀогӀам халкъана гича, хӀора а лохха охьатаьӀара шен четарна хьалха лаьттачохь.
11
Везачу Эло Мусаца юьхь-дуьхьал къамел дора, цхьаммо шен доттагӀчуьнца деш санна. Юха Муса шайн меттамотт болчу схьавогӀура, ткъа цуьнан гӀоьнча, Нунин кӀант ЮшаӀ, гуламан четарна уллора цкъа а дӀа ца волура.
12
Мусас элира Везачу Эле: «Ахь боху соьга, хӀара халкъ дӀадига, амма соьца мила вохуьйтур ву ца аьлла Ахь, „Суна цӀарца хьо вевзаш ву, Со хьуна реза ву“, — Айхьа аьллашехь.
13
Ткъа нагахь Хьо суна резавелахь, Хьайн ойланаш хаийтахьа суна, Хьо суна вовзархьама а, Хьо суна кхидӀа резахилийтархьама а. Дагадаийтахьа хӀара къам Хьайн долахь долу халкъ хилар».
14
Везачу Эло элира цуьнга: «Со-со вогӀур ву хьоьца, Ас хьуна синтем лур бу».
15
Мусас Цуьнга элира: «Нагахь Хьо-Хьо тхоьца вогӀур вацахь, тхо кхузара ара а ма дахахьа.
16
Хьо тхоьца веача бен, тхуна муха хуур ду, суна а, Хьайн халкъана а Хьо реза вуйла? Кхин муьлхачу тайпана дуьнен чохь мел долчу халкъах къастало со а, Хьан халкъ а?»
17
Юха Везачу Эло элира: «Ахь аьлларг Ас кхочушдийр ду, хӀунда аьлча Со реза ву хьуна, цӀарца хьо вовза а вевза Суна».
18
ТӀаккха Мусас дехар дира: «Хьайн сийлаллин нур гайтахьа суна».
19
Везачу Эло жоп делира: «Хьуна хьалхахула Сайн сийлаллин нур чекхдоккхур ду Ас, хьуна хьалха ЯхӀува боху Сайн цӀе а кхайкхор ю, къинхетам бан луучух къинхетам а бийр бу, къахета луучух къа а хетар ду».
20
Юха элира Цо: «Сан юьхь хьуна ган мегар дац, иза гина стаг дийна вуьсур вац».
21
Кхин а Везачу Эло элира: «Суна уллохь цхьа меттиг ю хьуна, кху тарха тӀе дӀахӀотта.
22
Сан сийлаллин нур чекхдолучу хенахь Ас, тархан иккхинчу юккъе а хӀоттийна, Сайн куьйгаца къайлавоккхур ву хьо, Со тӀехваллалц.
23
Ас куьг хьалаайича, хьуна Со тӀехьара гур ву, амма хьуна Сан юьхь гур яц».
← Chapter 32
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 34 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40